ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массарна а дуьхьал ву Кадыров. Iедалхошна критика ечийн гергарнаш хьийзорах


Нохчийн спецназ
Нохчийн спецназ

Гезгамашин бутт юккъе бирзинчу хенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пхеа сахьтехь къамелаш дира Ичкерин агIончаш хилларш вовшах а тоьхна. Оцу гуламехь сацамбира "харцдолчух кегийрхой Iалашбеш" комисси кхолла а, "Ичкерин историн мах" хадо а". И къамел хилла дукха хан ялале регионан куьйгалхочун идеологин оппоненташца къийсам дIаболийра: махкал арахьа бехачу оппозиционерийн Нохчийчохь бисинчу гергарчийн хIусамашка баьхкира ницкъхой.

Закаев Ахьмаде претензеш

Сепаратисташкахьа хиллачаьрца вовшахтоьхначу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан урхалхочо дийцира, Лондонехь вехачу шен оппонентах, нохчийн политиках, Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр волчу Закаев Ахьмадах. Кадыровс дагадаийтира, Закаевн вежарша а, йижарша а, цуьнан цIийнах болчу кхинболчара а иза шайх "дIакъасторах". Кадыровс кхайкхамбира Закаевга, хьайн шина кIантах цхьаъ Нохчийчу хьажаве аьлла. "Сох летта, цхьахволу хьайн кIант вала хIунда ца волуьйту ахь?, - дIахьедира Кадыровс.

Масех де даьлча, Закаев Ахьмада жоп делира Кадыровна.
Цул тIаьхьа Нохчийчохь беха оппозиционеран гергарнаш Соьлжа-ГIала дIабигира герзашца баьхкинчу наха, ткъа Iедална муьтIахь йолчу масех инстаграмерчу аккаунташкахь цхьанахеннахь видеоролик гучуелира, цара сийсазвеш, юьхьйохуш, неIалташ кхийкхош шайн стагана.

Закаевн гергарчаьрца ролик дIаязъеш чохь хиллера Хьалха-Мартанан кIоштан префект а, меттигерчу полицин декъан хьаькам а, Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран цхьахволу гIовс а. Оцу процессан куьйгалла деш бара уьш, масийттазза видео юха а язйойтуш, политик бехварна тIехь бехха сеца а беш.

"Ахьмад дIавахна, ЛГБТ-н векалш бехачу цига, хIунда аьлча, иза ша а царех волу дела (сийсазе, дастам юьхьйоху.-Редакцин билгалдаккхар). И стаг тхуна оьшуш а вац. Халкъана а, доллу дуьненна а и хууш ду, иза телхина, вукху агIор лелаш вуйла. Тхайн аьтто балахь, оха къастор ду цуьнца дерг", - боху видео тIехь политикан вашас Закаев Iелас. Вукху вашас боху политике, шаьш хье ма де: "Дала кхел йойла хьуна".

Закаев воцург а, юьхьарберзийнера Iедалхоша Европехь беха цуьнан агIончаш а. Масала, Гезгамашин-беттан 27-чохь Закаевн агIонча волчу Солтыханов Алим-Пашин Чечанахь бехачу гергарчу нахана а чулилхинера евзаш йоцчу структурера герзашца болу нах. Закаевгахьа гIо даккха Iалашонца, нохчийн куьйгаллин гIалаташ Солтыхановс билгалдахарна дуьхьал делла жоп дара иза.

Масхадов Анзоре претензеш

Масхадов Анзор
Масхадов Анзор

Соьлжа-ГIалахь болучеран лерринчу тергонехь нисвелла Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан воI - Масхадов Анзор. Ютюб-каналехь лелош агIо ю цо, нохчийн Iедалхошна критика ен роликаш зорбане а йохуш. Оцу видеоша эргIад оьхуьйту мехкан Iедалан коьртехь берш.

Ичкерин заманахь тIеман министр хилла, тахана нохчийн парламентан депутат волу Ханбиев Мохьмад а цхьаьна вистхилира Масхадов-жимахволчунна дуьхьал. Инстаграмерчу шен аккаунтехь тIевирзира иза Анзорна, цуьнгара бехкаш дохуш, иза сийсазвеш, шен "дена уллохь тIемаш беш ца Iийна" бохуш.

1999-чу шарахь Дагестанна чугIоьртинчу заманчохь Басаев Шемална ша гIо дина алар ца тайнера тIеман экс-министрна.

Закаев Ахьмаде а ма-аллара, Кадыров Рамзана кхайкхамбира Масхадов Анзоре, нохчийн шахьара а волий, терроран тохар де аьлла: "Соьлжа-ГIалин юккъехь Iаш ву хьуна со. Нагахь санна, хьайн зудчух а, доьзалх а жоп дала кийча волу, хьуо борша стаг велахь, схьавола. ДIагайта нахана. ЦIа а волий, Соьлжа-ГIалин юккъехь хьуо эккхийта. ТIаккха эра ду оха, хьо дика кIант ву".

Цунна жоп лучу Масхадов Аслана дIахьедира, шен критикийн сий дойъуш, уьш сийсазбечу цо, "ша а, шен доллу къам а сийсаздо" аьлла.

Аьллачу дешнашна дуьхьал чIир?

Закаев Ахьмадна а, Масхадов Анзорна а гонах иккхинчу хьолах шен ютюб-каналехь дийцира нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Амма иза а Iоттавелира рогIерчу Iедахоша туьйсучу кхерамех.

Кху кIиранах блогеро хIоттийначу аьзнийн чата юкъагIоьртинера, ша нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад ву аьлла цхьа накъост. Абдурахмановс билгалдаккхарехь, цуьнан аз билггал тера дара цо къамел дечу кепах. Ден къамел девне дирзира. Чата юкъара волучу хенахь хьешо дIахьедира, блогеран гергарчу нахе дуьйцуьйтур ду ша, кхуьнан "леларх" ма-дарра аьлла.

ШолгIачу дийнахь, Гезгамашин-беттан 25-чохь нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон Йоккхачу АтагIахь бехачу ненахой болчу 30 гергга герзашца нах баьхкира. Ша Абдурахмановс дийцарехь, цара, кхерамаш а туьйсуш, Iаткъам бе баьхна блогеран леларна, ца хуьлчу далахь, шаьш чIир хьейириг хилар дIа а хоуьйтуш.

Оьрсийчоьнан Зуламан кодексехь яздина ду, чIир кхайкхор - стаг вен кхерам тасар ду аьлла. Шина шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо оцу таIзаро. Ткъа чIирехула стаг вийначунна бархI шарера 20 шаре кхаччалц хан йогIу.

Ламанан Iадаташца а догIуш, чIир кхайкхош ю, нагахь санна, вийна стаг велахь. ЧIир хьейойла дац, нагахь санна, цхьанна йиттинехь, сийсазвинехь, йа кхерамаш теснехь. Цундела олуш ду цуьнах цIийн чIир, цIий Iаьнна дела. ЧIир кхочуш яц зударшна а, ненан агIор болчу гергарчарана а, иштта, лурвоьллачун йижаршна а, йоьIаршна а.

Абдурахмановн гергарчарна массарна а хезаш кхайкхийначу чIиран цхьана а агIор терго йина яц бакъоларъяран органаша.

"ЗIенах тесна къам"

Шайн критикашца лелочу къийсамехь боьха методаш лелайо нохчийн Iедалхоша, йа низамца а, йа бакъонца а йогIуш йоцу, дуьйцу эмиграцехь ехачу, шен дарж Ичкерин Литварчу Iедалан векал аьлла, билгалдоккхуш, Саиева Амната. "ЗIенашца дIа а дихкина, тхьовс дина къам", - дуьйцу Саиевас Нохчийчохь долчух.

Соьлжа-ГIалахь йина шога реакци туьда цо, Ичкери йозуш йоцу республика санна дIакхайкхорна лерина, дукха хан йоццуш цхьа могIа арахьарчу мехкашкахь акцеш дIаяхьарца.

"Хууш ма дуй, оцу барамашна тIехь терго латтош нохчийн суверенитетан агIончаш хилла ца Iаш, цуьнан дуьхьалончаш а ма бу. Суна хетарехь, и ду бахьана тахана хьал ирдаларан", - дIахьедина Саиева Амната.

Закаевн а, Масхадовн а кочаэхар доьзна хила тарло, тахана Нохчийчоьнан Iедалехь болчу нехан дегаллех Iоттадаларца аьлла хета нохчийн жигархочунна Осмаев Адамна.

Осмаев Адам
Осмаев Адам

"Ма-дарра аьлча, царна шайна хууш ма ду, ямартдевлларш шаьш дуйла, багах чопанаш а оьхуш, тоххара чIагIонаш ма йора цара, республика маьрша яккхархьама тIом бан беза бохуш. Закаев Ахьмад а, Масхадов Анзор а хьалха дуьйна вевзаш ма вара царна (Нохчийчоьнан Iедалхошна.-Редакцин билгалдаккхар.), цара дIадахнарг карладоху царна, цундела ца лало нохчийн урхаллехь болчаьрга", - аьлла хета Осмаевна.

Закаев Ахьмадан кочабахаро Оьрсийчуьра дIабахначу, Нохчийчоьнан суверенитетехьа хиллачарна юкъахьберш мелхо а цуьнгахьа берзийна: хIинццалц нохчийн политикан позици тIе ца лоцучара а, тахана шаьш цуьнгахьа дог лозуш хилар гойту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG