ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хаамашна нуьцкъала Iуналла даран кеп". ХIунда къевлина Нохчийчоьнан дозанаш?


Нохчийчоь, Соьлж-ГIала

Нохчийчоьнан дозанаш къевлина латтош ду. Республикан Iедалхоша коронавирус яьржаш хиларна бахархойн могашалла Iалашъярца иза кхетадахь а, меттигерчу наха а, эксперташ а дуьйцу цуьнан коьрта Iалашо республике бозуш боцу журналисташ а, юкъараллин векалш а ца кхачийтар ю, бохуш. Цу кепара Iедалша шайн имидж ларйон боучух тешна бу цу версин агIончаш.

Кавказ.Реалиино хаьттира эксперташка, хIун чулацам болуш ду, Оьрсийчоьнан федералан дозанаш схьадостуш а долуш, Нохчийчоьнан дозанашкахь чу-ара волуш луьра билламаш латтош хилар.

"Комитет против пыток" вовшахтохараллан юристана Янгулбаев Абубакарна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалла гIерташ ду бакъонашларъярхой республике бахкар сацо.

"Юкъараллин жигархой а, журналисташ а талламаш бан гIерташ бу адамаш лечкъорах а, нах байъарх а, адамийн бакъонаш йохорах лаьцна шайга кхочучу кхиболчу а хаамашна. ХIинца Нохчийчоьнан куьйгаллина аьхна ду пандемина тIехьа дIахьулдала а, информацин сферехь ницкъаш гулбан а. Иза хаамашна нуьцкъала Iуналла латтор ду, дуккха а дехкарш юкъадахарца. Шу дуьхьал хир дац, махкара цхьа регион карантинна дIакъовлаялар тамашийна ду аьлча, ерриг а пачхьалкх дозанаш схьадостуш а йолуш, - билгалдоккху юристо.

Цо дагадоуьйту регионерчу бюджетан сферерчу берриг а белхахошна социалан машанашкахь аккаунташ кхоллар тIедожийна хилар, меттигерчу Iедалехьа йолчу пабликашка дIаязбелла, уьш хестош комментареш язъян.

"Цхьадолу дехкарш диса а мега карантин дIаяьккхинчул тIаьхьа, масала, чекхволуьйту раж, хIинца Къилбаседа-ХIирийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь "Чермен" постехь ма ярра йолу. Дерриг дозуш ду Кадыров Рамзанна дагадогIур долчух", - боху Янгулбаевс.

"Комитет против пыток" юкъараллин куьйгалхочунна Каляпин Игорьна нохчийн доза маца схьадостур ду бохург бахархойн реакцех дозуш хир ду аьлла хета: "Нагахь адамаша кхин дIа а иза лахь, Рамзан Ахматович дика кIант ву, Нохчийчоь коронавирусах а, мостагIийн талламан сервисех а, Каляпинах а, Локшинах а – кхин мила ву цигахь ЦРУ-ра Нохчийчу оьхуш? - бохуш уьш IадIахь, и хьал даиманна а дуьсур ду. Цу хаттарехула шайна хетарг ала аьтто бала беза нохчашна. Дукхахаберш гуш-хезаш хIуьттур бацахь а (шайна хетарг ала), тахана арадовла аьтто а ма боций церан. Дозанна тоьхначу догIано гIо ца до эпидемица къийсам латторна а, адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал лортIе далорна а. Республике баха аьтто хила беза массера а, маьрша Iалашонашца а, герз доцуш а уьш цига боьлхуш белахь".

Нохчийчоь
Нохчийчоь

“Мемориал” бакъонашларъяран центран кхеташонан гIнтдена Орлов Олегана хетарехь, Нохчийчоьнна изоляци ян эпидемица доьзна бахьанаш ду. Цуьнца цхьаьна цо даре до, шаьш гIо дан гIертачу вахархочунна накъосталла дан цу республике адвокат вахийта шен аьтто цахилар.

"Цигахь болх бар сацийна латтош ду. Иза Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно а чIогIа сатийсинарг ду – цу тайпачу нахана Нохчийчоь дIакъовлар. Иза хIинца деш ду цхьа а беш ницкъ а боцуш. Кхечу агIор, карантинан билламаш юхабаьхначул тIаьхьа цигахь алсамдаьлла коронавирус яржар. Статистиках теша бахьанаш дац, амма тхуна бевзаш нах бу цигахь, тхан белхахойн гергарнаш, тхоьга гIо дехнарш, ткъа цаьргара хаьа тхуна цомгуш хилларш дукха хиларх а, ткъа иштта белларш алсам – хьалха хиллачул а дукха - хиларх а лаьцна".

Ун даржаран пик луларчу Дагестанехьчул а тIаьхьа хилар Орловс кхетадо, Кадыровн омрица Нохчийчохь карантинан билламаш ларбеш хилла хиларца. "Оцу кепара Нохчийчоь дIачIагIарца боьзна барамаш бух боцуш а бацара. Нагахь хIинца ун Нохчийчуьра даржарна Кадыров кхоьруш велахь, иза хила мегаш долу хIума ду. Хаттар ду, маьрша дIасалелар юхадерзор дуй-те, пандеми яржале иза ма хиллара? Кхерам бу, иза ца дар мелла а дахдан (Iедалш) хьовсур хиларан", - дерзийра цо.

ЦӀехьулйина хилар дехар динчу Соьлж-ГIаларчу вахархочо дийцира Кавказ.Реалиига, ша Дагестанехь кхел листарехь эксперт санна дакъаолоцуш хиларх а, амма Товбеца-беттан 22-хь республикера арвала шен аьтто цабаларх а лаьцна: "Постехь кхеле кхайкхаран кехат гайта элира соьга. ЮхавогIуш цу кехатна тIе яздина хила дезаш дара со суьдан кхеташонехь хилла аьлла. Амма со цига воьдуш вара кхел хатта йолаяле хьалха беш болу болх бан, клиентца цхьаьнакхета. Мичара дера дара цу тайпа кехат? Юхаверза дийзира сан. Дозанехь лаьтташ дукха адам дара. Кхузза юхаверзийна со хIинцале а. Транзитан транспорт бен яц чекхйолуьйтуш".

Оха къамел динчу Нохчийчуьрчу кхечу вахархочо, доза хадоран проблема кхечу агIор кхочуш йон: "Ши километр аренехула гIаш воьду, постана го тосуш. Машенца дуьхьал богIу, цу чохь дIавоьду, ворданан некъахула ваха а мегар ду. Пачхьалкхан доза ма дац иза. ГIуллакх коронавирусца доьзна дац, аьлла хета суна. Iедал даиман а хоуьйтуш хуьлу ша Iедал хилар, шаьш беза хьаькамаш хилар, лараме хилар. Тхайна лууш ма хилла дон оха. Цхьа хан яра ГIлгIайчоьнан а, Дагестанан а оцу аренашна Iуналла деш Оьрсийчоьнан эскархой болуш, делахь а, шена луург чу а воьдура, ара а волура, посташна го тасара. Ткъа хIинца иза пост а бен яц, го таса хьуьнан асанехула, хIун проблемаш ю? Нагахь цхьаммо сацавахь, ала мегар ду, волалуш вара со, ткъа хIинца цIавоьдуш ву ГIалгIайчу аьлла.

Нохчийн Iедалшна оппозицехь долчу IADAT телеграм-каналан тобано довзийтира Кавказ.Реаллига шайн канале дIаязбеллачу наха Нохчийчоьнан дозанашкахь хуьлучух шайна хетарг дийцар:

"Чуваран халонаш. Тоьшаллин кехат (справка) ехара, коронавирус цамгар кхетта дац аьлла. Кехат доцург аьтто лоьхуш хилар, цхьангахула постехь лаьттачуьнца барт бан. Тоьшаллин кехат даккха дезаш ду леррина билгалдаьккхинчу дарбан цIийнехь".

"Моздок агIор воьдучу дозанехь, аравала лаам белахь цхьана дозанхошкахь долчу тептарна тIехь хила веза. Нагахь юхаван хьо дагахь вацахь, цхьа а проблема а йоцуш," араволуьйту. Нохчийчу чуваийта мега, нагахь хьо тIевоьдуш волу гергарнаш бевзаш белахь. Цу Iалашонца ДПС (некъан патрулан сервис) белхахочо хьан гергарчу нахех цхьанца къамел дан деза. Чува мегар дац олу, нагахь хьо Нохчийчохь виса дагахь вацахь. Нагахь чувита сацам бинехь буьззинчу барамехь толлу машен".

"Нагахь араволуш велахь, хьо юха чувуьтур вац. Хьох лаьцна хаамаш дIаязбо, сурт доккху машенан номерийн, юха чу ца ваийта. Тоьшаллин кехаташка ца хьовсу, бала боцуш дуьту уьш. Иза могIарера кехат бен дац. Дозанхоша дийцарехь, Кадыровс омра делла "и дIа-сахьа лелар" дехка аьлла.

"Моьттур ду хьуна хьо республике воьдуш вац, тIемаш боьлхучу гIали чу воьдуш ву. Лоьраша делла тоьшаллан кехат дацахь карантине хьажаво 14 денна. Вуно дукха хан а, нерваш а яйиар ас, оцу машенаша букъийначу некъана тIехь хIокху йовхонехь. Дукха нах бара реза боцуш, эргIад эхара адамаш. Товар дан баьхкина махбархой юхаберзийра. Адамаша хан а, ахча а дойъу, амма цхьаммо а пусар ца дон цуьнан".

***

Нохчийчоьнан дозанаш дIакъевлира Оханан-бутт болалуш. Цу хенахь Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила, цIерш а ца йохуш, критика йира, шайн регионашка нах чубахкар дихкинчу цхьамогIа куьйгалхошна. Оцул тIаьхьа Кадыров хаам бира, Мишустине харц хаамаш бина аьлла.

Дозанаш дIачIагIар хилира республикехь кIоршамечу барамех пайда а оьцуш. Иштта, Зазадоккху-бутт чекхболуш ша шена изоляци яран раж йохийначарна 300 эзар соьме кхаччалц гIуда тухур ду элира. Цул сов, Кадыровс дIахьедар дира карантин йохийна нах байъа безара аьлла. ДIасалела дехкар дIа ца даьккхира Мангалан-беттан 22-хь а бен, цуьнца цхьаьна дисира дуккха а адамаша дакъалоцу мероприятеш яр дехкар, ткъа тахана а дуьсуш ду Соьлж-ГIала кеманца богIучу некъахошна коронавирус кетта цахиларх лаьцна тоьшаллин кехташ хилар тIедожор.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG