ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-Центр": Сталинна хIоллам (памятник) хIотто реза бу Оьрсийчоьнан ах бахархой


Сталинна хIоллам (памятник) хIотторна тIетовш бу тахана ах гергга Оьрсийчоьнан бахархой – 48%. Иза гойтуш бу "Левада-Центро бина таллам. Сталинна хIоллам хIотторна дуьхьал бац 20% бен бахархой, бен дIа ца хетарш бу 29%.

Социологаша билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу 10 шарахь Оьрсийчуьрчу юкъараллина Сталинна хIоллам хIотторца доьзначу хаттарехь хетарг хийцаделла нисса бIостанехьа.

2000-чу шерашакахь дукхахаберш бара оцу идейна дуьхьал. ХIолламна дуьхьал хилара кхаа декъах цхьана декъал а алсам болу нах (36-37%). Оцу идейна гIортор еш бара деъа декъах цхьа дакъа хиллал нах. Бисинчара гайтара шайна башхалла а ца хилар.

Дукха хан йоццуш бинчу талламаш гайтина, Оьрсийчьурчу бахархойх 39% советан заманера диктатор вуно лараме къонах хеташ хилар. Цу тайпачу талламашкахь лидер ву иза тIаьхьарчу 10 шарахь. Сталин дIаваьлча шолгIачу меттехь ву Ленин Владимир – иза уггар лараме къонах хеташ бу 32% респонденташ. КхоалгIачу меттехь ву Пушкин Александр (23%), 1оьалгIачу меттехь – Петар I (19%). Путин ву пхоьалгIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG