Бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар) дIахьедар дина, Москварчу Басманан кIоштахь йолчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан декъо таллам дIабахьале хьалха динчу зерех. Дуьйцург ду, "Новая газетан" публикацехь Нохчийчохь динчу зуламех, газетана хетарехь, Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу патрулан-хан №2 полкан (ППСП-2) полисхой декъах болуш.
Талламан комитето нах лечкъорах, ницкъбарх, байарх йоллу факташ яц толлуш, "Новая газето" пачхьалкхан векалшна доцург кхоьллина хилар ду толлуш аьлла, дIахьедина бакъоларъярхоша.
Авторша билгалдоккху, Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгаллина а, иштта оцу полкан хиллачу а, хIинца болчу командирашна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даха тоъал тоьшаллаш ду "Новая газето" а, "Мемориалан" сайтехь а зорбане даьхна хилар.
Кадыровн полкан полисхочо Гезмахмаев Сулимана дина тоьшаллаш, къуьсийла йоцу бакъдерг ду, Соьлжа-ГIаларчу полкан территори тIехь лелийначу зуламийн. ХIетте а, Къилбаседа Кавказан Федералан гонашкарчу Коьртачу талламан урхалло дуьхьало йо, динчу зуламех Гезмахмаевс бина хаамаш талла, яздо "Мемориало".
"Адамашка ала гIертарг кхеташ ду: пачхьалкхан векалийн таIзардоцуш бахархошна кхерамаш тийса а, уьш байа а мегаш хилар. Мелхо а, кхерамна кIел нисло, оцу кепара таӀзардоцу зуламаш эшон гIертарш", - аьлла ду дIахьедарехь.
Чиллан-беттан 15-чохь "Новая газетано" зорбане биллинчу талламехь документашца тоьшалла а деш дуьйцу, мел лахара а 30 меттигера вахархо вийна хиларх. 2016-чу шеран чакхенехь а, 2017-чу шеран юьххьехь а полисхойн постана тIелатар динера аьлла, лецна хилла кегийрхой бу уьш.
Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь латтийна хилла уьш. "Новая газетан" каракхаьчна чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, оцу лецна балийначех хIиттийна хилла тептарш. Царлахь журналисташна гучубевлла, шайн информацица, 20I7-чу шарахь къайлахчу набахтехь байъина хилларш а.
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира, "Новая газетан" талламбарх дуьйцуш, и материал "билггал нах байъина хиларх тоьшалла санна хуьлийла дац, я тIеоьцийла а дац" аьлла.
Хьалха хаам баьржира, Европан Кхеташонан адамийн бакъонийн Комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейо Нохчийчохь кхел а йоцуш нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" бина хаамаш "сихонца а, нийсонца а талла", аьлла. "Инзаре" бу журналисташа бен хаамаш, элира Миятовича.
Газето информаци Iораяьккхинчул тIаьхьа царна дуьхьал информацин кампани йолийра Нохчийчоьнан Iедалхоша. Мехкан коьртачу шахьарахь дIахIиттийра Кадыров Ахьмадан полкан полисхой. Царех цхьаммо Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахьедира, шаьш журналисташна таIзар дийр ду аьлла.
Нагахь санна, газето дуьйцург харц делахь, кхеле довла аьлла, хьехар дира Кремло, шайга бинчу латкъамна дуьхьал.