ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан сагатло, сайн боцчу Даймахкана". ТIемаш бахьанехь Нохчийчуьра дIабахначу зударийн истореш


Соьлж-ГIала

Тайп-тайпанчу хаамашца, 150-200 стагах лаьтташ ю нохчийн Европера диаспора. Дуккха а адам араделира республикера Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а ши тIом бахьана долуш. Амма, 20 ша хьалха адамаш шайна тIе еттачу бомбанех а, къеллах а, мацаллах а уьдуш хиллехь, тахана Нохчийчуьра дIаоьхуш бу нах Iедалша шайна луъург лелорна, ницкъаллин структурийн белхахоша Iаткъам барна а, ткъа иштта нийсонан бакъо яйарна а.

Цабевллачу денна шаьш махках бовла дезна хиларх а, муха ду иза дерриг а дIатесна керла дахар доладар а Кавказ.Реалиига дийцира цхьацца хенахь цIерабевллачу Нохчийчуьра зударша.

Элина, Бельги, 35 шо, Антверпен

Нохчийчохь хьалхара тIом баьлча сан 18 шо дара. Яхлучу суьйренашца тоьли чохь хиъна Iаш ас ойланаш йора, хIокху лелхачу йоккхачу тоьпийн хIоьанашна, бомбанаш еттачу кеманашна, со вуно чIогIа кхоьручу тоьли чухула лечу дехкех гена яла мичча яхана а дIагIур яр-кх со, бохуш.

Тхан да дIакхеттера хьаннашкахь болчу тIемалойх, ткъа ах шо даьлча, церан тобанна кIело а йина, иза а, цуьнан накъостий а байира. Доьзалехь тхан 4 бер дара: со а, кхо ваша а. Со яра царах уггар йоккханиг. ТIемаш бар юкъахдаьлча тхуна хезара дуккха а нах махкара кхечу пачхьалкхашка дIаэха буьйлабелла бохуш. ХIора сарахь нана бертаяло гIертара со, петар а йоьхкина дуьне мел ду дIадаха дезара вай, бохуш. Амма тхан нана дуьхьал яра, ткъа ас сайга элира, хIокху Iуьргара аратакхаяла цхьа аьтто бу – Европехь вехачу стаге маре яхар.

ШолгIа тIом дIабирзича эвлара Соьлж-ГIала юхадирзира тхо. Тхан цIа цхьана декъана дохийнера. Коре телат а тоьхна, тхайн дахаран хьелаш дIанисдан дуьйладелира тхо. Декъаза кепекеш оьцуш гIишлош еш балха яхара тхан нана, амма ахча хIетте а тоъане а ца тоара, сих-сиха мацалла хьогуш Iара тхо.

Сан аьтто белира Соьлж-Галарчу университете деша дIатасаяла. ХIора дийнахь доьшучу метте гIаш йоьдура со йохийначу гIишлойн херцаршна юккъехула. Дешар дIадодара телат тоьхна кораш долчу аудиторешкахь. Тхайн нене юх-юха а дехара ас дIадахийта вай, бохуш, керлачу меттехь дика дIанисбеллачу нохчийн доьзалех лаьцна айса дагаяийтина истореш а юьйцуш. Амма эрна дара иза.

Йохийна Соьлж-ГIала
Йохийна Соьлж-ГIала

Оцу юкъана, мигрантийн хьалхарчу тулгIенца Бельге дIаяханчу сан доттагIчо циггахь вехаш волу доьзал кхолла дагахь йоI лоьхуш волу кIант вовзийтира суна телефонехула. Охашимма къамелаш дора вовше, ткъа со кхийтира иза сайн цхьаъ бен йоцу шанс хиларх жоьжагIатера араэккха.

Дукха хан ялале ас хан йиллира цунна, тхоьга баьхкинчу цуьнан гергарчу наха дIайигира со Европе. Цкъа дуьххьара уллохь нана а, мотт а, доттагIий а боцуш йисинчу ас чIогIа сагатдора. Дуккхазза а гIоьрира со цIаерза. Цул тIаьхьа берах хилира со, тIаккха со кхийтира сайна юхаерза некъ боций а, кхин дIа дахар нисдан ас дезаш дуй а. Мотт Iамо йолаелира со, доттагIий а гучубевлира сан. Цул тIаьхьа 3 шо даьлча тхан нана а хиира Бельгехь яха. ХIинца иза луларчу гIалахь ехаш ю.

Сайн хIусамдеца со ехаш ю Белгерчу жимачу эвлахь. Тхан цIа ду беш а, стоьмийн беш а йолуш. Махкалла а делла тхуна Бельгин Iедалша, 4 бер а ду сан. Со тешна ю со цкъа а Даймахка юхайоьрзур цахиларх. Сан и сацам кхин а чIогIа чIагIло хIоразза а Нохчийчуьра вон хаамаш масозза кхочу.

Iайнаъ, 58 шо, Австри, Инсбрук

- Со Нохчийчохь ехаш яра. Эвлахь доккха цIа дара тхан. Сан хIусамда вийра бомабанаш тоьхна, ткъа со йисира ши бер а карахь – кIантца а, йоIаца а. Сан 15 шо долу кIант тIемалойх дIакхийтира. Цо кхачанан сурсаташ кхехьара царна, школера мукъаваьлча царца хан а яккхара цо. Дукха хан ялале Iедалша лецира иза, тIемалошна накъосталла дарна бехке а вина. Кхел ца йира цунна, кхиазхо хиларна.

КIант шайн тидаме ийцира Iедалша, сих-сиха полицин декъе дIавигара иза, кхерамаш тийсара, "хьунхарчу вежаршна" мотт ца беттахь, 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх а кхоьллина набахти чохь къайлаваккхур ву шаьш, бохуш.

Тхуна тIехь террор латтийра кадыровхоша еххачу хенахь. Майрачуьнан доьзалхоша арадехира тхо кертара, бераш вон кхиийна аьлла со бехке а йина. Мехах петар лецира ас Соьлж-ГIалахь, балха яхара со школе, керла дахар доло дагахь. Амма цигахь а тIаьхьара ца бевлира тхуна Iедалхой.

Эххар а суна ахчанца гIо дира беза-бевзачара Европе дIайоьдуш. Дукха ойланаш еш ца Iаш, бераш а эцна, дIаяхара со махкара. Севцира тхо Австрехь. Ах шо даьллачул тIаьхьа мухIажарийн статус а, чохь даха хIусам а елира тхуна. Оьрсийчохь федералан талламехь вара сан кIант. Еххачу хенахь муьлш бу ца хуучу наха телефонаш еттар цуьнга, кхеро гIертара уьш, цIаверза, бохуш, кхерамаш тийсара.

Наггахь сайн кIант бехке во ас, оццул дукха хIума сайн дахарехь сан лан дезарна. Со ца хилла сайн да-нана деллачу тезетехь. Со дIахаьдда ю сайн йижарех, вежарех. Европа сан меттаг яц. Хала ду суна кхузахь яха. Сан сагатло Даймахкана, со йохйина боцчу, сайн йоцчу хIусаманна, Iедалшца проблемаш хилча сайнана букътоьхначу гергарчу нахана. Махкал арахьа вахар цхьаболчарна совгIат ду, ткъа суна иза каторга ю.

Раиса, 52 шо, Франци, Марсель

- Суна чIогIа еза Оьрсийчоь, сайн даймохк, амма со вуно дуьхьал ю цигахь долчу Iедална. Нохчийчохь со низамо ларйеш ца хетара суна. Со марехь яра, майрчунна езара со, амма даима а шеконаш хуьлуш яла а, йола ца йитара со цо. СинӀаткъаме садист вара иза. Доьзалхо вацара тхойшинна. Ялх шарахь лайра ас цу тайпа хьал. Цхьана дийнахь ас сайга элира: тоьар ду! Со йитар дийхира ас майрачуьнга, амма иза дуьхьал вара, иза лууш вацара суна маршо яла.

Амма тхойша дIасакъаьстинчул тIаьхьа шина балхахь болх бан дийзира сан, адамийн санна дахар дIанисдан. Суна къордийнера кризисашкахь яха, Iедалхоша лелориг, цхьанне а оьшуш доцу ламасташ лардан гIерта. Суна ца лаьара, низамаш Iедал карахь долчу нахана бен лелаш доцчу, хIуъа а тосур йолчу, адамах доьналла доцу хIума йочу оцу махкахь яха.

Цхьана хазачу дийнахь со араелира дуьнене бIаьрг тоха, ткъа аьтто белира сан Францерчу Марсель гIалахь йиса. ХIинца со гиначо эр ду со бийца дай боцуш адам ду, "цхьа нохчо а яц" иза аьлла. Амма суна беза сайн Даймохк, делахь а гIоле хета суна иза геннара деш.

Лейлаъ, 56 шо, Норвеги, Берген

- Сан йижарий даима бара вешера Iаткъам ловш. Ткъа тхан нана дIаяьлча, кхин а галделира тхан гIуллакх. Со марехь яра, ши бер а долуш. Дукха хенахь дуьйна дов лелош вара сан ваша сан хIусамдеца. Цо, берех а яьккхина, цIайигира со. Со а сан жимаха йолу ши йиша а тхайн вешина а, цуьнан зудчунна а хьалхала гIуллакхаш деш ехара. Тхо балха а ца дахийтара, цIера ара а ца довлийтара, вуно чIогIа тергонехь латтош дара тхо. Ас сагатдора сайн шина берана. Несехула дехарш дора ас веше, наггахь мукъане а сайн шина кIантаца цхьаьнакхетийтахьара, бохаш. Амма хIоразза а реза ца хилара иза. Тхан ваша ницкъаллин структурашкахь болх беш вара оцу хенахь. Массара а буьрса стаг ларар иза, цундела цIарх санна ларлора уьш цунах.

Кхин дан хIума ца хиларна цIера яда план хIоттийра ас, амма ахча дацара соьгахь. ТIаккха ас дак олучу диттан серех тускарш дуца Iамийра сайна, зезагашца уьш хаздеш. Тускарш дика дохкалора. Цхьана дийнахь дикка шай-кай вовшахкхийтира сан. Сайн деши хIуманаш а йоьхкира ас. Масех денна ваша цIераваьлча Дагестане а яхна, цигара Москва, цул тIаьхьа Польше, эххар Норвеге кхечира со. Кхо шо даьлча когаирхIоьттира со, кехаташ а делира суна, хиллачу хIусамдега бераш схьа а дийхира ас.

ХIинца тхо дехаш ду хазачу Норвегерчу гIалахь Бергенехь. Сан кIентий баккхий хилла, болх беш бу уьш, шайн доьзалш а кхоьллина цара. Сагатлой сан Даймахкана? Адамашна сагатло сан, со дагайогIучу а, езачу а. Ас сагатдо ден а, ненан а кешнашна, соьца дика хиллачу лулахошна. Со яьхначу цIенна са ца гатдо ас, цигахь тIех дукха бохам лайна ас.

Зарема, 50 шо, Германи, Мюнхен

- Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа медицинан училище деша яхара со, маре а яхара. Хена йохалла бIаьрса галдала доаладелира сан. Ас цхьанне а ца хаийтара, сайн бIаьрса довш хилар. Кхерара со. Дарба лехира ас, айса болх бинчу Нохчийчуьрчу поликлиникерчу бIаьргийн лоьрашца дагаюьйлуш. Тайп-тайпана витаминаш мелара ас, цхьацца процедураш а лелайора.

ХIусамдас ца йитина Москва яхара со бIаьргашна таллам байта. Амма толург хиларан шансаш кIезиг яра. Оццу хенахь берах хилира со. Майрачунна иза хиъча, бер дIа а даккхийтина, йитира цо со.

БIаьрса дайна хилар тIеэца вуно хала дара суна. Да-нана реза хилира со дарба лаха Германи яхийта. Маржа-яӀ, цигахь гIо ца дан делира суна лоьрашка. Буьззинчу барамехь бIаьрса дайра сан, вуно кIорга балано таӀийна латтаре а йожош. Хаий шуна, со дахаре юхаерзийнарг мила вара? Иза вара куьйгаш а, когаш а доцуш, амма доккха дог а, нахана дашца гIо дан а хьуьнар долу Австралера вахархо Вуйчич Ник.

Цхьа хан яьлча сох декъашхо хилира Мюнхенерчу бIаьрзен нехан юкъараллин. Дуккха а доттагIий карийра суна, немцон мотт Iамо йолаелира со. Массаж ян Iамош курсашка лийлира со, сайн кабинет схьа а йиллина, нахана дарба лелош ю со.

Со ирсе ю Оьрсийчохь ца ехаш Европехь яха сайн аьтто хиларна. Вайна хаьа вайн махкахь заьIап ваьлла стаг оцу маьIаргонна дахарна юкъарволуш хилар. Хьуна тIе пелг хьежабо, дIабоьрзу хьох, дIакъаставо хьо, ун даьлла волуш санна.

Даймахкахь со новкъахилар а бен кхин хIума хир дацара, ткъа кхузахь со ерриг а бакъонаш йолу буьззинчу барамехь адам ду. Иза баккъалла а мухха а делахь, суна хетарг иштта ду.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG