ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хенаш, искаш, кхерамаш тийсар. ХIун халонаш Iиттало Къилбаседа Кавказерчу журналистех


"Фортанга" оппозицин порталан авторна Майсигов Рашидна набахтехь яккха пхи шо хан ехна прокуратуро. Дагестанерчу журналистана Анохина Светланина юьйр ю аьлла, кхерам тесча реза ца хилла Iедалхой бехктакхаман гIуллакх доло. Къилбаседа ХIирийчуьра меттигерчу газетан коьрта редактор Сагеева Мадина реза ца хилла берта яха, республикан куьйгалхочо Битаров Вячеслава чуеллачу искца. Ткъа хIинца шолгIа иск дуьхьал яьккхина цунна- регионан куьйгалхочун доьзалан доларчу компанино. Хьаьнгара гIо хиларе дог доху журналисташа, бохучунна тIаьхьакхиа гIоьртира Кавказ.Реалии.


Оппозицин "Фортанга" порталан репортёр Майсигов Рашид бехкево наркотикаш латтийна аьлла. ХIинца а листа долонза, сепаратизмех артиклехь бехкзуламан гIуллакх а ду цунна дуьхьал айдина. Жигархочун адвокато Аушев Мохьмада дийцина Кавказ.Реалиина, пхеа шаре гергга хан кхачайо журналистана набахтехь яккха аьлла.

Регионерчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Муцольгов Руслана бахарехь, Майсигов кхеле хIоттор политикан бух болуш ду аьлла хета ГIалгIайчохь. "ГIалгIайн гIуллакхан" цхьайолу чIуг санна тIеоьцу журналистан хьокъехь бина сацам аьлла, тIетоьхна къамел динчо (Нохчийчоьнца дозанаш къасторна дуьхьал митинге бевллачийн бехкзуламан гIуллакх- редакцин билгалдаккхар).

"ЦIахь лаьцна, дIасавалар дихкина латтош ву Майсигов.
Тахана Нальчикерчу СИЗО-хь латтош ткъех сов стаг ву: шайлахь къаной а, жима зуда а йолуш. Царна дохкучу бехкаша эргIадбахийтина махкара бахархой.

Майсигов къона ву, шена тIеэгна дуккха зераш лан там бу цо. Цундела кхечу лецначаьрга ладоьгIча, цунна прокуроро ехначу хенах башха тамаш а ца бира", - боху Муцольговс.

Кху деношкахь ХIинжа-гIаларчу полицино дуьхьало йира, зударийн кхолламех шен агIонашкахь дуьйцучу "Даптар" порталан коьртачу редакторна Анохина Светланина, юьйр ю бохуш, кхерамаш тийсарна бехкзуламан гIуллакх доло. Шен цIе Умаханов Далгат ю аьлла, цуьнца зIене ваьллера Товбеца-беттан 22-чохь вевзаш воцу стаг.

"Массо а феминисташца дерг чекхдаккхар" тIедиллина шена аьллера телефон тоьхначо. Шена дуьхьал вола Анохинас аьлча, ша юьйр ю хьо аьлла, кхерам теснера цо. Умахановца шеца ша зIене яларх а, тийсинчу кхерамашна ша гуьнахь вац цо аларх а лаьцна дийцира Кавказ.Реалиина журналисто.

"Ас прокуратуре дIахаийтина аьлча, юха соьга телефон туьйхира цо. Тхайн хилла къамел ас дIаяздира. Цо боху, ша вацара иза. Телефон тоьхнарг мила ву а ца хаьа шена боху. Москвара ХIинжа-гIала вогIуш вара ша, боху цу хенахь. Шеца доттагI вара цхьаьна, амма я цо а, я ша а телефон тоьхна яц, чIагIонаш йо цо. Бакъду, аз кхин дара. Кхечу телефонехула зIене вала таро луш йолу система суна ца евза", - боху Анохинас.

Цкъачунна хууш дац цунна, мича бахьанашца реза бац гIуллакх доло. Жоп деана дац цуьнга прокуратурера.

"Осетия. Свободный взгляд" цIе йолчу газетан редакторе Сагеева Мадине дов хьедина Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава. Берта ваха гIоьртира иза журналистаца, шен репутаци Iалашъеш. Сагеева реза ца хилла, хIунда аьлча, "дуьхьал таса а ца луш, шега къарло" аларна.

"Ма-дарра аьлча, ас дукха чIогIа ларлуш язйо. Дуккха а шераш ду со журналистикехь болх беш йолу. Керлачу низамашца суо йогIуш хилийтархьама, квалификаци лакхайоккхуш курсаш а яьхна ас. Со филолог ю, лингвистикан эксперт аьлла, специализаци а ю сан. Соьгара жоьпалла доьху массо а экспертиза айса ян йиш ю сан. Бух болуш, ас далийначу тоьшаллаша, ша сийсазво бохуш, кхеле ваьлла Битаров",-дийцира Сагеевас.

Берта яха журналист реза ца хилча, цунна а, цуьнан редакцина а дуьхьал иск яьккхина "Рестораны Баварии" фирмо. Ткъа иза ю, Битаров Вячеславан воккхаха волчу кIанта куьйгалла дечу "Бавария" компанина юкъайогIуш.

"Турс хилла дIахIотта веза редактор"


Журналистан кхерамзалла йоьзна ю, цо болх бечу регионан масштабех а, цо йийцаре ечу теманех а, боху хаамийн гIирсийн бакъонаш Iалашъечу Центран директоро Арапова Галинас.

Кегийчу ярташкара журналисташ мелла а паргIат бу, яккхийчу гIаланашкахь болчул а боху цо. Iедалхойн я полисхойн харцонех язден журналисташ мел а кхерамехь бу, кхинйолу теманаш йийцаре ечу церан коллегел а боху Араповас.

Цунна хетарехь, журналист чолхечу хьолехь нислахь, уггар а хьалха цунна орцах яла еза цуьнан редакци. "Лам хилла, шен журналистана тIехIотта веза редактор. Бакъду, дукха бац орцах бовлун берш".

ХIора шен журналистна гIаролехь вара, масала, 2011-чу шарахь вийна "Черновик" газетан хилла редактор Камалов Хьаьжмурд. Кхечу Оьрсийчоьнан регионашкарчу муьлххачу а коьрта редакторо дийр дацара цу кепарниг. Чолхе ситуаци тIехIоьттича солидаралла гайта еза белхан накъосташа а, профессионалан юкъараллаша а. Иштта, гIо эшахь, само латтон еза журналистийн бакъонаш ларьян йиш йолчу организацеша а", - боху къамел дечо.

"Доза доцу репортёраш" организацино зорбане яьккхинчу "Индекс свободы прессы" рейтингехь карарчу шарахь Оьрсийчоьно 180 меттигах 149-гIа позици дIалоцу.

Рапортан авторша билгалдаккхарехь, интернетехь яржочу информацина тIехь Iуналла латторхьама, тоьлла технологин ресурсаш юкъаялор ю, иштта, социалан машанашкахь луьра дезинформацин кампани а ю дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG