ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фондо Мерседес елла ММА-н латархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо совгIатна Мерседес машен елла Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубан латархочунна Дураев Альбертна UFC-н турнирехь толам баккхарна. Цунах лаьцна хаамбина, автомобилна уллохь даьккхина спортхун сурт инстаграме хIоттийначу "Ахмат" клубо.

Кемероверчу Копылов Романца тасавелча ГIадужу-беттан 30-чохь Абу-Дабихь хиллачу латаршкахь толам баьккхинера Дураевс.

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, йа Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо совгIаташ дира Мерседес машенашца латархочунна Чимаев Хьамзатна а, Дагестанерчу блогерна Магомедов Хасбуллина а, "Ахмат" клубан кхаа латархочунна а, "Голос" иллиалархойн шоухь тоьллачу Умаев Амирханна а, къорза береташ кхаьчначу шина ницкъхочунна а.

Кху шеран ГIадужу-беттан 18-чохь дуьненчу бевллачу кIентийн дай-наношна Кадыров Ахьмадан фондан чоьтера 100 эзар соьмаш дIасадийкъира, Мохьмад Пайхамаран винчу денна лерина.

Кадыров Ахьмадан цIарах Фонд Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллан "Магнитскийн Глобалан актан" буха тIехь (Вашингтоно пайдаоьцу цунах адамийн бакъонаш талхийна аьлла хетачу нахана тIехь Iуналла деш) долчу санкцийн тептарехь ю. Организаци дукхазза бехкейира, фонде бертахь-бертаза ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма мехкан урхалхочо бехкаш тIе ца дуьту.

  • Американ Iедалша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре ехира. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • 2019-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондана пайда хилла 6,075 миллиард соьмана. Организаци масийттазза бехкейира, бюджетан белхахошка бертаза фонде ахчанаш дохкуьйту бохуш, амма Нохчийчуьрчу Iедалша а, республикан дешаран министралло а харцдира иза.
  • Формалехь фондан куьйгаллехь ю мехкан куьйгалхочун нана Кадыров Аймани.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG