ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ДогӀушдоцург" ду, аьлла Кадыровс Путинан метта хинверг лехар


Путин Владимир а (аьрру агIор), Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а (аьрру агIор), Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина Оьрсийчоьнан Конституцина тIехь хийцамаш барна ша гIортор еш хиларх лаьцна. Цунах лаьцна цо яздина шен телеграм-каналехь.

"Со тешна ву мехкан суверинитет Iалашъян Путин Владимира юха а дакъалаца дезаш хиларх рогIерчу президентан харжамашкахь. Таханлерчу денна суна цхьа а стаг ца го, хIара ву цуьнан метта хинверг ала. Цуьнан санна хиндерг гар а, хьекъале политикан сацамаш бар а долуш, даггах, кIорга Даймахке, махкарчу халкъашка безам хилар ца гина суна цхьана а политикехь. Ткъа вайн президентан метта хинволчух лаьцна къамелаш дар догӀушдоцуш хета суна", - яздина Кадыровс.

  • Дагадоьуьйта, Дечкен-баттахь Путина Пачхьалкхан Думе кховдийначу Конституцина тIехь хийцамаш баран хьалхарчу вариантехь цуьнан хан юхайолорах лаьцна хIумма а дацара.
  • Иза гучуделира Зазадоккху-беттан 10-хь низаман проект тIеоьцучу дийнахь – хьалхататтар дира депутато Терешкова Валентинас.
  • Цул тIаьхьа Путина къамел дира Думехь, ша дуьхьал вац цу тайпа хийцам барна аьлла.
  • Оьрсийчоьнан президентан критикаша дIахьедарш до, цу хийцамо аьтто бо цуьнан теорин кепехь 2036-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнна урхалла дан бохуш.
  • Путинан 2036-чу шарахь хир ду 84 шо, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.
  • Конституцина тIехь хийцамаш бар хьокъехь кхаж тосур бу кху беттан 25-хь дуьйна Товбеца беттан 1-чу дийне кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG