ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьан боху къоьлла сакхт дац?


Загидова Марьям

Оьрсийчохь уггаре кIезиг таронаш йолуш а, хIусамехь чIана латто йиш йоцуш а болчу нехан мехкашлахь ю Кхарачой-Чергазийчоь. Стенна ду цигахь ваха хала? Муха хета эксперташна?

"ТIедогIу рицкъ, ен харж, хIусам лелор" цIе а йолуш, 2018-чу шеран тIаьххьарчу кхаа баттах ша дина зераш довзийтина Оьрсийчоьнан статистикан урхалло (Росстат). 3,2% бен бац шайга тоъал рицкъ даккхало аьлла нах.

48,2% Оьрсийчоьнан бахархой беха юурггий, бедаррий бен эца таро йоцуш, ахча ца тоьу царна машен, йийбар, чохь оьшу кхидолу хIума эца.

Росстато билгалдаккхарца, уггаре эшна хьал долу кхо регион ю Тула мохк (даий, дохий бен ахча ца тоьу цигахь 80% бахархошна), Марий Эл, Кхарачой-Чергазийн республикаш (73% нах бу даа-доха бен таро йоцуш шинахьа а).

"Социалан, экономикан массех проблема лаьтта Кхарачой-Чергазийчохь. Уггаре халанаш ю махка инвестицеш кIезиг кхачар, финансаш цатоар, ткъа цара оьшшучу хьесапе ца кхочуьйту махкара совдегаралла. Кара рицкъ цхьабосса ца кхочу бахархошна – тIех йоккха ю къечу наханий, хьолахошний юкъайоьлла башхалла, пачхьалкхан программаш кхочушъечу хьукматийн могIаршкахь лелачу конкуренцино алссам хьалдолчу тобанна бен аьтто ца ло белхаш долаэца", - боху "Кавказ.Реалиина" махкарчу къоьллин бахьанаш довзуьйтуш "Йиллина Кавказ" юкъараллин куьйгалхочо Камбиев Руслана.

Экперто бахарехь, тIаьххьарчу шерашкахь доларчу гIирсан хьал эшна, юкъара проблемаш дебна Кхарачой-Чергазийчуьрчу индустрин а. "Дефицит лаьтта индустрин дакъошкахь белхан гIирсашца, ширбелла белхан гIирс, ледара болх бо менеджменто, лахъелла арахьарчу мехкашца лела йохк-эцар, тIех беза бу кредитийн мах, уьш ца тоьу, ца тоьу махканна технологийн говзанчаш, дуккха а ду бахьанаш", - билгалдоккху Камбиевс.

Цунна халахета шен даймохк – Кхарачой-Чергазийчоь – дахаран таронашца йиллина Оьрсийчоьнан уггаре а декъазчу регионашлахь лаьтташ.

"Нехан карахь ахча дацаро, бахархой биллина кредиташна бецаш хиларо цхьа а маьIна ца дуьту вайна, экономика жигара яккха еза бохуш, деза къамелаш дан. Нахана хIинццалц республикехь белхаш латтийна индустрин хьукматаш дедацарна дIакъевлина я банкротийн новкъахь ю. Дукха хан йоццуш Арбитражан кхеле машенаш ен "Дервейс" компани а, Кхарачой-Чергазийчоьнан шекардоккхийла а банкрот хиларх лаьцна сацамбар дехна. Ткъа цара латтабора бахархошна белхаш", - дуьйцу "Йиллина Кавказ" юкъараллин куьйгалхочо.

Белхазалла а лаьтташ, кхуьийла дац бахархойн хьал, метта ца даладало иза, боху Камбиев Руслана. "Ца эцча цадолучунна - кхачанна, молханашна - хьажо ахча доцчу бевлла бахархой, халла хене буьйлу, иза боккха сингаттам бу. Цундела мохк а буьтуш, дIаоьху кхузара белхан корматалла мел ерш", - жамIдо шен къамелан Камбиевс.

Махкахь белхан меттигаш яц, индустри дIалекъна, элира "Кавказ.Реалиига" Оьрсийчоь Денъяран партин" Кхарачой-Чергазийчуьрчу декъан куьйгалхочо Нашева Иннас. "Цкъачунна йолуш йолу хьукматаш халла юьйлу хене. ХIокху, я вукху меттехь белхалошна алапа дIа ца делла, бохуш, дукха аьрзнаш хьийсадо прокуратуре", - довзуьйту цо хьал.

Нашевас дийцарехь а ю Кхарачой-Чергазийчоь тIех дукха кредиташ оьцучу, ткъа уьш дIадала таро йоцчу регионех. "Нахе кегий декхарш а луш, царна тIе яккхий проценташ йоху фирманаш дукха ю махкахь. Дан хIума дацарна, нах реза хуьлу и кредиташ шайна тIехьерчо. Коррупциной, озабезамаший юууш ю республика, балха баха меттигаш яц могIарчу наханна, карийча а, 10-15 эзар сом бен ца ло царна, ткъа оцу ахчанах ца вахало", - элира политико.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Нохчийчоьнах а, нохчех а лаьцна Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша дуьйцучух теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG