ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:38 0:00
Линкана тIе

Цхьа бутт ца кхоччуш хьалха, социалан машанехь баьржира Кадыров Рамзан коьртехь волчу Нохчийчуьрчу Iедалан дуьхьалан акцешка кхайкхам. Цу тIехь, шаьш билггала муьлуш бу а ца олуш, нахе кхойкхуш дара шаьш доллучу меттигашкахь тахана махкахь долчу Iедалшна дуьхьало яр. Шайна юкъахь шортта Нохчийчохь хилалчу тIемийн меттигера ветеранаш а бу бохура цара.

Цул сов, Москохара лаккхара Iедалера нах а бу бохура шайна тIехьа лаьтташ. Къам дохийначу Чиллан-беттан 23 дийнахь Соьлж-ГIалара маьждиган хьалха дIаяхьа еза бохуш дара оцу кхайкхаман тIехь, коьрта дуьхьалонан акци. Дозаналла арара ван луучунна кемана билеташ а шаьш оьцур ду бохуш, дара.

Ма дарра дийцича, оцу кхайкхаман юкъараллехь башха терго ца йинера. Иза бух болуш хIума хилахь тамаша хеташ. Амма иштта олийла дац меттигерчу прокуратурах. Цо омар а делла, и кхайкхам гIарабаьккхина интернет-сайташ дIачIаьгIна Роскомнадзоро. Оцо гойту кху заманахь тIемаш майданашкара компьютершна чубевлла хилар.

Кхаарин диийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо, берриг а депутаташ тIе а товш, тIеэцна кхечу пачхьалкхара хаамийн гIирсаш агенташ хилар тIечIагIдеш долу низам. ХIинцале Цхьаьнатоьхначу Штаташкара «Iамеркан Аз» а, «Маршо Радион» цхьацца дакъош а юкъа дахна цунна. Нохчийн меттан редакци а ю цу юккъахь.

Оьрсийчохь и гIуллакх иштта доьрзург хиларна шеко яцара шайн бохуш дуьйцу радиоладогIархочо Исламов Абубакара. Ма хуьллу, шайгара боцург хаам ца кхачийта гIерта Iедалш, - элира цо.

Исламов: «Хаамийн гIирсех кегош ю политик. Iедало лелош ду иза. Дешан маршо олуш ду, амма суна-м хаац. Вайн чохь бу и цаца. Къевлина сайтан хьо чуваьлча хьо низам дохийнарг хуьлу. Цхьа а аьтто ца битина. Радио Маршонна а бала хир бу аьлла хета суна, цигахь комментари ян а».

Нохчийчуьру прокуратуро кху тIаьхьарчу шерашкахь дуккха а интернет-сайташ дIакъовлийтина, цара махкана а, пачхьалкхана а зе а, кхерам а бохьуш бу аьлла. Амма муьлхха а царах схьаеллалуш ю кхечу, къевлинчу браузерашкахула.

Муха доьрзураду Iамеркан хаамийн гIирсашца гIуллакх хууш дац. Думо тIеэцча низам масех де даьлча къобал дан дезаш ду Федерацин Кхеташоно а, Оьрсийчоьнан президенто а.

XS
SM
MD
LG