ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох - Лондонан девнехь Британина тIехIоьттина Европа


Британи vs Оьрсийчоь. Поилитикан а, дипломатин а кризис.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:09 0:00
Линкана тIе

Британехь оьрсийн шпион хиллачу Скрипал Сергейна дIавш дар бахьана долуш цхьа могIа керла гIулчаш яха кечъелла ша Ингалспачхьалкхе а, цуьнца цхьаалла гойтуш йолу Цхьаьнакхетта Европа а. Цу гIулчех цхьаъ ю Москохара Евробертан векал юхакхайкхар.

Германера орамаш долу дипломат Эдерер Маркус ву Москохахь Евробертан, Оьрсийчоьнан юкъаметтигашкахь векалла лелош верг. ХIинца иза цкъачунна билгалъяьккхина йоцучу ханна цIакхайкхина Европин куьйгалло.

Британехь Литвиненко Александр полоний дIавшаца вийна I2 шо даьллачул тIаьхьа юха а дIавшан тIелатар дарна бехке Оьрсийчоь хиларх шеконаш яц уггаре а тIеIаткъамечу Евробертан пачхьалкхийн. Царна юккъехь Германи а, Франци а, Нидерландаш а ю.

Иштта,Германин канцлер Меркел Ангела а, Францин президент Макрон Эммануэль а лерина и хилам бийцаре бан вовшахкхийтира Британин урхаллин куьйгалхочуьнца Мэй Терезица. Мэйс цу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхира, Скрипалана дина тIелатар иза „Оьрсийчоьнан Европина а, шен лулахошна а дуьхьалчу агрессин политикан дакъа ду„ аьлла.

Делахь а, массо а Европера пачхьалкхаш яц Британица цхьаьна Оьрсийчоьнан леламаш емалбан кийча. Къаьстина урхаллехь аьтто ницкъаш болчу мехкашкахь гIортораш алсам ю Кремлан. Австрехь, масала. Цу махкахь Iедале еана ши парти, консервате Халкъан партий, аьтто-консервативе Маьрша партий ший а Кремлаца гергарло деза лоруш ю.

Къаьстина аьтто хьежамаш болу Маьрша парти гIаръяьлла ю Европехь Оьрсийчоьнан интересийн гIаролехь латтарца. Цу партино арахьарчу гIуллакхийн министр хIоттийна йолу Кнайсл Карин хьалхарниг яра Европерчу Iедалхойх, Скрипална дIавш дарна бехкениг билгал Оьрсийчоь юй хууш дац, цундела хенал хьалха хиллачух жамIаш дан гIерта мегар дац, аьлларг.

Австрина тIаьхьа шаьш Оьрсийчоь бехке еш ца хилар хаийтира Грецерчу Iедалан куьйгалхоша а. Желтойн мехкан векалш бара Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министраша гулахь динчу Британин белшашгIорторан дIахьедаран чулацам кIадбан беза аьлла хетачарна юккъехь. Италин а, Венгрин а векалш а бара иштта цкъачунна Оьрсийчоьнна дуьхьал дера дIахьедар дан мегар дац аьлла хеташ.

ХIетте гергарчу масех дийнахь оьрсийн дипломаташ Британин масалца махкара арабаха там бу цхьа могIа Европерчу пачхьалкхаша. ХIинцале а и гIулч яккха кийчахилар хаийтина Данис, Ирландис, Литвас.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG