ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь Мишустина а, Кадыровс а ца ларйина масканийн раж


Мишустин Михаил а, Кадыров Рамзан а Соьлжа-ГIалахь
Мишустин Михаил а, Кадыров Рамзан а Соьлжа-ГIалахь

Белхан хьокъехь Нохчийчу веана пIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан премьер-министр Мишустин Михаил. Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь цунна дуьхьал баьхкинера меттигера хьаькамаш, коьртехь мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш. Массаьрга а куьйг делла, Кадыров Рамзанна мараиккхира Мишустин.

Кеманан трапа уллохь гулбелларш оцу юкъанна бетах масканаш йоцуш бара, Мишустина урхалла дечу Iедалхойн органо Оьрсийчохь кхайкхийна масканийн раж йоллушехь.

Стохка коронавирусан ун даржарна кхоьруш, республикан дозанаш дIакъовла Нохчийчоьнан урхалхочо сацам бича, Мишустинна а, Кадыровна а юкъахь къовсам белира. Оцу кепара барамаш лелор регионийн куьйгалхойн карахь дац элира премьер-министро хIетахь. Кадыровс бехк баьккхира Мишустинера, республикера хьал цо теллина дац аьлла.

Кху шеран юьххьехь, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца къоьвсира Роспотребнадзоран хьалханчас Попова Аннас. Республикехь масканаш лелор дIадаккхарх Кадыровс динчу дIахьедарх йистхуьлуш, цуьнан компетенцехь дац оцу кепара сацамаш тIеэцар аьлла, билгалдаьккхира цо а.

"Оьрсийчуьрчу коьртачу санитаран лоьро дина омра ду. Цу тIехь коьртехь къастийна ду: "Оьрсийчоьнан дозана тIехь болчара масканаш лелон еза. ШолгIачу могIарца билгалдаьккхина, регионехь хьалхара пункт ларъяр субъектийн куьйгалхошна тIехь ду аьлла", - дIахьедира хIетахь Поповас.

Стохка бIаьста коронавирус кхеттера Оьрсийчоьнан премьер-министрна Мишустин Михаилна. Хаамийн гIирсашкахь яздарехь, хIетахьлазар текхира Кадыров Рамзана а. Делахь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Канадан а Iилманчаша бинчу талламашца, антителаш адаман дегIаца кхаа баттана бен дуьсуш дац.

Официалан зераш бакъ делахь, Оьрсийчоьнан регионашлахь Нохчийчохь уггар а кIезиг бу ун даьлла нах. Амма оцу юкъанна Росстато довзийтинчу терахьаша гойту Оьрсийчоьнан мехкашна юкъахь адамаш хьалхачул дукха даларца Нохчийчоь лидер хилар.

Телевиденехь могашаллах лаьцна программа лелочу Малышева Еленина Роспотребнадзоре арз хьажийра Пачхьалкхан Думехь компартех депутат волчу Рашкин Валерийс, цо Нохчийчохь COVID-19 эшийна хьал ду аьлла эфир йинчул тIаьхьа.
Депутата доьхура "Вахар ирс ду! " ("Жить здорово!") цIе йолчу программехь Малышевас медицинан масканаш лелоро уьнах болу кхерам лах ца бо алар зерашка диллар. Оцу сюжетехь Малышевас, кема Нохчийчу кхаьчча, боху: "Ирсан гIайре масканаш а йоцуш еха!"

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG