ТIекхочийла долу линкаш

"Нохчийчуьрчу Гуьмсехь, динна куп гоне а лаьцна, штурм а йина, дIалецира ЯмадаевгIеран хIусамаш", аьлла хаам бира еарин сарахь "Росбалт" агенталло, цIе ца яьккхинчу шен хьастана тIе а тевжаш. Цу хьастано хаам бора, "ЯмадаевгIеран доьзалш бехачу Горькийн урамехь коьртах туьтмӀаьжигаш йоьхкинчу бIеннаш герзахоша дIахьош ю леррина операци" бохуш.

Иза бакъ дац аьлла, хаам бира кхечу зорбанан гIирсаша, шайна юкъахь Новая газета а долуш. Цо дийцарехь, Горькийн урамерчу цуьнан 17 хьастано бакъ ца бина и хаам. Цундела Гуьмсехь хуьлург шеконе дилла а мегар дара.

Амма, цIеххьана, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро дIахьедар дира, Гуьмсехь масийтта хIусамехь паспорташка хьожуш талламаш бина полисхоша а, меттигеррчу администрацин векалша а аьлла. Цо иштта харц дира цу юкъахь леррина ницкъаллин структураш дакъалоцуш яра бохург.

Цу юкъана "Кавказ.Реалиин" хьастано хаам бина, шена цхьаъ эккхаш а, масатопп кхуссуш а хезира аьлла. Цуьнга билггала ала ца ло иккхинарг граната яра я кхин долу герз дара. Цу кепара кхеташ дара цхьана хенахь вуно ницкъ болуш хилла ЯмадаевгIеран доьзал бехачу куьпахь цхьаъ хуьлуш хилар.

Жимма хан яьлча "Росбалто" алсамо информаци елира Гуьмсехь хуьлучух лаьцна. Цуьнца а догIуш, "цара гоне лаьцнера ЯмадаевгIар беха куп, цул тIьхьа чу а лилхина хIусамех хьежна уьш".

"Росбалто" яздарехь, леррина ялийначу цIеяйархойн машенаца цхьайолчу хIусамашкахь гIунаш яссина, хи дIа а оьзна, уьш толлуш. Шаьш лелориг хIун ду дуьйцуш а ца хилла герзахоша. Ткъа, хуьлург бахьана долуш, оьгIазе вистхиллачу ЯмадаевгIеран верасана, Хьмзатана, "Росбалто" дийцарехь, йиттина.

Эххаре тутьмаьжигаш йоьхкина хиллачу наха дIахьедар дина, шаьш Ямадаев Iийсан цIа дIадоккхуш ду, ши сахьт далале иза маьрша даккха деза аьлла. Дийцарехь, цу хьокъехь цхьа а кехат ца гайтина баьхкинчара.

"Кавказ.Реалиино" бинчу хаамца, цу хIусамашкахь ЯмадаевгIеран божарий ца беха масийтта шо а ду. Карарчу хенахь вежерех ЯмадаевгIерах дийна висинина хилар хууш ду Iийса а, Бадрудди а.

Ямадаев Iийса махкахваьлла дуккха а хан ю. Ткъа Ямадаев Бадрудди (Бадик), цхьаболчу хаамашца, вехаш ву Подмосковьехь.

"Росбалто" яздарехь, ЯмадаевгIеран доьзал дов латтош бу Кадыров Рамзанца, цуьнан да, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, кхелхинчхьана. 2008-чу шарахь Москох вийна Ямадаев Руслан, кхин а цхьа шо даьлча Дубайхь вийра Ямадаев Сулима.

Кхушеран Товбеца-бутт чекхболуш Гуьмсерчу кхелехь листира Кадыров Рамзан вен гIортарца доьзна бехктакхаман гIуллакх. Иза вовшахтохарна бехке веш вара Ямадаев Iийса. Ткъа Кадыровна тIелатар дан дезаш хилла кхо стаг чувоьллира, хIоранна а ялх шо ах шо хан а тухуш.

Цундела ЯмадаевгIеран хIусамех хьовсар доьзна хила мега Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашка церах цхьанца боьзна мехала хаам кхаьчна хиларца, яздо "Кавказ.Реалиино". Я Бадик, я Iийса Нохчийчу веана хилла хила а мега, я цу вежарийн тешаме волу стаг веана хиллачух тера ду Гуьмсе, цу шинан кост кхочуш дан.

Мухха делахь а, 15-тта шаре даьлла КадыровгIеран а, ЯмадаегIеран а дуьхь-дуьхьал латтар цкъачунна дерзаза долчух тера ду, яздо "Кавказ.Реалиино".

XS
SM
MD
LG