ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кема дохар таллар, Кадыров "лайкашца" хестор, майнинг йехкар. КIиранан жамIаш


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Адамаш дIасалелон кемана Нохчийчоьнан стигалахь дина тIелетар таллар, Кадыровн посташна бухахь нохчийн хьаькамаша дитина йозанаш, Нохчийчохь майнерш террорхойх "дIатохар" – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах арайолучу Маршо Радион 96-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Доьхначу кеманан хьокъехь керланиг

Дахначу мукъаденошкахь президенто Путин Владимира бехк ца биллар дийхира Азербайджанан Iедалхошна хьалха нах дIасалелон "Азербайджанхойн авианекъийн" кема дохорна. И чудеара Казахстанехь байначу беттан 25-чохь. Кеман чохь хиллачу 67 стагах дийна висира 29. Гечдар дехар хьакхаделира – цитата- Оьрсийчоьнан хIаваэхь хиллачу "бохамах". Ишта элира Путина Соьла-ГIалина тIехула доьдучу кемана хIаваъ лардечу гIирсашца тохарш дарх.

Бакура Соьлжа-ГIала доьду кема х1алалкдар тIечIагIдира Азербайджанан президенто Алиев ИльхIама. "Тхуна хаьа, тхан кема урхаллех дохийна хилар радиоэлектронан къовсамца", - дIахьедира политико. Иза тешна ву, кема ларамза дохийна хиларх, амма новкъадеана цунна, Оьрсийчоьнан официалан нах – цитата - "и хаттар дIадижон" гIортар.

Карладоккху, гIуран-беттан 25-чохь Iуьйранна Нохчийчоьнна рог1ера йуха а дронашца тIелатар дира.

Къилбаседа Кавказехь дронашца тIелетарш дарна "Ковер" олу план йара йукъайаьккхина. Цуьнца а догIуш, кема маса охьахаон деза, йа лаьттачу кхерамах къахка деза хIаваэра. Хетарехь, оцу бахьанаца Embraer 190AR кеманан ницкъ ца кхаьчна Соьлжа-ГIалахь охьадоса – навигацин системо болх ца бора. Цул тIаьхьа экипаж кхийтира кеманан урхалла дарехь чолхе хьал хIоттарх. Минводехь, йа ХIинжа-ГIалахь кемана охьадоса меттиг йоьхура кеманхоша, эххар а Каспийн хIорда тIехула казахийн Актау гIала дIадахара и. Соьлжа-ГIалина 450 километар хиллал гена йу и гIала.

Официалехь дIакхайкхийна дац, хIун бахьана долуш доьхна кема, хIинца а цунах лаьцна беш таллам бу. Цуьнан жамIаш карара бутт бовш дIакхайкхор ду боху. Бохам хиллачу меттигера "Iаьржа яьшканаш" де хьалха Казахстанера транспортан министралло дIахьовсийна Бразилера хIаваан кеманашца хуьлу бохамаш толлучу а, уьш йукъахбохучу а Центре. Кеманахь лазийначарна а, беллачийн гергарчарна а Соьлжа-ГIалано дийр ду аьлла гIо – тIе ца лаьцна Бакухь.

Тхан редакцина гучудаларца, бохам хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Utair авиакомпанино цхьана ханна Соьлжа-ГIалара аэропортера шайн кеманаш Къилбаседа ХIирийчу дехьадаьхна. Официалехь цунах лаьцна дIахьедар ца дира компанино, цара хийцира кеманийн дIасалеларан хан.

Оьрсийчу лелачу кеманашна дозанаш туьйхира ишта кема доьхначул тIаьхьа "Азербайджанхойн авианекъаша" а. Мел кIезиг а, Оьрсийчоьнан итт гIала эха дуьхьал хилла уьш.

Израилан "Эль-Аль" авиакомпанино сацам бина, кхерамзалла ларйеш, шайн кеманаш зазадокху-бутт баллалц бен Москва ца лелийта. Иштта хиъна казахийн Qazaq Air авиакомпанино Астанара Екатеринбурге кеманаш лелар а сацийна хиларх. FlyDubai авиакомпанино совцийна Сочи а, Минводе а лела кеманаш. Кху беттан 31-чу дийне кхаччалц Ашхабадера Москва лела кеманаш совцийна "Турменистан" авиакомпанино а.

Нохчийчоь: бюджетан белхахойн чот а, "хетачуьнца" къийсам а

Нохчийчуьра бюджетан организацешкахь болх бечу белхахоша дийцина, шаьш 2024-чу шарахь бинчу белхан жамӀех лаьцна. Цара дийцина ишта махкахь хуьлучу хиламех лаьцна хIиттийначу посташна бухахь шаьш йитинчу комментарийн терахьех а цхьаьна. Цхьана шарахь Оьрсийчохь йихкинчу инстаграмехь 41 эзар аккаунт схьайиллина хьаькамаша, йитина ворхI бIе публикацина бухахь 4 миллион сов реакци. 39 эзар аккаунт кхоьллина телеграмехь, царна тIера 19,5 миллион реакци йитина 876 постана бухахь.

Нохчийчоьнан зорбанан министраллан официалан рапортехь цу тайпачу "балхах" олу "регионехь а, цул арахьа а хуьлучу хиламех йукъараллина хетачунна тIехь терго йар". Реакцеш йитина ца Iаш, латкъамаш а бо оцу наха ницкъаллийн структурашка. Цхьана шарахь прокуратуре цаьргара кхаьчна телеграмехь а, YouTube-хь а экстремистийн материалийн тептаре йаьхначу 199 публикацин линкаш.

ТӀедогӀучу шарахь зорбанан министралло "Нохчийчоьнах лаьцна шайггара дуьйцучуьнца а, эладиташ даржочаьрца а къийсам латтор" аьлла, шен болх кхин дIа а бийр болуш бу. И цитата схьаэцна официалан плана йукъара, зорбане йаьккхина министраллин сайтехь. Оцу плана тIехь билгал даьккхина дац, хьан къастор долуш ду, муьлха хаамаш бу "шайггара буьйцурш".

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гӀоьнчас, зорбанан министро Дудаев Ахьмада а масийтаза "эладитанаш" ду элира оппозицин жигархойн гергарнаш лечкъорах а, Iазапаш хьоьгуьйту къайлах набахтеш махкахь йу бахар а, нохчийн эскархой Украинера тIаме байъина бохург а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун могашаллица йоьзна проблемаш йу бохург а, ишта кхин долу информацин бахьанаш а харц дира.

Социалан машанашкахь Кадыров а, цуьнан куьйга кӀел болу нах а хестош "ботийн ферма" хилар гучуделира 2015-чу шарахь. Тхан редакцино ма-листтара, комментареш йазйина ца Iаш, боташа посташ а цхьана йазйора, Нохчийчоь "куьце йарх" а, меттигера Ӏедалхойн говза леларх а лаьцна. ГӀалаташ а нислора церан – масала, Кадыровх лаьцна дика комментареш йитира кадыкех лаьцна язйинчу артиклехь, и дош регионан куьйгалхочун фамилица цхьаьнадогӀуш ду.

Стохка республикехь официалехь дIахьедира "контент-центр" кхоьллина шаьш аьлла. Цуьнан белхахоша посташ хIиттайора меттигерчу Iедалхойн органийн пабликашкахь – цитата йалайо- "бахархошка хаамаш дIакхачош".

ХIеттахь меттигерчу хьехархоша анониман латкъамаш бира хьаькамийн, коьртачу декъана Кадыров Рамзанан посташна бухахь дика комментареш бен ма йита аьлла, омра дина шайна аьлла. Шаьш тIедиллинарг кхочушдой хьуьйсуш, терго латтайора хьаькамаша белхахойн тептаршца а, церан телеграмера а, инстаграмера а аккаунташца а.

Нохчийчохь майнинг йехкар

Къилбаседа Кавказехь криптовалюта лелор дихкинчул тӀаьхьа, Нохчийчоьнан Ӏедалша низам дохийна массо а террорхойх дIатухур ву. И аьлла дIахьедина республикан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Делимханов Адама.

Меттигерчу "Грозный" телеканалан эфирехь Делимхановс мукӀарло дира, Нохчийчоьнан цхьаболу бахархой кхиндӀа а маь1данашца белхаш беш хиларх, ткъа оцу йуъанна цхьайолу криптофермаш "тайп-тайпанчу структурийн" белхахошца йоьзна йу бохура цо. Депутато дош делла, ша къаьсттина тидам тӀебахийта лерина ву Шела кӀоштана – и къастор хIун бахьанаш ду, билгал ца даьккхина цо.

"Нагахь санна и тайпа гӀуллакхаш гучудовлахь, йоллу кӀоштахь а, юьртахь а, гӀалахь а тоькаца проблемаш а йолуш, бехкечарна луьра таӀзар дийр ду. Оха уьш террорхойх дIатухур бу, хIунда аьлча, цара лелочо зенаш до доллу адамана", - аьлла Кадыров Рамзанан уллорчу накъоста.

Майнерш террорхошца буста хIун бахьанаш лелор ду Нохчийчуьра ницкъахоша, билгал ца даьккхина.

ХIара бутт карабеачхьана буьззиначу барамехь дихкина маьIданаш дахар Дагестанехь а, ГӀалгӀайчохь а, ГӀебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХӀирийчохь а, Нохчийчохь. И дехкар хьакхалуш ду иштта Оьрсийчоьно дӀалаьцначу Украинин Донецкан, Луганскан, Запорожьен, Херсонан а кӀошташкара дозанех а. И лаьттар ду лаххара а 2031-чу шеран зазадокху-беттан 15-чу дийне кхаччалц.

И доза тохар энергетикан проблемашца доьзна ду бохуш дуьйцу. Къаьсттина, Дагестанан Ӏедалша кест-кеста олуш ду "криптофермаш" бахьана долуш ток дIайоккху шайн. Доккхачу декъана Къилбаседа Кавказехь дIа а ца лоруш, 230 миллион сов соьмана майнерша ток яйина 35 гӀуллакх ду бохуш, хаамбора.

Кадыровн критикна гIуда тохар

Соьлжа-ГIаларчу кхело гIуда тоьхна нохчийн оппозицин блогерна Халитов Хьасанна экстремистийн материалаш йаржораьллачу административан артиклехь. Бахьана ду, цо лелош йолу телеграм-канал. Ша блогер уллехь а воцуш листира протокол, хIунда аьлча, иза дозанал а арахьа веха массех шо а ду.

ГIуда аьхка тоьхна дара цунна, амма цунах лаьцна хIинцца бен ца хиъна, цуьнансацам зорбане баьккхинчул тIаьхьа. Экстремизме лерина пост карийра Нохчийчуьра МВД-н "Э" Центран белхахошна. Халитовн муьлха публикаци йу йуьйцург – хууш дац. Соьлжа-ГIалин Шейх-Мансуран цIарахчу кIоштан кхело цунна тIедожийна лаххара а 10 эзар сом гIуда.

2018-чу шарахь экстремизмах йолу артикл цхьана декъана бехкзуламе лоручуьра дIайаьккхира – Бехктакхаман кодексера административан къепедацарш лелор аьллачух дIа а тухуш. Оцу йукъанна цхьана шарчохь йуха а низам дохийна меттиг нислахь - бехктакхаман гIуллакх доло тарло.

Нохчийн мухIажаршкахьа митинг хилла Венехь

Венерчу депортацин набахтина хьалха 20 сов стага дакъалецира Нохчийчуьра бахархошна депортаци йарна а, экстрадици йарна а дуьхьал дӀайаьхьначу митингехь. Цунах лаьцна Маршо Радиога хаам бира и вовшахтоьхначу, Нохчийн Ичкерия Республикан Австрехь йолчу векало Дунаева Розас.

"Кху деношкахь дIавала хьийзочу кIантана тIехIуьттуш, митинг дIайаьхьира оха, цуьнан цIе йоккхуш йац даймахкахь бисинчу цуьнан гергарчийн дехарца. Нах махкахбахаро, къаьсттина церан дахарна а, маршона а кхерам хила тарлучу хьелашкахь, чIогIа са гатдойту. Нохчий, дуккхаъ а кхин долу къаьмнаш а санна, кхерамехь бу, шайна тIаьхьабовларна а, шайга гIело хьегийтарна а, кхел йоцуш дайъарна а, ткъа иштта бертаза Украинера тӀаме бахийта а кхерам лаьтта царна", - дийцира тхан редакцига Дунаева Розас.

Диаспорин векалш боцурш, гуламехь дакъалоцуш бара Гуьржийчуьра а, Украинера а Австрера Венехь беха бакъонашларъярхой а, жигархой а. Церан карахь йара Ичкерин а, Украинин а байракхаш, ишта кехаташ дара - "Экстрадици ма йе – бакъонаш а, синош а ларде!", "Экстрадици - нийсонна ямартвалар ду!", "Чалтачийн карабалар сацаде!", "Депортацино доьзалш хӀаллакбо!" тIейаздина.

Дунаева Розас билгалдаьккхира, Украинин диаспоран векалша альтернатива кховдийна хилар: тӀамна дуьхьал берш а, йукъарчу маьӀнехь Кремлан политикана а дуьхьал берш, (Евробертан мехкашкахь биса низаман бух бацахь), Украине дӀабахийта беза, цигахь царна маьрша хила тарло аьлла.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG