ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь иллеш алар дехкар хьехна нохчийн филармонин директоро


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийн пачхьалкхан филармонин директоро Шагидаева Динас дIахьедина, "культурица боьзна а боцуш, шайггара социалан машанашкахь иллеш олучу артисташца къийсам латтон" дагахь хиларх.

"Шаьш нахалабовла луучу зудабераша а, кегийчу наха а эшарш лоькхуш, артистех тера лелаш, филармонин а, кхечу синбахамаллин хIусамашкарчу а иллиалархойн кепехь лелаш, меттигаш баьржина", - боху Шагидаевас. "Нохчийн кегийрхошлахь магийта тарлуш доцург ду иза" аьлла, тIетоьхна цо.

Директорна хетарехь, культурин сферехь официлаехь болх беш боцчу нехан бакъо яц социалан машанашкахь, йа цхьа кхечу майданашкахь шаьш артисташ ду а бохуш, иллеш баха.

"Оцу кепара ша-шен кхайкхоралла шога сацо дезаш ду!", - дIахьедина Шагидаевас.

Кху деношкахь нохчийн парламентан спикеро юьхьанца емалбира меттигера бахархой, социалан машанашкарчу эфирашка буьйлуш болу, "Тик-Ток" а, "Биго лайф" а билгалйоккхуш.

Карладоккху, 2019-чу шарахь Нохчийчоьнан пачхьалкхан "Грозный" телеканало сюжет гайтира шен эфирехь, хIетахь культуран министр хиллачу Дааев Хож-Бауддис филармонехь болх беш а боцуш, шайн лаамехь эшарш лоькхучаьргара бехкаш дохуш. Официалехь синбахамаллин белхахой а боцуш, эшарш, иллеш олуш лелачу кегийрхошна шаьш реза цахилар дIахаийтира синбахамаллин урхалло.

ХIора иллиалархочун композици магийна хила еза, дерриг а нохчийн менталитетан гурашкахь хилийтархьама кхоьллинчу леринчу комиссино аьлла, дIахьедира министро. Культурин министраллаца боьзна а боцуш, амма "шаьш артисташ лору нах" ловзаршка ма кхийкха аьлла, кхайкхамбинера Дааевс. Музыкех цхьана а кепара кхетам а, хаарш доцу и нах хьакъ бац аьллера министро ловзаршкахь иллеш ала.

Министро бехкаш дохура йоьдучу сюжетехь тIебалийначу кегийрхошка. "Шуна хаьа лела?", - хоьтту камера тIе а хьежош, кхаа зудабере. "Эхь" ду аьлла Дааевс, республикера ара а буьйлуш аш лелорийг.

Интернет-иллиалархоша шаьш дохкодевлла лелийначунна, тIейогIучу хенахь шайн лаамехь кхоллараллехь болх бийр бац шаьш аьлла, дош делира.

Шайна хетарг лоькху а, шайна ма хетта хелхарш ден а зама тIехтилла аьлла, билгалдаьккхира хьаькамо эфирехь. "ДIахIиттийна низамаш ду: мехкан да а, Iедал а, низам а ду. Забарш цхьангга а йойтур яц", - элира культуран министро телевизионан эфирехь.

Оьздангаллин министраллаца дага а а ца буьйлуш, иллеш алар артисташна дехкарца шаьш нохчийн ламасташ Iалашдан гIерта аьлла Нохчийчоьнан Iедалхоша, амма юкъараллехь кхин бахьанаш даладора.

Республикехь кхоллараллана тIехь а монополи дIахIотто лаарца юкъадаьккхина хIума ду аьлла, тешна вара оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо. Цунна хетарехь, "нохчийн гIиллакхех" доглозуш юкъадаьккхина дацара и дехкар.

"Конкуренци дIаяккха Iалашонца юкъаялийна цензура. Гуш ма ду, и иллиалархой гоьбовлар а, Кадыровн артисташчул а мах цара лахара боьхуш хилар а. Цундела оцу некъашца церан бага лакъо гIерта", - аьлла, хетара Абдурахмановна.

"Кавказ.Реалии" портало хеттарш динчу тергамчаша ишта хьалхо дIахьедира, говзалла йоцчу эшаршлакхархошна болх бар дехкар, "нохчийн этикаца" церан иллеш а, лелар а догIуш цахилар хилла Iир дац аьлла.

Културан министраллан официалан белхахоша санна, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан доьзал а хестош, иллеш ца олу бозуш боцчу артисташа. Цундела церан кхолларалла дехкарца - царна дийриг таIзар хила а тарло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG