ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву "цIийца яздина некъан низамаш" дохош верг?


Нохчийчоь -- РогIера некъахьовзам хилла махкахь.
Нохчийчоь -- РогIера некъахьовзам хилла махкахь.

Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь кху деношкахь дIайолийна "Кхерамазаллан некъаш» олу Iедалан программа. Хан йоцуш дIахьон йолчу оцу акцехь некъан низамаш лар ца деш берш емал бар а, цу хьокъехь кхетош-кхиоран болх бар жигар баккхар а дуьйцур ду. Иштта гIараяьккхина некъаца зуламаш лелош берш гучубаха кечам бина машен а.

Дуьххьар и акци йолийна ХIирийн а, ГIебарта-Балкхаройн а мехкашкахь а, Нохчийчохь а. Цунна лерина бара кхаариндийнахь цу хьокъехь Соьлж-ГIалахь Iедалан цIанехь дIабаьхьна гулам.

Цигахь дакъалаьцначара шайна юкъахь ГИБДД-н белхахой а, лаккхара Iедалхой а болуш, билгалдаьккхира ира лаьттачу оцу гIуллакхан леррина терго ян езаш хилар. Цара дийцарехь, мел чIагIамаш бича а, оцу зуламашца латточу къийсамо кхоччуш жамIаш дохьуш дац.

Нохчийчохь некъан низамашца гIуллакх дика ца хиларна терго йина дукха хан йоцуш Соьлж-ГIаларчу дарбан хIусамехь хан яьккха езначу юкъаралхо, кинорежиссеро Коканаев Руслана. Шена гинчу суртах лаьцна иштта дуьйцу цо.

Коканаев: «Дийнахь а, буса а чукхоьхьуш бара лазийна нах. Цхьаберш белира. Реанимацехь 2-3 дийнахь Iоьхкура уьш. 13 шо кхаьчна йоI яра цига ялийна, тIе машен а тоьхна. Когаш а, пIендарш а кегдинера цуьнан. Вортан даьIахк а кагйинера.

Ас интернетехь йолчу социалан сайн агIон тIехь яздинера, ларлахьара шу, машенаш сиха ма хехкахьара аш аьлла. 2-3 секундехь хуьлу и бохамаш, амма шерашкахь дахло и бала такхар».

Нохчийчохь, вайна ма хаара чIагIам бина бу некъан низамаш лардарехьа. ГАИ-н белхахошка шуьйра бакъонаш а елла. ХIетте а, и бохамаш кхилар лахлуш дац. ХIун бахьанаш ду цуьнан, хIун дан а дезара уьш ца хилийта?

Коканаев: «Некъан низамаш лардан деза. Уьш цIийца яздина ду. Суна хетарехь, сонта лелаш болу нах совца беза. Цаьргахула ду аьлла хета суна зулам. Миска воьдуш верг, лар а луш, лела некъаца. Шай шуьйра бакъонаш ю бохуш лелачу нахера схьаду аьлла хеташ ву со иза».

Нохчийчохь, некъан бохамийн статистико гайтарехь, некъахьовзамашкахь хуьлу зуламаш лахделла аьлла ду 30 процентана. Амма стохка оцу бахьанехь 10 баттахь 99 стаг вийна республикехь, шайна юкъахь 15 бер а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG