ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIусамдас шен цIийнанана йитина ша аларца бухуш бу церан доьзал"


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Дай баьхначу латтаца йолу уьйр къаьсттина чIогIа хиларца, Даймохк атта дIатосуш цахиларца билгалабевлла бу вайнах. Амма Нохчийчохь а, ерриге Кавказехь а тIаьхьарчу шерашкахь лаьттинчу хиламаша гойту тахана шайн махках бевлла вайнехан мухIажираш аттачу бахьанца бевлла боцийла.

Ткъа ерриге халонех чекх а девлла, хийрачу махкахь шаьш дIатарделча, шайн къоман ламасташ лардан а, мотт ларбан а, динаца нисдала а, бухарчу къомаца дика юкъаметтигаш лелон а гIерта вайнехан къам.

Амма и дерриге а лардар ша-шех хуьлуш дац цхьамма цу тIехь къа ца хьегча. Цу Iалашонашца кхоьллина ю Европехь вайнехан ассоциацеш а, мотт Iаморан ишколаш а, цу Iалашонашца хьехамаш а бу маьждигашкахь беш.

Францерчу Ниццехь маьждиган имам а, диаспоран а, масех ассоциацин куьйгалхо а ву Магамадов Рамзан.

Нохч-гIалгIайн ассоциацешкахь шаьш дан леринчух а, шаьш дечух а лаьцна иштта дуьйцу цо: "Ниццехь а, Ниццана гонаха а Iаш болчу вайнехан ассоциацино кхузахь беш болчу белхан коьртан Iалашо - вайнехан маттахь царна дин хьехар а, тIейогIучу хенахь нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, иштта кхузахь Iаш болчу баккхийчарна (Iамо луучунна) францхойн мотт а Iамор а ю, иштта кхузахь оьшучунна накъосталла дар а, иштта тIевогIучунна а.

Хьужаре лелаш бераш дукха ду, ткъа чоь жима ю, бохуш вара Магомадов: "50 бер ду вай дIайиллинчу хьуьжаре лелаш. Карарчу хенахь чоь жима ю тхан, амма кхин а йоккха чоь хилча, тхайн белхаш шордан Iалашо ю тхан, Дала мукъ лахь."

Iедало беш болу бехкамаш мухха белахь а, цкъа дино хIун боху ца хиъча, шаьш лелочуьн мах хадон ца хIуьттучарна къасттина пайдехьа хуьлу бух а балош бина хьехам.

Ватсапехула шуьйра баьржина бу, социалан ахча совдалийта, шаьш къаьстина ду, аьлла кехаташ кечдинчеран хьокъехь дино хIун боху дуьйцуш Ниццерчу маьждиган имама Магамадовс бина хьехам.

Тахана ахча сов эцархьама кехаташца бозбуанчалла лелочарна дино и саннадерг муха емалдо дуьйцу цо шен хьехамехь: "Вай цу тIехь белхаш а бина масех дийнахь, дуккха а Iеламнахе а хоьттуш, шуна цунах дуьззина жоп хилийта гIерташ къахьегна ас цу тIехь".

Цу шен белхан жамI иштта довзийтира имамо: "Мэрехь куьг а таIош, нагахь цхьаммо шен зуда йитинехь... (цо куьг ца таIийча а, боху Iеламнаха, ткъа куьг таIош йитича хIете а чIагIлуш ду иза) цо куьг ца таIош а, ас сайн зуда, хьенехан йоI йити, аьлла цуьнгара и дешнаш девллехь, я и сан зуда яц, ас иза йитина ю, тхо дIасадевлла ду, аьлла цо цхьангге аьллехь, цкъа алахь а, шозза алахь а, кхузза алахь а, хIоразза а йитина хуьлуш ю и зуда, ткъа цунна хьарам хуьлуш ю. Мах боьхна бу церан.

Цуьнан чIогIа таллам беш, Парижера болу муфтиятехь фатваш луш болчу Iеламнахе а, Турцера а, СаIудера а Iеламнахе а хиттина делла жоп ду хIара."

Масех махкара Iеламнахаца зIене ваьлча, цара мел аьлларг бухе а диллина, цу кехаташца бозбуанчаллаш лелочара шаьш тIелаьцначу махкана зулам дина а ца Iаш, шайн синна а, дахарна а мел зулам до.

Цуьнах лаьцна иштта дуьйцу Магамадовс: "Хьалхара бехкам : хьо тIевеъначу пачхьалкхан низам лардан дезаш ву хьо, царна ямарта хила йиш йолуш вац хьо, боху Iеламнаха. ШолгIаниг- социалан белхалошна, я кхелахошна тIе а вахна, со зудчуьнца къаьстина, аьлла схьаоьцуш долу ахча хьарам ду хьуна, боху".

Кхин цхьа мехала хIума а элира имамо: "Ткъа Делан дашца шена хьанал йина йолу зуда ша шена юха хьарам а йой дуьненчу довлуьйту бераш шеконехь ду, боху Iеламнаха. ХIунда аьлча, цо зуда йитина ю, йитинчу зудчуьнца Iаш ву иза."

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG