ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена дIовш дала гIортарх дIахьедина Кадыровн критико


Халитов Хьасан

Гуьржийчохь вехачу нохчийн диссиденто Халитов Хьасана бехкейина Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш, шена кIело ян гIерташ хилла уьш аьлла. Цо интернетехь Iораяьккхина, муьлш бу цахуучу зудчо а, стага а цунна дIовш далар дийцареден аудио.
Халитовс дийцарехь, ФСБ-н Ильяс цIе йолу белхахо а, Дагестанехь еха нохчо Абдулсаламова Милана а ду и шиъ. Карарчу хенахь Гуьржийчоьнан доазана тIехь ю Абдулсаламова: цунна тIедиллина зуламе план кхочушъяр.

Зудчух даьцна хаамаш Iорабаьхна нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало.

Оцу доллучунна а тIехьа Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву аьлла, хета Халитовна. "Мысли Ислама" каналехь цо динчу тоьшаллица, цуьнан ваша а, йиша а, да а йийсаре лаца тарло цара, Кадыровна хьалха шега гечдар дехийтархьама а, шена дIовш даларх верси юхаэцийтархьама.

Халитов Хьасан - ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Закан-юьртара вахархо ву. 2013-чу шарахь Нохчийчуьра дIавахара иза Туркойчу. Пачхьалкхехь ваха бакъо кхидIа а яхъяйта Iалашонца 2014-чу шарахь Гуьржийчу ваханера иза, амма цуьнан кехаташ харц лерина, гуьржйин дозанхоша пачхьалкхера ара ца валийтира иза. ТIаккха декхаре хилира иза Гуьржйичоьне тховкIело еха.

Интернетехь Халитов гоьваьлла, Кадыровн политика емал еш роликаш йохуш хиларца.

2019-чу шарахь Германехь вийра Гуьржийчоьнан вахархо, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь сепаратистийн цхьахдолчу декъан буьйралла деш хилла Хангошвили Зелимхан. Дийцарехь, иза верна бехке лору, ша Соколов Вадим ву бохург воьзна ву Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашца, цуьнан бакъйолу цIе Красиков Вадим ю.

2020-чу шарахь кIело йина вийра ишта Кадыровн ши критик. Блогерш бара уьш: "Мансур Старый" а, "Венера Анзор" цIарца дика вевзаш хилла Умаров Мамихан а.

Стохка вен дагахь тIелатар дира Швецехь оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона. Шен хIусамчу иккхинарг лаьцна, Iедалхошка дIавала аьтто белира цуьнан. Кху шеран Чиллан -баттахь таIзар дира оцу гIуллакхна кхеле хIиттийначарна. Оьрсийчоьнан бахархой бу уьш.

Цул тIаьхьа блогеран вешина Абдурахманов Мохьаммадна йина кIело юкъахъяккха ницкъ кхечира. Блогеро дийцарехь, цуьнан ваша вен араваьккхинарг ву Эдельгириев Пахрудди – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG