ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iазапен" бехктакхаман гIуллакхаш. ЕСПЧ-кхело сацамаш бинчул тIаьхьа муха йуха (ца) луьсту Кавказан бахархошна дина таIзарш


Страсбургера Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло, Франци. 2018-чу шеран оханан бутт
Страсбургера Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло, Франци. 2018-чу шеран оханан бутт

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело йуха а толлуш ду Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело иштта тIедахкарш дина гIуллакхаш. Дуьйцурш ду, 2022-чу шеран зазадокху-батте кхаччалц листинарш, Оьрсийчоь Европан Кхеташонна йукъара йаккхалц. Дукха хьолахь гIуллакхаш йухалуьсту, тIехь ницкъбина бехкаш тIелацийтина шайга бохуш, таIзарш динчийн латкъамашца доьзнарш.

Кхилбаседа Кавказера бахархойн резонансе "Iазапен" гIуллакхех а, иштта дукха хьолахь уьш йухалистар формале стенна хуьлу а дийцаредира Кавказ.Реалиино юристашца а, бакъоларйархошца а.

"Ичкерин зенитчикаш" а, Дагестанера хьаькамашна кIелойар а

Стохка аьхка Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело сацамбира, шогачу хьелашкара набахтехь даккха 17 шо тоьхна Гаирбеков Газимохьмадан гIуллакх йуха а кегор. Кхелан версица, Дагестанан Пенсин фондан куьйгалхочун, вице-премьеран Амутинов Амучин машенашна улло хIоттийна хилла машенаш шозза лелхийтинера ГаирбековгIеран вежарша Газимохьмада а, Махьмуда а 2004-чу а, 2005-чу а шерашкахь. ШолгIа эккхийтар дечу хенахь цига кхаьчнера къайлахчу сервисийн белхахо а, цигахула тIехволуш хилла кхин цхьа шиъ а. Гаирбеков Газимохьмада йуьхьанца дуьйна дIахьедира, ша бехке цахиларх.

ТаIзар динчун дешнашца, 2005-чу шеран оханан баттахь иза лоцучу хенахь йиттинера цунна Соьлжа-ГIаларчу МВД-н оперативан-лехаман декъехь, СИЗО-ра лоьро белш чуьрайаьлла элира хIетахь. ГIуллакх луьстучу заманчохь Дагестанан Лакхарчу кхело, лаьцначух пIелг хьакхийна бац шаьш баьхначу ФСБ-н белхахойн позици лецира. 2010-чу шарахь Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле (ЕСПЧ) латкъам бира, иза листира дечкен-баттахь "Фредриксен а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьллачу йукъарчу гIуллакхан гурашкахь.

Бозуш боцу а, массо агIор а таллам бина бац кхелаша

Страсбург къера хилира, шогалла лелорах дина бакъ дIахьедарш бух боцуш йухатеттина хиллера, ткъа даредайтина тIехь ницкъбина аьлла. Цунна компенсаци хIоттийра динчу зенашна дуьхьал 52 эзар евро. Бехктакхаман гIуллакх йухалистийта бахьана хилира цунах Лакхарчу кхелана.

2022-чу шеран лахьанан баттахь Оьрсийчуьра кхелан инстанцино изза сацамбира нохчийн Салаватов Шамсуддинан а, Джантемиров Доккин а, Хабибулаев Висханан а, Мациев Султанан а гIуллакхашкахула – 2008-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхело царна белла дIабовллалц чохь йаккха хенаш туьйхира (бархI шой ахшой тоьхна Хабибулаев дIаваьккхича). Джантемировна шолгIа хан йу тоьхнарг, дуьххьара таIзар дира цунна 2004-чу шарахь.

Кхелан версица,1999-чу шеран дечкен-баттахь Мациев дIакхийтира гIаттамхойн хьалханчан Хаттабна мутIахь йолчу Садаев Мусан тобанах. Ама цул тIаьхьа шен герзашца тоба вовшахтуьйхира цо. 2021-чу шеран гезгамашин-баттахь цара йохийра, Коьрта штабан лаккхара даржхой тIехь хилла зенитан-ракетан "Игла" комплекс. Цул совнах, уьш бехкебира цхьа могIа теракташ йарна, цу йукъахь а веллера бIе стаг.

ТIехь ницкъбина тIелацийтина шайга бехкаш бохуш, дIахьедора таIзардинчара, амма оцу тIехула бехктакхаман гIуллакх дуьхьал айдан реза ца хилира. 2020-чу шеран гезгамашин-баттахь прокуроран омраца дуьхьалойар дIатеттира, кхин цкъа а талла хьажийра гIуллакх, амма Талламан комитетна тIаккха а зулам дина меттиг ца карийра.

2009-чу шарахь Нохчийчуьра бахархой, "Википедино" "нохчийн гIаттамхойн тоьлла зенитчикаш" лерина болу, ЕСПЧ-кехеле бевлира. Латкъам иштта листира оццу "Фредрикен а, кхинберш а Орсийчоьнна дуьхьал" аьллачу гIуллакхан гурашкахь. Мациевна а, Хабибулаевна а, Джантемировна а, Салаватовна а 52 эзар еврош хIиттийра.

"Пачхьалкхан белхахоша тIехь гIело латтош хиллера аьрзнаш динчарна тIехь, цундела "даредина" цара, бехкаш шайна тIелоцуш, царех тоьшаллех санна пайдаэцна йоьдучу кхелехь. Бозуш боцуш, массо а агIор таллам бина бац суьдхоша", - аьлла ду Орсийчоьнан Лакхарчу кхело дийцарехь, ЕСПЧ-н сацамехь.

Тоькаца ницкъбар, зуда хьийзор йу бохуш, кхерамаш тийсар

Стохка стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацамца йуха долийна Нохчийчуьра вахархочун Чапанов Iумаран гIуллакх – иза бехкевина 19 талораш дарна а, къоланашна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. ТаIзаре хIоттийначо дохку бехкаш тIе ца лоцу, цо чIагIдо Iазапаш хьегийтина, тIелацийтина шега уьш. Милцоша хи чохь пластикан шиша диттинера цунна, цуьнан дегIах электродаш тийсинера, латийна цигаьркаш Iиттинера, противогаз тIе а йоьллина, садукъош хьийзийнера.

Масех де даьллачул тIаьхьа милицин декъе йалийнера цуьнан доьзалхочух йолу хIусамнана, кхерамаш тийсинера иза хьийзор йу шаьш, нагахь санна, хIара дуьхьал хилахь бехкаш тIелаца. Вагийна тIехь муонаш хиларо а, цул тIаьхьа лазийна хилар а тIечIагIдинера лоьрийн кехаташа а.

2021-чу шеран товбеца-баттахь ЕСПЧ-кхело "Орзабаев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал бу" гIуллакхехула бакъдира тIехь ницкъбина хилар, 20 эзар евро компенсаци цунна далар тIедожийра.

ТIаьххьарчех масал ду – стигалкъекъа-беттан 31-чохь Лакхарчу кхело теллина Эдигов Сулейманан гIуллакх. Иза бехкевина ГИБДД-н белхахочун дахарна тIекховдарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Оцу гIуллакхехула талларш дар карладаьккхира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Оцу йукъанна 2014-чу шарахь бина сацам хийцаза битира.

ГIуллакх юха а листа бух хилира 2021-чу шеран гIуран-баттахь ЕСПЧ кхело Эдиговн гIуллакхехула бинчу сацамах. Цунна тIехь гIело латтийна, ницкъ бина, цхьана а кепара кехаташ а ца хIиттош, вехха лаьцна латтийна иза, дIахьедира кхелахоша. Страсбургера вердиктан буха тIехь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан куьйгалхочо Лебедев Вячеслава аьллера, бехктакхаман гIуллакхехула йуха а талламбан беза.

Бехкбиллархойн версицам, 2012-чу шеран йуьххьехь, 2009-чу шарера схьа дуьйна Швецихь ваьхначу жимчу стага, ша Нохчийчу хьажа-хIотта веанчу хенахь герз тоьхнера ГИБДД-н белхахочунна Юсупов Муратана. Эдиговс дIахьедо: иза лаьцначул тIаьхьа ницкъахоша цхьана баттахь а, эхабаттахь а ларми чохь латтийнера иза, йетташ, тоькаца ницкъбеш, иза лацаран хьокъехь кехаташ ца хIиттош. Цо ма-дарра дийцинера цхьана дийнахь шегахь латтийначух: пIелгех серий хьерчийна, церан йуьхьигаш мIерех тийсина ток йеттийтинера. Ток йеттийтар бахьана долуш куьйгаш тIехь лоппаргаш хIиттинера цунна, тIаьхьа куьйгаш дахкадала доладелира. Церан лараш гайтира цо йоьдучу кхелехь.

2014-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Александров Германа куьйгалла а деш, Нохчийчуьра Лакхарчу кхело шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха 14 шой, ахшой туьйхира цунна. ТаIзар кхайкхадале масех бутт хьалха йуьхьанца дуьйна цуьнан гIуллакх толлуш хилла федералан суьдхо Абубакаров Вахьид йукъаравелира – цо дийцира Нохчийчуьра МВД-н куьйгалло шега телефнаш йеттарх, иза бехказа воккхуш сацам бахь могуьйтур дац бохуш.

2013-чу шарахь Сулейманан нана Умарова Зина "Iазапашна дуьхьал Комитетан" бакъоларйархошка йелира. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан талламхоша йалхозза дуьхьало йира Iазапаш хьегийтарх гIуллакх долон. И латкъам бара юристаша ЕСПЧ-кхеле хажийнарг а.

"Олалла дечу классан лаам"

Оьрсийчоь Европан Кхеташонна йукъара йалале хьалха ЕСПЧ-кхело и сацам бинехь, тIаккха Лакхарчу кхело луьсту оцу кепара гIуллакхаш, хIунда аьлча, хIетахь ЕСПЧ-н тIедахкарш кхочушдеш, декхарш тIелоьцура Оьрсийчоьно. Цунах кхетийра Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарихь "Мемориал" центран юристо Черникова Татьянас.

"Нагахь санна, коьртачу бехктакхаман гIуллакхехула талларш дар карладаккхахь, таIзар йуха а ца доккхуш, дуьйцург хила тарло, Страсбурган сацам кхочушбан формалехь хьовсар. Оцу кепара Лакхарчу кхело олуш санна хета: ЕСПЧ-н сацам оха тергоне эцна, оцу гIуллакхехула йуха листарш дина, амма хIуммаъ а хийца оьшуш дац", - кхетадо юристо.

Европан Кхеташонан министрийн комитето, цо бахарехь, оцу кепара бина сацам кхочушбар тIе ца оьцу, хIунда аьлча, цу йукъанна ЕСПЧ-кхело билгалдаьхна кхелан кхачамбацараш цара нисдеш цахиларна. ГIуллакх йуха толлуш бертаза даьхна мукIарлонаш лара ца деза, уьш тоьшалин базера а дIадаха деза. Ткъа царна тIехь гIело латтор талла деза, тIетуху Черниковас.

ТIаьххьарчу шерашкахь ЕСПЧ-кхело йухалиста аьлла, хьежийначу доллу аьлча санна бехкзуламан гIуллакхашкахула Лакхарчу кхело куьцна бен терго йеш йац. Йуха меттахдоккхура цо гIуллакх таIзар дIа а ца доккхуш, йа жимма хан охьайоккхура. ТIехь ницкъбина даредайтина гIуллакхаш шаьш цхьаъ хилла ца Iа, тIечIагIдо "Iазапашна дуьхьало йечу Командин" юристо Валиева Эльзас.

Вахархочун агIо лоцийла ма дац цара. Церан кхетамехь, бакъо – низаме берзийна ницкъахойн лаам бу

"Лакхарчу кхело тIаьхьа-хьалха чIагIдора, иштачу гIуллакхашкахь бехк хилар тIечIагIдо, бертаза дайтинчу мукIарлонца догIуш доцчу кхечу тоьшаллашца цхьаьна. Ишта а массо а дика кхеташ вара, бухехь и мукIарлонаш дуйла, ткъа кхиндолу тоьшаллаш йа тоаме ца хуьлу, йа динчу мукIарлонца уьйр йолуш хуьлу", - кхетащо Оьрсийчоьнан кхелан логикех къамелдечо.

Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь адвокат Захватов Дмитрий реза хилира: нагахь санна, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело ЕСПЧ-кхелан сацамаш кхочушбеш ца хиллехь, 2022-чу шеран зазадокху-бутт байначул тIаьхьа бина сацамаш банне а бийр бац тергал.

"Вахархочун а, ницкъахочун а агIо лоцийла ма дац церан, церан кхетамехь, бакъо – низаме берзийна ницкъахойн лаам бу Цундела царна дерриг а- бисинчарна низам. Иштта ду-кх", - аьлла хета Захватовна.

2022-чу шеран зазадокху-беттан 16-чохь Украинана тIелатарна Оьрсийчоь йукъара йаьккхира Европан Кхеташонна. Дуьхьал жоп лучу Москвано сацамбира, цул тIаьхьа хиндолу ЕСПЧ-н тIедахкарш кхочуш ца дан. Оцу кепарчу сацамна куьгйаздира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь "Iазапашна дуьхьал Командо" зорбанейаьккхира, Къилбаседа Кавказехь полисхоша лелочу гIелонах "ТаIзаран арифметика" аьлла рапорт. Бакъоларйархойн хаамашца, 87 процент гIуллакхашкахь Талламан комитето дуьхьало йина бехктакхаман гIуллакхаш долон.

  • Орсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн информацица, 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу I 700 нахалахь схьакараво 20-30.
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу йукъанна "Новая газето" а, бакъоларйаран "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамаш бира Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь республикехь лачкъийна нах бу латтош аьалла. "Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.
  • Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело чуэцна гIело лайначу Оьрсийчоьнан ворхI вахархочун латкъам, цхьаъ чубелла Краснодаран кIоштара бахархоша, кхин цхьаъ – Волгоград-махкара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG