ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НаркотIемах бохам баьлларш? Францера нохчий юха а бийца баьхна


Францерчу Рене гIалахь 22 шо долу Лабазанов Хьамзат вен а вуьйш, цуьнан воккхахволчу вешина Сулейманна чевнаш яро юха а нохчийн диспорана тIеозийна тидам.

Пачхьалкхан хаамийн гIирсаша яржийначу информацица, Зазадокху-беттан 17-чохь, делкъанна 2 сахьт долучу заманчохь Рене гIалин Клене (Cleunay) кIоштахь герзаш дийлира. "Карфур-сити" цIе йолчу супермаркетна уллохь иккхинера юьйцу инцидент, бретонан Le Télégramme газето аларехь, "наркотикаш лелор даьржинчу" кIоштахь.

13:45 минот яьллачу хенахь, коьрта техкина балаклава олу куйнаш долу ши стаг, цхьангахь тапча а йолуш, туьканан чувоьддучохь пхеа нохчочух лаьттачу тобана гергавеанера.

И дерриг а гинчара бахарехь, Хьамзатца доцца къамел хиллачул тIаьхьа, буйнахь герз хиллачо, цунна коьртах хьажийна тапча туьйхира.

Цул тIаьхьа кхин а мел лахара а пхоьазза герз туьйхира цо, 25 шо долчу Хьамзатан вешин Сулейманан гIогIах а тухуш.

ШолгIачу дийнахь, кхин метта а ца вогIуш, кхелхира Хьамзат. Дуккха а цIий дIаихна Сулейман, чолхечу хьолехь ву.
Герз диттина стаг хьалхо наркотикаш юхкуш ву аьлла, бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина, таIзар текхна ву.
Зулам динчу меттигна гена доццучохь масех минот яьллачул тIаьхьа маса лецира полисхоша герз диттинарг.

"Дуккхаъчу лулахоша а, доттагIаша а дийцарехь, ший а ваша "догцIена", "гIиллакхе", "даим а оьшучохь орцах волуш" вара

ГIуллакх луьстучу юкъанна зуламхойн тобана юкъахь стаг вуьйш декъахо хилла ву аьлла, 2001-чу шарерчу кхин а цхьанна бехкаш дехкира.

Францин газеташкахь яздарца, Лабазанов Хьамзат шен лелар агрессица хиларна полисхойн бIаьрг тIехIоьттина вара хьалхо дуьйна а, амма жоьпалле озийна вацара. Ткъа воккхахволчунна 2012-чу шарахь набахтехь даккха 5 шо хан туьйхира, ларамаза кхиазхо верна. Шен 16 шо долчу заманчохь цуьнан карах велира 13 шо долу кIант.

Цул совнах, ший а ваша лулахошлахь а, доттагIашлахь а "бакъахьа", "гIиллакхе", "даим а орцах ван кийча", "хаза, товш кегийрхой" бара бохуш, вуьйцу.

Дахначу шоьтадийнахь митинг хIоттийнера Ренехь, вийна Хьамзат дагалоцуш. Цуьнан дас Лабазанов Идриса кхайкхам бира, шайггара хIуммаъ а ма леладахьара, зуламна бехке бу аьлла, хетачу нахана дуьхьал цхьана а кепара бекхам бан ма гIортахьара, дерриг а Францин низамашкахь хила дезаш ду, оцу гIуллакхна тIаьхьаяьлла полици ю аьлла, билгалдоккхуш.

Ша Идрис - яхначу хенахь гоьваьлла политик хилла ву. 1997-чу шарахь Масхадов Асланан Iедалехь хилла ву иза.

Рена гIалара митинг
Рена гIалара митинг

Митинг йирзинчул тIаьхьа масех бIеннашкахь гулбеллачу нохчех дIакхийтира Рене гIалин бахархой, вийначун лулахой а, доттагIий а.

Наркотикаш лелочу нахана тIехула лаьттачу кхерамна а, цара лелочу харцонна а шаьш дуьхьал хилар дIахоуьйтуш, тапъаьлла гIали юккъехула чекхбевлира уьш.

Плакаташ яра церан карахь, цхьанна тIехь яздина дара, нохчий Францехь мухIажарш бу, шаьш Iалашдаре сатуьйсура цара.

Ренерчу машаран маршах дIакхета хьаьгначу Францин кхечу дакъошкахь бехачу эзарнашкахь нохчийн аьтто ца белира, хIунда аьлча, пачхьалкхан 19 департамент коронавирусна тIехула карантинна дIакъевлина латтош ю. Шаьш бехачу меттигашкара итт чакхарма дехьабовла бакъо яц церан.

Хьамзат верца доьзна шолгIа митинг дIаяьхьира Страсбургехь.
Цигахь бистхуьлучара билгалдаьккхира, бандитийн карах белларш, бина таллам а боцуш, цкъацкъа хаамийн гIирсаша криминалан тийсадаларийн декъахой беш хилар.

"Зуламхоша байъинчех криминалан девнан декъашхой бан хьийза хаамийн гIирсаш

Францерчу нохчийн диаспоран жигархойх волчу Сулейманов Джамбулата терго тIеозийра, меттигерчу бахархошна гергахь массо а нохчий негативе тIеоьцуш хилар, Оьрсийчоьнан пропагандо цу тIехь Iаламат чIогIа гIо деш хиларна а.

Дуьххьара дац элира цо, полицица а, Iедалхойн векалшца а нохчаша къамелаш деш.

"Европерчу нохчийн Ассамбейн" пресс-секретаро Албаков Шемала хаам бира, Ренехь а, Страсбургехь а вовшахтоьхначу митингийн коьрта Iалашо яра, нохчий бехачу кIошташкахь кхерамзалла ца хиларна а, наркотикаш ца яржаяйта дуьхьалбевлла нохчий криминалан дуьненахь дукха хьолахь бехке а хуьлий, доьрзуш хиларна терго тIеозор.

"Вайн махкахоша наркотикаш яржош лелачарна дуьхьало латтош хиларна криминалан тобанашца конфликташ лелха. Кхин цхьа хIума а ду кхузахь. Наркотрафик а, дозанаш а декъа гIертачу нохчаша тIемаш латтабо бохуш, зорбанаша яржочу харцонна дуьхьал девллера тхо. Оха дIахьедо, тхо массо а, ша цхьаъ санна, дуьхьал ду наркотикаш яржорна, оха емал до криминалан девнашца тхо иэдан гIертар. КхозлагIа аьлча, зуламаш дийриш а, царна дуьхьал лаьттарш а зорбанашкахь цхьана могIаре хIитторна дуьхьал яра митинг", - аьлла, билгалдаьккхира Албаковс.

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министран Дарманин Жеральдан цIарах кехат яздина нохчийн диаспоран векалша а, цхьа могIа юкъараллийн организацеша а аьлла, дIахьедира Албаковс.

"Аьтто боцучу кIошташкахь дIатарбо нохчий, цундела царна массарна а гуш хуьлу наркотикаш юхкурш эвхьаза лелаш хилар

Кавказ.Реалиин корреспонденто къамел дина нохчийн диаспоран векалш эргIад оьху, оцу зуламехь бохам баьлларг зуламхочуьнца нисвеш хиларна.
Наркотрафикца латточу къийсаман лар хила тарло бохуш, францхойн хаамийн гIирсашкахь шайна-шайна хетарг, моьттург яздарна царех цхьа а реза вацара.

Цара бахарехь, дукха хьолахь нохчий дIатарбо аьтто боцучу кIошташкарчу социалан петаршкахь.
Цундела наркотикаш юхкурш маьрша лелаш хилар массарна а гуш ду, шайн зеделлачунна тIехь хууш ду царна, шаьш тIаьхьабевлла, шаьш дехачу кIошташкахь а, шайн хIусамашна гергахь а наркотикаш ца йохкуьйтуш къийсам латтон безаш хилар. Нохчий ишта леларна царна тIелетарш до наркотикаш юхкучара.

Рена гIалахь хиллачух лаьцна маса жоп ца делира Кавказ.Реалиина прокуратуран белхахоша.

Карладоккху, Францехь дIатаръелла уггар а йоккхачех Европерчу пачхьалкхашкара нохчийн диаспора. Кеп-кепарчу лараршца, цу юкъахь бу 50 эзарна тIера 67 эзаре гергга нохчий.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG