ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юучух а, молучух а". Дагестанехь нах бацор


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Дагестанехь лоллехь нах бацорах кест-кеста хаамаш баьржа. Эксперташа бахарехь, регионехь Iаламат даьржина хIума ду оцу кепара лолла.

Нах бацош регион ю аьлла, цIе яхна дукха хан ю Дагестанан, билгалдоккху республикерчу "Альтернатива" боламан координатора Исмаилов Закира. Иттех шо а ду церан организацис болх бен, оцу заманчохь ка яьлла боламан жигархойн лаьцна вацочуьра эзар сов стаг мукъаваккха.

Кавказ.Реалиин корреспонденто дуьйцу, махкахь таханалерачу дийнахь лаьттачу хьолах.

- Кхечу регионашкахьчул а дукха бу Дагестанехь къинхьегаман леш?

- Къинхьегаман лолла массанхьа а йолуш ю, вайн махкахьчул а хIуммаъ а кIезиг йоцуш. Еттина кибарчикаш ен заводаш, цигахь бацош бу кест-кеста нах, дукха хиларца вай дара хьалха девлла. Кхечу регионашкахь оццул заводаш яц кибарчикаш ен.

- Муха хаам кхочу шуьга нах лаьцна хиларх? Хьан дуьйцу шуьга царех лаьцна?

- Дукха хьолахь бахархоша дуьйцу тхоьга, оцу хьолехь хилла болчу. Шаьш цхьацца бахьанашца маьрша а бевлла, шайн цIийнах кхеттачул тIаьхьа, тхоьга телефонаш а етташ, хоуьйту цара, гIо оьшуш кхин а цигахь нах бисарх. Интернетехула а зIе лоху тхоьца. Нагахь санна, интернетехь "лолла, Дагестан" ахь яздой, тхан телефонаш гучуьюьйлу цигахь. Массанхьа а аьлча санна: федералан посташкахь а, меттигерчу полицин декъехь а цхьана ю тхан номерш. Сих-сиха полицин белхахоша а бо тхоьга хаам.

- Дукха хьолахь муха нисло и нах лоллехь?

"ХIора стагах пхиппа эзар сом кхочу царна

- Дукха хьолахь провинцешкахь беха нах хуьлу уьш, Москва болх лаха баьхкина. Болх ца карийнехь, "кхаа вокзалан майданахь" буьсу уьш, цигахь болх леха буьйлало. Ткъа цигахь болх беш ю цхьа лерина тоба, "вербовщикаш" олу оха царех. Дагестана йа кхечу регионо тIедиллинарг кхочушдан арабевлла нах хуьлу уьш. Масала, цаьрга олу пхи стаг оьшу. Царна уьш карабо, кхуза схьахьийсабо цара тIаккха. ХIора стагах царна пхиппа эзар сом ахча кхочу, тхуна хаарехь. Уьш шайга хьоьжучу метте схьа ма балли, ахча "долахочо" дIало.

- Муьлш бу и лаамаза нах бацораш?

- Совдегарш бу. Дуккха а шераш ду цара заводаш лелон, цу тIехь аьтто а хуьлу церан. Нагахь санна, дагестанхойн жимстаг цара балха оьций, мел лахара а, хIора баттахь 25 эзар сом ахча дала декхаре бу уьш. ХIунда аьлча, Iаламат беза болх бу и.
Ткъа стенна лур ду цара тхан божаршна оццул ахчанаш, цул а гIоле дац Москвара цхьа мисканаш схьа а балийна, юучух а, къаьркъанах а цаьрга байтича?

Лоллехь бацабо нах даьхнийн фермашкахь а. Оха "кошараш" олу царех. Кочубейн а, ногIийн а, Кизляран а зонашкахь хуьлу уьш.
ТIаьххьарчу хенахь тхуна керабо нах шайн керташкахь бацош ХIинжа-ГIалахь а, кIошташкахь а.

- Дукха хан йоццуш Левашинскан кIоштахь цхьаъ кIелхьараваьккхир-кх аша...

- Суна билгалдаккха луу дара Левашинскан а, Акушинскан а кIошташкахь чIогIа дика накъосталла до тхуна. Цигарчу полицин дакъошкарчу хьаькамаша а цхьана. Нагахь санна, цигахь ишта меттигаш хаалахь, цара шога совцабо уьш. ТIебаьхкина нах схьа а гулбой, цаьргахь кехаташ хьаьнгахь ду, хьаьнгахь дац хьовсу уьш, цаьрца къамелаш до. Оцу билгалъяьккхинчу шина кIоштахь дукха хуьлура бацош нах, хIунда аьлча, цигахь тIулгийн карьераш ю. Ткъа хIинца леш цхьа наггахь хаало цигахь. Цунах чIогIа даккхийде тхо.

- Ахь боху, полисхоша шайна накъосталла до. Цара шаьш стенна ца бо и болх? Церан болх бац иза?

"Хууш ма-хиллара, наха полицига хаам ца бо, хIунда аьлча, уьш кхоьру

- Иштта болх дIаболо, чуделла арз хила деза. Хууш ма-хиллара, наха полицига дIахьедар ца до, хIунда аьлча, уьш кхоьру. Мел хIуъа дича а, нехан дозана тIехь хилча муххале а кхоьру. Шаьш цIа бирзинчул тIаьхьа а дукха нах дуьхьал хуьлу Iедале дIахьедан. Нагахь санна, оцу стага, ша лоллехь латтош ву аьлла, латкъам ца бича, полисхоша хIун дийр ду?

- Нагахь санна, билггал стаг лаьцна меттиг хаабелча, муха маьрша воккху аша иза? Шу церан неIаре даьхкича, цара тапъолий схьало шуьга?

- Даим а санна, мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххошка йа зуламхой лоьхучу хьукмате орца доккху ас. Цхьана эвлахь сецош стаг ву аьлла, хаам кхаьчна олу ас. Цара меттигерчу декъа тIехь контрол латточу полисхочуьнга йа полицин декъе хаам бо, цигахь дерг талла олий. Со ала гIертарг хIун ду, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло аьтто боккху тхуна. ХIинццалц уьш юкъа а ца ийзош бора оха тхайн болх, хIунда аьлча, тхох дIоггара тешам бацара церан. ТIаьххьарчу масех шерачохь дерриг а хийцаделла.

- Бакъо йоцуш стаг маршонех а ваьккхина, вацош хиларан хьокъехь бехтакхаман гIуллакхаш дуьхьал даьхна меттигаш бан а буй?

- Масех шо хьалха Мекеги олучу эвлахь дийнна цхьа лерина операци дIаяьхьира, йоллу юьртана полисхоша го а бина. ТIулган заводехь цигахь белхаш беш Украинера бахархой хиллера. Цара массара а кехат чуделлера, шаьш сецош хиларх. Эххар а уьш берриш а шайн даймахка дIабахара, ткъа бехкзуламан гIуллакх хьа а ца дира. Шина баттахь гергга кхузахь биса безаш ма бара уьш, талламаш дIахьочу юкъанна. Шина баттахь царна яа а, мала а, тIеюха а хьан латтор яра? Нагахь санна, оха маьршаваьккхинчу стага латкъам бой, ша бертаза лаьцна латтийна аьлла, тIаккха полицино гIуллакх толлур ду. Кхузахь цхьана ханна виса веза и стаг, ша тIекхайкхича - тIе а воьдуш, хеттаршна жоьпаш а луш. Цуьнан аьтто ца хуьлу кхузахь Iен.

- Республикехь лоллехь нах латтош хиларх терго йой Дагестанан Iедалхоша?

"Халкъан гуламан цхьана кхеташонехь мехкан куьйгалхо лаьттинчу Абдулатиповс элира: "Кибарчикийн заводийн долахой кхузахь, парламентехь бу"

- Халкъан гуламан цхьана кхеташонехь мехкан куьйгалхо лаьттинчу Абдулатиповс элира: "Кибарчикийн заводийн долахой кхузахь, парламентехь бу". Дагестанан территори тIехь мел йолу кибарчикийн заводаш дIа а къовлий, царна юьстах цхьа меттиг ло, элира цо. Аьллачохь дисира и дешнаш. Цул тIаьхьа Васильев веара, цо бертаза Каспийскан зонера массо а завод дIакъевлира.

- Ашь маьрша баьхначу нехан кхоллам муха боьрзу? Цул тIаьхьа цаьрца уьйраш латтайой аша?

- Нагахь санна, оцу стеган ваха меттиг бацахь, тхайн партнерашца цхьана оха гIо до цунна. Реабилитацин цхьана центрехь дIатарво оха иза, йа цхьа кхечухьа. Амма, дукха хьолахь, маьршабаьхначул тIаьхьа цаьрца зIе ца латтайо оха. Тхайна догIург дина оха - и стаг шен цIа дIа а вахийтина. Иза билггал дIакхаьчнийла хиинчул тIаьхьа, зIе хадайо. Нагахь санна, церан лаам хилахь, къамел дан реза ду тхо.

- "Альтернативаца" хьо волу итт шо ду элир-кх ахь. Муха доладелира хьан цаьрца болх бар?

- ХIетахь газетехь болх беш вара со. Етта а йиттина, ХIинжа-ГIалин йистехь тесна витинера цхьа узбек. Цхьахйолчу юьртахь жаIу хиллера иза. Иза а хиллера Дагестане валийна, ткъа цуьнгара пайда ца баьлча, доIахца цирроз яра цуьнан, дIакхосинера. Хетарехь, къаьркъа мелийнера цунна. Цул тIаьхьа гIалина юьстах охьатеснера иза. Кхетий хьо, вахьа а ваьхьна, охьатеснер-кх!
ППС-н белхалошна карийнера иза, цара дарбан цIийне дIавигийтина хиллера. Эххар а велира и кIант. Цуьнан дакъа Самарканде дIадахьийтира оха. Цул тIаьхьа доладелира дерриг а. Оццу заманчохь ду-кх, болам вовшахтоьхна Мельников Олег веанера Дагестане дуьххьарлера лоллехь бахкийна нах кIелхьарбаха. Цуьнца цхьанакхийтира со, иштта хIетахь дуьйна хIара болх беш ву-кх со.

*
Чиллан-баттахь тIаьххьара дара Дагестанехь лоллехь латтош хилла зудий, майрий, Артем а, Екатерина а, маьршадоккхуш. Церан долахочо, меттигерчу фермера дIахьедира, ша уьш "мехах эцна бу", цундела дийнна шарахь ишттанехь шена болх бан безаш бу цара. Нагахь санна, и шиъ реза ца хилахь, ша сингаттам боккхур бу аьлла, кхерамаш тесна хиллера цо царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG