ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров ваьхна Москвахь Бараев Мосарна а, Немцов вийначарна а гергахь


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан а, цуьнан доьзалан а 2002-чу шарахь дуьйна долахь ю Москвахь эцна петар, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Талламхоша дийцарехь, иза ю "Норд-Ост" дIалаьцна нах, ша аьлча Нохчийчийчуьра вахархо Бараев Мовсар, теракт кечйеш чохь Iийначу цIийнехь.

Цул сов, цунна дуьхьал долчу цIа чохь Немцов Борис веле хьалха, бехктакхаман гIуллакхан материалашца а догIуш, баха хевшина хилла тIаьхьо и зулам дарна бехке бина Нохчийчуьра бахархой. Талламхоша дийцарехь, политик вер цу чохь кечдина цара, цига схьа а баьхкина уьш зулам динчул тIаьхьа.

Цунна тIе тидам бахана "Открытые медиа" зорбан хьастан, Росреестран хаамаш толлуш. Билгалдоккхуш ду, талламехь хьехош долу и ши а цIа Оьрсийчоьнан президентан гIуллакхаш лелочу урхаллан долахь хилар.

Москван малхбузехь Веерная урамехь номер 30 йолчу цIийнан шолгIа корпус йина лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхошна 1997-чу шарахь. Кхечарна юкъахь оцу цIийнехь 150 еакъо метр майда йолу петар еллера президента Путин Владимира 2000-чу шарахь Мангал-баттахь Нохчийн республикан администрацин ша куьйгалхо хIоттийначу Кадыров Ахьмадана.

2002-чу шарахь Дечкен-баттахь Кадыров-воккхаха волчо а, цуьнан хIусамнанас Айманис а, йоIарша Заргана а, Зулайс а, ткъа иштта кIанта Рамзана а, цуьнан хIусамнанас Меднис а, цу шиннан йоIарша Iайшата а, Каринас а дола яьккхира и петар.

Билгалдоккхуш ду, 2004-чу шарахь шен да кхелхинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоьттинчу Кадыров Рамзана и петар шен тIедогIучу рицкъах лаьцначу декларацешкахь хьахийна цахилар, амма цунах шен дакъа латтийна цо 2010-чу шаре кхаччалц.

Цул тIаьхьа петар ерриг а долаяьккхира Кадыров Ахматан цIарахчу Фондана куьйгалла дечу Рамзанан ненан Айманин.

Веерная урамера номер 46 йолчу цIен 1-чу корпусехь йолу петар долахь ю Геремеев Артуран. Иза гергара стаг ву "Север" нохчийн батальонан хиллачу командиран, Немцов Борис вер вовшахтоьхнарг хиларна бехке веш дуьненаюкъарчу лехаме веллачу Геремеев Русланан.

Немцов верна, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина волу Дадаев Заур нисса дIа цуьнан куьйгакIеллахь лелла стаг ву. Немцовн юххерчу а, гергарчу а наха дуккхазза а дIахьедарш дина Оьрсийчоьнан Iедалш лууш ца хиларх лаьцна Геремеевн хьокъехь таллам дIабахьа, иза Кадыров Рамзанан юххера стаг хиларна.

Билгалдаккхарехь, Геремеев Артур Веерная урамерчу петаран долахо хIоьттина Немцов веле нисса ши бутт хьалха.

  • Оппозицин лидерех цхьаъ волу Немцов Борис вийра 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-хь Доккха Москварецки тIай тIехь Москох юккъехь. И зулам вовшахтоьхнарш а, дайтинарш а карийна бац. Немцовн гергарчу нахана а, белхан накъосташна а хетарехь, и зулам вовшахтохарна а, бехкениш кIелхьарбахарна а декъа хила мега Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран го.
  • Дубровкера театран центр дIалецира "Норд-Ост" мюзикл дIайоьдуш а йолуш, 2002-чу шарахь ГIадужу-беттан 27-хь.
  • Кхин а кхо де даьлча Iедалша, дийцарш а совцийна, штурм йира оцу гIишлонна. Леррина операци дIахьош, официалан терахьашца, кхелхира 130 стаг, ткъа "Норд-Ост" юкъараллин вовшахтохаралло гулбинчу хаамашца, вийнарг вара 174 стаг, 700 сов эшам хилла вара. Дукхах болу закъалтхой баларан бахьана дара театран гIишлонна чухецна газ. И газ стенах лаьтташ яра бохург къайладаьхьна ду тахана а. Цунах дIовш даьлла нах кIелхьарбаха гIертачу медицинин белхахошкахь дацара цунна дуьхьал лело оьшуш долу молха – антидот.
  • 2011-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело листира цу терактехь эшам хиллачу наха кечбина латкъам. Кхело сацам бира Оьрсийчоьнан Iедалша цу нехан бакъо йохийна аьлла баха а, нийсонца кхел хатта а.
  • Кхело декхарелахь йира Оьрсийчоь беллачийн доьзалшна ахчанан компенсацеш яла а, 130 стаг кхалхар муха нисделла бохург талла а. Амма Оьрсийчоьнан Талламан комитет реза ца хилира бехктакхаман гIуллакх доло штурм еш адамаш дайарна жоьпаллехь болчу нахана дуьхьал.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG