ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн кхераме дIахьедаршна Оьрсийчоьнан Iедалийн реакцега ладоьгIуш бу СПЧ-хь  


Журналист Милашина Елена а, бакъонашларъярхо Каляпин Игорь а (архивера сурт)

Оьрсийчоьнан Iедалийн декхар ду шайна хетарг хаийта, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президента Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан (СПЧ) декъашхо Каляпин Игорь а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а террорхо ду, и шиъ дIалаца деза аьлла динчу дIахьедарх лаьцна,хаам бо Радио Свобода-но.

Цунах лаьцна "Интерфаксе" дIахьедина СПЧ-н декъашхочо, Москван журналистийн бертан гIантда а, "Московский комсомолец" газетан коьрта редактор а волчу Гусев Павела.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо динчу дIахьедарша кхерам тосу аьлла хета цунна Каляпинан а, Милашинийн а дахарна. Иза вуно кхераме дIахьедар ду. Къаьсттина оцу тайпачу стагера а, цу тайпачу регионан куьйгалхочуьнгара а, шена цхьа а бехкам хир боций хууш волчу, иза сацош цхьа а вац, аьлла Гусевс. Федералан Iедалш дистцахилар лору цо "кхерадалар а, дукха гена даьллачу хьолана юкъагIерта цалаар а санна", аьлла цо.

Дечкен-беттан 23-чу сарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира нохчин Iедалша дерриг а дийр ду схьакаро, шен йоI а эцна, Оьрсийчуьра дIавахначу суьдхо хиллачу Янгулбаев Сайдин доьзалхой аьлла. Цунах лаьцна Кадыровс яздина шен телеграмехь, цо юха аьлла, нагахь дуьхаьло яхь "уьш хIаллакбийр бу" аьлла.

"Террорхойн гIончаш" лаца аьлла кхайкхам бу оцу постехь. Иштта олу Кадыровс "Iазап лелорна дуьхьал Комитетан" (организаци юкъатоьхна ю НКО-"иноагентийн реестрна"), Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхочух Каляпин Игорах а, "Новая газетан" журналистах Милашина Еленех а лаьцна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, нохчашна тIехь ахча доккхуш бу уьш, "сценареш кхуллуш а, шайн персонажашна лерга тексташ а, муха лела деза а дуьйцуш а".

"Нагахь Оьрсийчохь низам а, низамашлардон органаш а елахь, цаьрга боху ас: схьалийца и террорхойн гIоьнчаш", - яздина Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо юха а боху, цо яздарехь,"и боьху ЯнгулбаевнIеран доьзал" республикан низамашлардон органаша лохур бу ", низамца догIуш ма хилла".

Кадыровна хетарехь, "ямарлон ша ма-барра чулацам бу Янгулбаев-воккхахаверг": "Суьдхочуьнан цIе а лелош, интеллегентан бераш цакхиаделла цуьнга. Экстремистийн къамелаш дарна уьш емал бечу метта, иза ямарт хилла кхелан системина, царна гIортор а йина, ведда, суьдхочун статусна кIел а лечкъийна".

  • Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а. ДIайигинчу дийнахь дуьйна Мусаева Заремигара хьал хууш дац цуьнан доьзална бакъонан статусехь.
  • КIирандийнахь ренспубликан инфрмацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахмеда хаам бира, Мусаевана 15 де-буьйса админитративан лацаран кхел йина аьлла, полисхочунна тIелетар дарна а, иза сийсаз варна а.
  • Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.
  • Кадыровс чIагIдо, ЯнгулбаевгIеран доьзал IАДАТ оппозицин телеграм-канлаца боьзна бу бохуш. Шоьтан дийнахь вистхуьлуш цо бехкебина ЯнгулбаевгIерани доьзал террористийн агIончаш а бу. Туркойчхочхь полисхочун лаьттинчунна тIелатар дарна а гунахь бу аьлла.
  • Цул сов, Кадыровс кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхеле Янгулбаев Сайди суьдхочун статусах ваккха аьлла. Кадыровн дешнаш бакъ цахиларх дIа а хьедеш, Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а воккхаха волчу кIанта Янгулбаев Абубакара кхайкхамбина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "Дождь" телекална интервью лучу заманчохь, Нохчийчоьнан куьйгалхо волчуьра Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG