ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЮхайогIур йоцу зама а, гIала а лоьхурш цхьаьнакхета меттиг (видео)


Сьлж-ГIалина йистера "Северный" олу базар.
Сьлж-ГIалина йистера "Северный" олу базар.

Дукха меттигаш яц хьалхалерчу Соьлжа-ГIалех тера йогIуш. Кхин а кIезиг ю, дагалецамашкахь йисинчу цу гIалин шира бахархой гулло меттигаш. Царах коьртаниг ю ала мегар ду Сьлж-ГIалина йистера "Северный" олу базар. ХIора шоьта дийнахь, хенан хIоттаме а ца хьоьжуш, иза дIахIутту.

Йохка-эцар олий боьлху нах, амма дукхахдолчу декъана ширачу дахарх хIума карладаккха боьлху уьш. Цхьаберш-м, цара шаьш ма баххара, хIума ца эцахь а, тIедожийна долуш санна лела цига хIора кIиранах.

МогIаршна юккъахь лелаш хуьлу цхьаболу йохкархой. Аьллачу мехал а, шозза сов йорах ло. Маркетинг Iамийна бац, амма шайна са йоцуш юьхкуш йоцийла кхета. ХIара воккха стаг вара, куй кара а эцна, иза эца бохуш лелаш. Суна а тIевеара.

Куйнаш духку воккхастаг: «Цхьаннах эханах луш бу хьуна хIара куй. Кхаа бIе туьманах эцна бу хьуна. Безахь, бIе туьманах а ло хьуна».

Советан заманахь и хилар дицделла хIума а карайо оцу базарахь. Стенца доьзна ду ца хаьа, амма шира радиоприемникаш юхкучохь дуккха нах бара.

Эцархо: «Йоккха приемник хIун мах болуш ю?

Йохкархо: «Цхьаъ ах аьлла».

Эцархо: «Ша йолу тулгIе лоцуш юй иза?».

Йохкархо: «Ю. Радио евзачу стага нисйина мел йолу тулгIе».

Эцархо: «Цхьаъ ах цкъачунна дац соьгахь».

Даганаш юхкуш вара цхьаъ, мохь бетташ. Цунна уллехь дагарш духкург вара. Цхьанна тIехь могIара дара лаьтташ 1968 шо аьлла. Иза кар-кара а луш, тIе куьг хьоькхуш, цецбуьйлура нах, ма дика хилла-кх хьалхалера хIуманаш бохуш.

Кху базара Советан заманахь дуьйна лелаш ву Iаьрби цIе йолу воккха стаг. ХIинца оцу меттехь цхьацца павильонаш ян гIерташ бу долахой. Цу чу нах лаьхкича, юхкучу хIуманан мах хьала бер бу, элира цо халахетарца.

Iаьрби: «Хьалхалерчу базарахь, шаьш юхкург схьалуччух дIа а лой, йисинарг йита а юьтий, дIабоьлхура нах. Цхьа а стаг ял йоккхуш а вацара. ХIинца кхузахь нах хьийзабо».

Шира хIуманаш юхкучу могIаршна юкъахь лелаш, ойла йора ас мича бахьаница лела теша кхуза нах, юхкург тиша хIумий бен ца хилча, бохуш. Тахана билггал кхийти: юхкучу ширачу хIуманехула, цкъа а кхин юхайогIур йоцучу заманах а, жималлех а, гIалех а хьоьгуш бу и нах. Вовшийн дог оьцу цара оцу дагалецамашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG