ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Иштта гIуллакхаш чекх ца довлу". ТаIзар дийр дуй-те ГасангусеновгIеран ши кIант вийначарна?


 Гасангусейнов Муртазали а, Патимат а
Гасангусейнов Муртазали а, Патимат а

Кху деношкахь тIахьарчу кхаа шарахь дуьххьара Дагестанерчу суьдан системо сацам бина полисхоша вийначу шина вешин Гасангусенов Набин а, Гасангусейнан а дега-ненехьа. Республикан Лаккхарчу кхело юхабаьккхина кIоштан суьдо бина сацам. Ткъа оцу суьдо нийса лаьррера талламхо реза цахилар бехктакхаман гIуллакх доло вийна ши кIант экстремистех дIатоьхначу Шамилан кIоштан РОВД-н хьаькам хиллачу Алиев ИбраьхIимна дуьхьала.

Кхушара 5 шо кхочуш ду Дагестанехь вежарий-жаIуй Гасангусейнов Наби а, Гасангусейн а вийна. Оццул хан яьлла цаьршина да-нана нийсо лоьхуш лела а, шайн бераш дайинчу нахана нийсонацакел яйта гIерташ. Цхьа шо ах шо сов хан ийшира эшам хиллачу агIонна накъосталла дечу "Мемориалан" адвокаташна вийна ши ваша тIемало а, террорхо а ца хилла аьлла цаьршинна реабилитаци яйта. Уьш цу кепара зуламхой бара, бохуш сурт хIоттийнаг вара Шамилан кIоштан РОВД-н хьаькам хилла Алиев ИбраьхIим.

Оцу стага лелийнарг бахьана долуш, жаIуй болчу вежарех ГасангусейновгIарах бира ницкъаллин структурийн белхахошна герз диттина, амма полисхоша дуьхьал герз тоьхна байина низамашца йогIуш йоцучу тIеман тобан декъашхой.

Алиев ИбраьхIима официалан рапорт хьажийнера шен хьакамашка, Наби а, Гасангусейн а валарх лаьцна дуьйцуш. Цо бина хаамаш харцхилар тIечIагIдира кхело. Амма я Алиевна а, я цуьнан белхан накъосташна а ца хета шаьш зулам дина аьлла. Вийначу шиннан дас Гасангусенов Муртазалис дийцарехь, Алиев, Кавказехь лелочу гIиллакхашца догIуш ма-хилла а ца веара иза къинтIера ваккха, тIе ца лецира цо шина кIантах лаьцна эладита кхолларна шен бехк хилар.

"Ас баккъалла а даггара боху, нагахь сан берашца хилларг бахьана долуш, Алиев сан хIусаме а веана, къинтIера валар соьга дехнехь, цо шена халахетта хилар хаийтинехь, ас дуьтур дара цунна хилларг, со бусалба стаг ма хиллара. Амма цо иза ца дира", - боху вийначу шина жаIун дас.

Гасангусенов Муртазалис кехат чуделлера талламан органашка Алиевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долор доьхуш, "ледарло ялийтарна" а," тоьшаллин кехаташ тӀехь харцоярна" а. Амма Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Дагестанехула урхаллан талламхочо Харбилов Заирханна бух ца карийра Алиевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доло.

Харбиловс ша цу тайпа сацам бар бахьана ду, бохура, полицехь хIоттийна дийнахь-бусий хиллачух лаьцна хаамаш тIехь болу кехат официалан документ цахилар. Изза позици лаьцнера цо кхелехь а.

Амма ГасангусеновгIеран адвокат, "Комитет против пыток" тобанан юрист Янгулбаев Абубакар кхин ойла йолуш ву. Цунна хетарехь, полицин хьаькамо хIоттийна кехат юридикан ницкъ болуш ду: цуьнах пайда ийцира бехктакхаман гIуллакх долош а, лерринчу операцехь ГасангусеновгIара террорхой санна байина хиларан тоьшалла иза долуш санна а.

ГасангусеновгIарна Лаккхарчу кхело гIортор йинчул тIаьхьа социалан машанашкахь дуккха а комментареш гучуевлира Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочуш деш волчу Меликов Сергейна баркалла бохуш. Церан авторшна хетарехь, кхелан сацамна тIеIаткъам бинарг дара Гасангусейнов Муртазали а, цуьнан хIусамнанан Патимат а тIе а эцна, церан гIуллакхе хьожа сацам бина Меликов республикехь куьйгалхо хIоттар.

Делахь а юристашна, шайна юкъахь Абубакаров а волуш, ца хета ГасангусеновгIара Меликовца цхьаьнакхетарна а, Лаккхарчу кхелан сацамна а юкъахь цхьа зIе ю юьлла. Царна хетарехь, коьртаниг ду кхузахь оцу сацамехь хьалхарчу инстанцин бина болх вон хилар.

Цу тайппа ойла йолуш ву республикера юкъараллин жигархо Набиев Исалмагомед а. Цунна хетарехь, "Меликовн а, Муртазалин а цхьаьнакхетар коьртаниг дацара оцу гIуллакхехь". Набиев тешна ву Алиев ИбраьхIим кхеле озор вац бохучух. "Иштта гIуллакхаш иштта атта чекх ца довлу", - боху цо.

Дагестанерчу девзаш долчу "Черновик" газетан коьртачу редакторан гIовс Магомедов Мохьмад а шеко йолуш ву кхелан самана Iаткъам бинарг Гасангусейнов Меликовца цхьаьнакхетар ду бохучух. "Хетарехь, кхузахь мехала дерг ду юристаша а, адвокаташа а кIад ца луш болх бар", - элира Магомедовс.

Журналистана ца хета тIаьххьара кхело бина сацам бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх долор ду аьлла.

"Талламан органаш талла сих ца ло и тайпа гIарадаьлла а, атта доцу а гIуллакх талла, шайн белхан накъостех иза хьакхалуш хилча. Даима а аьтто хуьлу эшахь цхьа бюрократин дагахь доцург каро, цхьа а жамI а доцуш, талламан процесс юхайоло", – боху Магомедовс.

Оццу хенахь Алиев ИбраьхIим полицехь болх беш ву кхин дIа а. Бакъдерг дийцича,гӀуллакхехь охьаваьккхина иза. Алиев тахана полицин декъан хьаькам вац. Иза дехьаваьккхина луларчу Хунзахан кIошта куьпан полисхочун дарже.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG