ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

IADAT: Кадыровн критик веза ваьккхина Австрехь


Австрера полисхо

Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикна Магомадов Сайд-Хьусайнна вен Iалашонца дан гIоьртина тIелатар юкъахдаьккхина Австрин къайлахчу сервисаша. Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало бина и хаам, шайга хаийтинчу хьостан цIе а ца йоккхуш.

Хьалххе дийцарехь, цунна кIело кечъеш вара аьллачу шеконашца шиъ лецира, цу шиннех цхьаъ Нохчийчуьра хиллера.

Кавказ.Реалиин Австрерчу хьостано бакъ бо и хаамаш, и шиъ Мангал-баттахь лаьцна хилар билгалдоккхуш. Официалехь информаци тIечIагйина яц.

Австрехь вехаш волчу Магомадов Сайд-Хьусайна критика йора нохчийн Iедалхошна шен ютьюб-каналехь. ТIаьхьо и канал дIаяьккхира цо.

2020-чу шеран ГIадужу-баттахь Нохчийчохь бехачу цуьнан гергарчара " target="_blank">видео дIаязйира, блогерна неIалт кхайкхош. МагамадовгIеран цIийнах болучара видео тIехь рогI-рогIана сийсазвора иза, мехкан Iедалхошана Iиттарш яр дита бохуш.

"Тхайн вешин кIант, Европе дIаяхана и боьха хIума бахьана долуш гулделла ду тхо тахана. И стаг велахьара, и хIума лелор дацара цо, зударех а, кхечарех а лаьцна и тайпа хIуманаш яздийр дацара… Иза дIавахна, цигахь охьа а хиъна, тхуна тIе сингаттам божийна", - аьлла, вистхуьлу камерана хьалха дIахIоьттина цуьнан герагара стаг, Магомадов Хьоза ю шен цIе а олуш.

2020-чу шарахь дозанал а арахьа вийра Кадыров Рамзанан политикан ши оппонет – Австрехь веха блогер Умаров Мамихан а (Венера Анзор), Кадыровна луьйш лелла Францера Алиев Iимран (Мансур Старый) а.

Цул совнах Швецехь тIелатар дира нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона.

Стохка Товбеца-баттахь Европехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан вашас гечдар дийхира, шен гергарчу стага массарна а хезаш Кадыров аьшнашварна. Нохчийчоьнан Iедалхойх лаьцна иштта негативе къамелаш ден политикан мухIжар Умаров Мамихан Венехь вийначул тIаьхьа дIаязйира цо шен видео.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG