ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«1Adatан» модератор лачкъорах гIуллакх кхидIа талла Нохчийчу дIакхачийна


Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

«IAdat» Telegram-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорца айдина бехктакхаман гIуллакх Нохчийчу дIахьажийна Краснодарерчу талламчаша, хаам бина Iазапашна дуьхьалояран Комитето. Тепсуркаев лачкъийначул тIаьхьа иза Нохчийчу дIавигина хилар а, дукхкхболу тешаш а, оцу зуламна бехкеберш а оцу республикехь хилар а ду бахьана аьлла Кубанерчу талламчаша.

Карладоккху, 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьллачу наха. ТIаьхьо цуьнан гергарчийн аьтто белира Салманан телефонца тIаьхьакхиа, иза латточу меттигна. Геолокацино билгалдаьккхира, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь иза латтош хиларх.

"Iазапна дуьхьалояран комитето" Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арз хьажийра Тепсуркаевн бакъонаш талхорах лаьцна, иза, ша-шена неIалт а олуш, шишанна тIехаа гIерташ яьккхина видео яьржинчул тIаьхьа.

Тепсуркаевн гIуллакхехь Тепсуркаева Елизавета зен хилларг лара дуьхьал хилира хьалхо Геленджикера талламчаш. ГIалин кхелехь латкъам бира Елизаветас, цул тIаьхьа апелляцин инстанцехь а цхьана.
И гIуллакх лелочу "Iазапашна дуьхьало яран Комитетан" белхахочо хаам барехь, бусулба динехь ма-хьоьхху, шаьшинна юкъахь там-мах а бина, цхьана дехаш дара и шиъ, амма официалехь мар-зудий хилар тIечIагIдан ца кхиира, стохка карантин хIотторца. И шиъ цхьана Iаш хиларх дуккха а тоьшаллаш далийна, уьш къийсина а дац.

Ишта, Iазапна дуьхьалояран комитетан юристаша шайггара таллам бича тIекхиира, Тепсуркаев лачкъорна Нохчийчуьра ницкъхой бехкехилар

Байначу беттан 28-чохь Краснодаран кIоштан Талламан комитето сацам бира Тепсуркаев Салман лачкъорах гIаттийна бехкзуламан гIуллакх кхин дIа таллийта Нохчийчуьрчу шайн коллегашка дIадала.

"Краснодар-мехкан талламчийн гIуллакх Нохчийчу дIакхачон бина сацам дагахь доцург дацара тхуна, - боху Iазапна дуьхьалояран Комитетан юристо Маннапова Лейсана. - ГIуллакх айдинчу эхашерачохь талламчийн аьтто ца баьлла иза лачкъорна бехкеболчу нахе а, кхиболчу тешашка а хеттарш дан. Тхо даккхий ца дехь а, бехкзуламан гIуллакх Нохчийчу дIахьажор дуйла хууш дара. Дегайовхо ю тхан, кхачо йоллуш цигахь гIуллакхан йист йоккхур ю, оцу гIуллакхна бехке бу аьлла хета нах а гучубохург хиларх".

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара язйина "Мемориал", амма и статус шена тIе ца эцна "Мемориало" – редакцин билгалдаккхар) Нохчийчуьрчу оппозицин «IAdat» телеграм-каналан модератор лаьттина, 2020-чу шеран Гезгмашин-баттахь лачкъийна волу Тепсуркаев Салман политикан тутмакх лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG