ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан некъан полицино керла хийцамаш бина шайн низамашна. Коьртаниг бу- машен постехь а доцуш, муьлхачу меттехь сацо а, цунна урхалла дечунна кехаташ талла а йиш хилар.

И бакъо хьалха яцара, некъаца машенера цхьа а гIалат ца даьлча, амма тIаккха а, и машен посте дIа а йигина, цигахь талла бакъо яра. Цхьана дашца аьлча, коьллаш тIехьа левчкъинчу полисхошна бакъо елла кхин дIа а иштта болх бан. Бакъду, керлачу низамехь билгалдоккхуш ду, полисхойн машен геннара ган еза некъаца лелачарна, цаьрга низам ца дохадайта.

ГИБДД-но тIеоьцу керланиг, цхьанна а кепара шайна пайдехь хира ду аьлла ца хетамашенлелархошна. Мелхо а, церан бакъонаш шоръеш, шайниш кIезгаеш ю аьлла дийцира таксхочо Умалатов Заурбек.

Умалатов: «ХIинцалца а муьлхачу меттехь дIахIуьттуш бара уьш. Со дозаналла арахь лелаш ву. ГIалмакхой а, дагестанхой а, Аштаркхнера а лаьтта некъашца радаршца. Кхин хIун хийцамаш хира бу-м ца хаа суна».

Ша къона машенлелархо валахь а, кхочучу барамехь меттигерачу ГИБДД-н белхахошца гIуллакхаш Iоттаделла ву Соьлж-ГIалара вахархо Сангариев Рустам. Нохчийчохь некъан полисхошкахь яьккхий бакъонаш ю, цундела, цаьрца хIума къовса а, нийсонна тIеван а аьтто бац. Тахана а махкахь лелаш дерг герзхочун дош ду, -элира цо.

Сангариев: «ГАИ-но керла низам ца даьккхича а шайна луучу меттехь лаьтташ ма бу уьш. Цаьрга хIума олуш стаг вац. Сацийча а, шу хIун бакъонаш ю кхузахь латта, ала хIуттуш вац цхьа а. Цундела и низам даьккхича а, ца даьккхича а суна башхалла ца хета».

Умалатов Заурбек мехкан дозаналла арахь механ нах машенца лелош ву. Атта болх бац иза, дела денна аьлча санна 700-800 чакхарм некъ бар, боху цо. Уггаре а халаниг ду, бехк-бахьан доцуш некъан полисхочо сацийча, цуьнца бийца мотт ца карор, элира цо.

Умалатов: «И хIуманаш лелош гIалмакхой бу. Нохчийн маттахь а олу цара «ахча лохь». Ахь низам ца дохийнехь а, ахча доьху».
Карарчу шарахь Нохчийчохь некъан бохамаш кIезгабелла бохуш кхайкхамаш бо Iедалша. Стохка 376 некъан бохам хиллера, юкъахь 125 стаг а леш, 600 ца кхоччуш лаза а веш. Кху шарахь дерг цкъачун гIардаьккхина дац.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG