ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Къонах шена а, шен доьзална а, къоманна а пайде хила веза..."


Австри -- Нохчийн кхиазхойн спортан тоба. Охьахиинарг (аьрроагIор) ву тренер Чекарбиев Iумар, 2017.
Австри -- Нохчийн кхиазхойн спортан тоба. Охьахиинарг (аьрроагIор) ву тренер Чекарбиев Iумар, 2017.

Германерчу Радольфцелль гIалахь мукъаденошкахь дIабаьхьначу къийсамашкахь нохчийн спортхошца цхьаьна дакъалоцуш вара Германера а, Францера а, Швейцарера а, Австрера а 32 клубера 200 сов спортхо. Толаман меттигаш баьхначарех бара Австрера къона нохчийн спортхой.

ПаргIат охьатохаран кепехь латар Iамочу Лахарчу Австрерчу тренеран Чекарбиев Iумаран куьйгакIеллахь болчу 6 шарера 15 шаре кхаччалц хенаш йолчу нохчийн кхиазхоша хьалхара а, шолгIа а, кхоазлагIа а меттигаш йехира тайп-тайпанчу дегIан дозаллин категорешкахь. Цу кепара, Бодензее турник олучу къовсамех уггаре а тоьллачех латархой хилира царах.

Чекарбиев Iумара Iамочу кхиазхоша дуьххьара баьхна толамаш бац уьш. «Ондалла латар» аьлла цIе йолуш, паргIат охьатохаран кепехь берашна лата Iамош волчу тренеро ша Австрехь даьккхинчу тIаьхьарчу 14 шарахь бIеннашкахь нохчийн къомах а, нохчийн боцурш а кегирхой кога-ира хIиттийна спортехь.

Венехь а, Линцехь тренеран белхаш беш волчу Iумаран цIе дика евза Австрерчу нохчийн диаспорехь а, вуно тидаме а, берашна Iуналла дарех сема а тренеран санна. Маршо Радион корреспондентаца хиллачу къамелехь Чекарбиев Iумара дийцира, ша Iамочу берийн тIаьххьарчу кхиамех лаьцна.

Чекарбиев Iумар: «Интернационалеан турнир яра иза, Бодензее олучу боккхачу Iома йистерчу меттехь. Ас цига вигина ворхI кIант вара, кегий бераш дара уьш. Цара 2 хьалхара а, 1 шолгIа а, шиъ кхоалгIа а меттигаш ехира. Вайн уьш ма хеттара Iамон аьттонаш ца хиларе хьаьжча, вуно дика летира уьш».

Толамаш баьхнарш цIерашца бийцира тренеро. Хьалхара меттиг яьккхина Хасаханов Мохьмада, шолгIаниш Назиров Мансура а, Османов Мансура а яьккхина, ткъа Магомадов Денис а, Ахматов Мохьмада а кхоалгIа меттигаш баьхна. Къаьстина цхьана толамхочух лаьцна доккхачу дозаллийца дийцира Чекарбиев Iумарс.

Чекарбиев Iумар: «ТIом болчу хенахь ас Iамош 123 стаг вара. ТIом баьлча ас и бераш дIахийцира. ТIаккха цхьа хан аьлча бераш со волчу неIаре даьхкира, шаьш гIалара дIагур долуш дац, вайга латарш Iамор дIадоладайтахь, аьлла. ХIетахь дуьйна оцу бомбанашна юккъехула гIаш "Динамо" стадионе оьхура тхо, бомбанаш етта йолийча стадионна буха чу а дуьсуш, уьш дIатийча юха хьала а довлий, тхайн Iамадарш кхин дIа а хьош».

Чекарбиев Iумар тренеран болх беш волу 30 шо сов хан ю. Кху гуьйранна цуьнан шен 51 шо кхаьчна, ша спортехь волу 41 шо кхаьчна, ткъа ша тренеран болх бо 31 шо кхаьчна, бохуш дийцира спортхочо кхин дIа а шен къамелехь.

Чекарбиев Iумар: «Австре со схьавеана 14 шо кхочу. Со тренер болх бан волавелча 8 стаг бен вацара нохчийн къомах латар Iамош цу клубехь, со волавелчул тIаьхьа масех бутт баьлча 68 нохчо вовшахкхийтира тхан цигахь. ХIетахь дуьйна турнирашкахь 344 хьалхара меттигаш а, 202 шолгIа меттиг а, 176 кхоалагIа меттигаш баха каделира берийн».

ТIом болуш хIусамнана йийнера Чекарбиев Iумаран. Цул тIаьхьа шина доьзалхочуьнца Австре схьавеана волу иза хьалхарчу муьрехь дуьйна цу махкахь тренеран болх беш ву. Цо Iамийначу спортхойх дуккха а чемпионаш а бевлла, Европа мел ю тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь тренерийн белхаш беш а бу цо кхиийна латархой. Ша Чекарбиев спортан говзанча ву паргIат кепехь латарехь, ткъа самбо латарехь говзанча хила кандидат ву. Кегирхой ша лата Iамочу хенахь даима а цаьрца кхетош кхиоран болх а бина ша бохуш дуьйцу тренеро, царах шайна а, юкъараллина а пайдехь нах хилийта лууш.

Чекарбиев Iумар: «Ас даима а спортзал чохь берашка олуш ду, къонах шена а, шен доьзална а, къомана а пайдехь хила веза. Доьшуш а доцуш, спорт лелош а доцуш, къахьоьгуш а доцуш лелаш долу адам бежан санна дехаш хуьлу. Вай ваьш бусалба а ду, нохчий а ду бохуш хабарш дийцарх ца тоьу, адам къахьоьгуш ца хилча. Вайн къам башха доккха къам а дац, бертахь хила деза вай, кегийрхой хаза иманца а, динца а, гIиллакхашца а Iамош».

XS
SM
MD
LG