ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн бераш лаха Шема яхана хилла нохчийн ши зуда


Нохчийчоь -- Гаджиева Зарема а (аьрроагIор), Саламова ПетIамат а гIоьртина хиллера шайн берийн къона доьзал Шемара цIаберзо.
Нохчийчоь -- Гаджиева Зарема а (аьрроагIор), Саламова ПетIамат а гIоьртина хиллера шайн берийн къона доьзал Шемара цIаберзо.

Нохчийчуьра ши яхархо Саламова ПетIамат а, Гаджиева Зарема а ши захал ю. Цхьанна йоI вукхуьнан кIантехь ю. Амма оцу гергарлонел чIогIа цу шинна уьйр чIагIйинарг бохам бу. Цу шинна кIант а, йоI а Шема дIадахана. Царна тIаьхьа а яхана и шиъ.

ЦIа ца берзабелла. Дукха хан ялале кIант цигахь вийна. ХIинца цигахь йисина нана цуьнан кхо бер а цIадерзалур дацара-те, бохуш Iедалшка гIодоьхуш ю и шиъ.

Саламова ПетIамата дуьйцу, шаьшшиъ Шема муха кхечира а, цига кхача мел атта дара а.

Саламова: «Цуьнан марнана Заремий сой а, царна Шема тIаьхьаяхара 7-8 бутт баьлча. Манбидж олучу Шемара гIала кхечира тхойшиъ.Турцехь, паргIата дуьхьал а оьхуш, цига дIабуьгуш бара вайнах. Тхойшиъ а цара дIайигира цига.

Тхо дуккха а дара. Ас шофере, телефон а тоьхна элира, тхо цигахь дукха латтош долун дела, сайна хIара меттигаш евза, кхузахь сайн гергар нах дукха бу аьлла. ТIаккха иза, кхеравелла схьа а веъна, ши де далале тхойшиъ дехьаяьккхира цо».

Шемахь шайна гинчу суртах а дийцира цо.

Саламова: «Я тIом, я кхин хIума а гуш дацара цигахь. Къайлахь-къулахь а тхойшиъ и йоI цIаяло хьаьжира. Бакъдерг дийцича, йоI йоьлхуш-екаш яра, ша цIа йоьгIур ю бохуш. Ша цкъачун цIаян аьтто болуш яц элира цо.

Доцца аьлча, ша цIайоуьйтур йоцийла хаар-кх цунна. Цуьнан бIаьргаш чухьаьжча а гуш дара-кх и сурт. Тхойшиъ цигара цIаян йоьлча, сан йоIа Залинас шегара шен кехаташ соьга схьаделира.

Хьал цаьргахь дан а дацара. Гуманитаран гIо дара царна деш: гарзанаш, даьтта а. Кхин хьелаш дацара цигахь».

Ала догIу, Саламова ПетIаматана, ша шен йоI чохь кхиийна йолун дела, хIусамда Шема дIавахча, тIаьхьа яха цуьнан хьуьнар кхочур долуш яц моьттина хилла.

ХIетте а, цIа а ялийна, шена уллехь латтош хилла цо иза. ТIаккха а, мичара долу а ца хууш, шена махкара арайолу паспорт а даьккхина, 7 бутт болу кIант а эцна, дIаяхна иза цига.

Шена хIинца а ца хаьа боху цо, Оьрсийчоьнан дозанхоша ара муха ялийтина иза, кIентан метрика карахь а йоцуш, бохуш цецъюьйлу и зуда.

Саламова: «Иза дIа ма яхнехь, ас гIодехнера. Турцехь а хан яьккхинера цо. Сихха хевзинехьара юхаялалура а яра аьлла хета суна иза. Хан дIаялийтира цигахь. Иштта гена яьлла сан йоI».

ХIинца кхо бера ду цуьнан йоIан. ТIехь цIийнда а воцуш, тIом боьдучу нехан махкахь йисина иза. 4 бутт бу боху цо шеца иза зIене яланза. Иза цIа а ерзийна, кхело цунна хан тоьхча а реза хир яра боху цо.

Гаджиева Заремас шен кIанте Шемахь ша цунна тIекхаьчча бехна хилла хьайн зудий бераший цIадигийта аьлла. Амма реза ца хилира иза, бохуш дийцира цо.

Гаджиева: «Сайн кIанте а ма элира ас, хьо цIа ца вагIахь, уьш цIабахкийта аьлла. Тхан доьзал бу хIара. Рицкъ хилахь цIадогIур ду шаьш элира цо. Залинина лууш дара бер цIадаладайта. ТIаьхьо цунна ца лиира.

Хьо вала араваьллехь, уьш хьайн тIаьхьа ма бига, аьллера оха. Тхо "горга стоьлехь" дакъалоцуш долуш, цигахь цхьаммо элира, уьш цIабалийча ца тоьу, оха кхузахь 20 шераш а детташ, чубухкур бу уьш, аьлла. Цунна а тхо реза ду-кх, уьш чубоьхкина а, и бераш дийна дисчахьана».

Нохчийчуьрчу Iедалшка Оьрсийчоьнан регионашкара дехарш до дуккха а наха, шайн-шайн бераш Шемара а, Иракъера а цIадерзош гIо дахьара бохуш. Шайга хIинцале а наноша чуделла 22 кехат ду, дийцира бакъонашларъярхочо Саратова Хедас.

Саратова: «Телефонехула а, кехаташца а Туркойчуьра а, Петарбухера а, ГIезалойчура а шайн берийн бераш кIелхьардахахьара бохуш, дехарш до наха. Тхан офисе баьхкинчу зударша чуделлачу кехаташца мел кIезга а 30 бер ду хууш. Ткъа дерриг а чудделларг ду 22 кехат. И бераш цIедерзош накъосталла динчун боккха мел хир буй-м хаьа суна. Тхо а тхайга далург дийр долуш ду».

Шемахь а, Иракъехь а дисинчу шайн кIентийн а, йоIарийн а берийн кхолламана тIе тидам бахийтаран Iалашонца гергарчу хенахь Соьлж-ГIалахь йоккха акци дIаяхьа дагахь бу и бохам хьакхабелла зударий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG