ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарехь герзаш диттинчу веа нохчочунна хенаш кхайкхийна


Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу веа вахархочунна набахтехь яккха 3,5 шарна тIера 17 шаре кхаччалц хенаш тоьхна кхело, Дагестанера цхьа вахархо а вуьйш, нисделлачу кхийсаршкахь. ПхоьалгIа жоьпе озийна ГIалгIайчуьра вахархо бехказа ваьккхина кхело, хаам бина Кавказский узел ресурсо.

Бехкала хIиттийнера Нохчийчуьра схьаваьлла Габатаев Юсуп а, Нукманов ИбрахIим а, Мадаев Шамал а, Хамидов Халид а, ГIалгIайчуьра Кодзоев Шарип а. Уьш берриш а бехке бира, барт а бина, хацахьалеларна. Цул совнах, Габатаев бехкево, адаман могушаллина зен дарна а, харцахьалеларца стаг верна а. Ткъа Нукманов а, Хамидов а – стаг вен Iалашонца тIелатарна.

Иштта, Хамидовна дуьхьалдаьккхина герзашца вовшахтоьхначу боламехь латтар а, террорхойн зуламашна Iамар а.

"2014-чу шарахь Хамидов Шемахь Iаморашкахь хилла хилар а гучудаьлла, цо дакъалаьцна гIаттамхойн тобанехь", - хаам бина Кавказский узел интернет-ресурсе Къилберчу тIеман кхелан пресс-гIуллакххоша. И дерриг а чоьте а эцна, Габатаев Юсупна 17 шо кхачийна, Нукманов ИбрахIимна – 13 шо, Хамидов Халидна – 11 шо, Мадаев Шамална – 3,5 шо.

Карладоккху, 2019-чу шеран аьхка Краснодарехь Вишняковскан базарахь дов даьлла, леттера мел лахара а 30 стаг. Оцу инцидентехь герз тоьхна вийра меттигера вахархо, Дагестанера схьаваьлла Ванатов Ильяс, лазийнера кхи а ши стаг.

Полисхойн версица, "криминалан тасадаларш" хиллера уьш.

Кавказский узел хьостано яздира, Краснодарехь лецначу Мадаевс а, Хамидовс а хаам барх бакъоларъярхошка, шаьш каракхаьчначул тIаьхьа шайна еттарх а, ток йеттийтарх а.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG