ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: Гезмахмаевх наркоман вина, ткъа поэтах Арбинин Шемалх гIаттамхо...


Оршот, Зазадокху-беттан 22-гIа

Холмачхо лаьцна Нохчийчохь

Эльжуркаев Адам а, Кадыров Рамзан а
Эльжуркаев Адам а, Кадыров Рамзан а

Юха а рогIера хьарамлонашца холмачалла лелош хилла ТIехьа Мартанара яхархо, пенсхо Дудуева Зураъ лаьцна шаьш аьлла, дIакхайкхийра меттигерчу "Грозный" телехьожийлан эфипрехь. Цара бахарехь, "фашистийн а, йилбазан а символикех" пайдаоьцуш хилла цо, ша лелочу бозбуанчаллашкахь. Пачхьалкхан "Грозный" телеканалан репортажехь бехкаш доху зудчуьнгара исламан медицинан Центран коьртачу лоьро Эльжуркаев Адама, полицин белхахой чохь а болуш. Ша холмачалла лелорна гунахь хилар тIе ца дуьту шеконашца лаьцначу зудчо, школехь хьоьхуш лелон гIирс бу боху цо, полисхошна шен хIусамехь карийнарг. Сюжетехь билгалдаккхарехь, Дудуеван хIусамехь карийна лерина литература а, мистикан таммагIийн суьрташ а, тайп-тайпанчу меттанашкахь йозанаш тIехь долу кехаташ а, бозбуанчалла лелон гIирсаш а. Карладоккху, доьду шо карадеачхьана Нохчийчохь мел лахара а пхи зуда лецира, холмачалла лелош хиларца гучуяьлла. Уьш берриш а нахана хьалха дIа а хIиттийна, юьхьIаьржа хIиттийра "Грозный" телехьожийлехь. Царех цхьаъ школехь хьоьхуш хиллера. Ткъа шина зудчо шаьшиъ "лаккхара говзалла" йолу дарбанхо ю аьллера, телеканало чIагIдарца. Масех шо а ду Нохчийчохь "хIумахуу" нах полисхоша лоьцу. Камерана хьалха хIиттийначу лецначара шаьш дохкодовларх а, тIейогIучу заманчохь оцу кепарниг ца лелон а чIагIонаш йо, шайна гечдар а доьхуш. Цара лелориг "терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь дуьйцучара. Лецна балийначу зударийн юьхьйохург хIоразза а хуьлу Эльжуркаев Адам. Оцу юкъанна, билгалдаккха догIу, Кадыров Ахьмадан цIарахчу Фондо латтош йолчу исламан медицинан Центрехь иштта жинаш лоьхкуш, халкъан дарбанаш леладо. Ткъа оцу Центран куьйгалхо ву Эльжуркаев Адам.

Шинара, Зазадокху-беттан 23-гIа

Шина вешина орцахъяьлла омбудсмен

Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна
Оьрсийчоьнан омбудсмен Москалькова Татьяна

Лахарчу Новгородехь лаьцна вигинчу Нохчийчуьрчу шина вахархочун Магамадов Салехьан а, Исаев Исмаилан а гIуллакх таллар дийхира федералан омбудсмено Москалькова Татьянас Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре. Кху шеран Чиллан-баттахь Гуьмсе дIакхачийра и шиъ, тIаьхьо бехкаш дехкира цу шинна гIаттамхошна юучуьнца гIо латтийна ву аьлла. Оьрсийчоьнан омбудсменан пресс-гIуллакххоша хаам барехь, Зазадокху-баттахь Москалькован цIарах хаамийн гIирсашкахула диллина кехат кхаьчна шина кIентан ненера Магамадова Зараэра.

"Цул совнах, хьалхо зорбанашка яьккхинчу артиклехь дуьйцура, шина жимчу стагана ницкъбина лоцучу заманчохь аьлла. Шега бинчу кхайкхаман хьокъехь федералан бакъоларъярхочо Инарла прокуратуре кехат дахьийтина, талламбар доьхуш", - яздо урхаллан хаамехь. Ша бинчу видеокхайкхамехь шина кIентан нанас дIахьедо, бух боцуш кхеле хIоттон хьийзош ву шен ши воI аьлла. Зазадокху-беттан 17-чохь Магамадовс а, Исаевс а дийцира, бехкаш тIелаца бохуш, шаьшинна тIехь Iаазапаш латтийна аьлла.
Цу шиннан адвокато дийцира, шена йовзийтинчу гIуллакхан материалашкахь яздина хиларх, Серноводскан полицин декъехь Магамадовн корта пенах биттина, вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш аьлла. Чиллан-баттахь Iораделира Лахарчу Новгородехь меттигерчу полисхоша Нохчийчуьра ши вахархо лачкъорах лаьцна. Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) дIахьедар дира, Магамадов а, Исаев а лацаран бахьанаш довзийта шайна, ишта, царна тIе адвокаташ а, лоьраш а, да-нана а дита аьлла. Магамадов а, Исаев а лецира Чиллан беттан 4-хь Лахарчу Новгородехь. Полицехь масийтта сахьтехь бакъ ца дора и шиъ дIалаьцна хилар. Адвокато кегийрхой лачкъийна хиларх лаьцна дIахьедар деш кехат чуделлачул тIаьхьа бен бакъ ца дира Нохчийчуьрчу Iедалхоша, уьш шайн кархь хиларх. Магамадов а, Исаев а дуьххьара лецира 2020-чу шеран бIаьста, Osal Nakh 95 цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан модератораш хилла аьлла. Цул тIаьхьа видео арахийцира цара нах къинтIерабохуш – оцу чохь гуш ду царна йиттина хилар. Стохка аьхка "Российская ЛГБТ-сеть" цхьаьнакхетаралло гIодира шина кIантанна Нохчийчуьра Нижний Новгороде дIаваха.

Кхаара, Зазадокху-беттан 24-гIа

Гезмахмаевх "наркоман" вина

"Новая газете" Нохчийчохь йина кхел а йоцуш нах байъарх дийцинчу, Кадыров Ахьмадан цIархчу полкан полисхо лаьттинчу Гезмахмаев Сулеймана психотропан молханаш дара лелош, Оьрсийчуьра ведда, вахна иза цIахь даккхий ахчанаш тIе а хьерчийна аьлла, дIахьедира "Грозный" телеканалан эфирехь цуьнан гергарчу наха. Иза даймахкахь волчу заманчохь шайн терго хиллера, тIех чIогIа цуьнан азваларх, тIаьхьо тIекхиира шаьш, наркотикаш цо лелош хиларна, боху девашас Гезмахмаев Салмана. "Грозный" телехьожийлан сюжет зорбане яьккхина шайн инстаграмерчу аккаунтехь. "Цхьа молханаш ю, боху-кх. Царна тIе хиънера иза, коьртана а галвала волавеллера", - дIахьедо Гезмахмаев Салмана. Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа шайца зIене ваьлла вац, боху гергарчара Сулейман.

"Ахчанах вохкавелла иза, гуш ма ду", - боху Салмана видео тIехь.
Иштта цо дийцарехь, Гезмахмаев Сулейманан гергарчийн такха дезна цо тIехьерчийна декхарш.

2017-чу шеран Дечкен-баттахь Соьлжа-ГIалахь нах хIаллакбеш дакъалацийтина Нохчийчуьрчу полисхочуьнга, ткъа иза Iедале латкъа воьлча, гей ву аьлла, вийна. Оцу хьокъехь яздира "Новая газето". Цо арахецна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу хадаран полкан белхахо хиллачу Гезмахмаев Сулимана ден тоьшалла. Полисхо лаьттинчо дийцина ша Нохчийчохь нах лоьцуш болх барх а, и нах тIаьхьо байъарх а лаьцна. Гезмахмаевс тоьшалла дарехь, 2016-2017 шерашкахь дакъалаьцна масех стаг лоцуш, ларбина уьш Кадыровн цIархачу полкехь. Цо йицина лецначу нахах цхьаболучийн цIерш, йовзийтина царна тIехь деш хиллачу таIзаран башахаллаш. Гезмахмаевс дIахьедина шен белхан накъосте Саралиев Сулимане нах бойъуш дакъалацийтина хиларх лаьцна. Цо, масала, легаш Iаьвдина садаьккхина Мускиев Махьмин, амма сих кхетта ша динарг, наркотикашка вирзина. Шега дайтина зулам дIадуьйцуш, тоьшалла дина хилла Саралиевс, цундела иза а вийна. Кхел йоцуш Нохчийчохь байъинчу нахах материал зорбане яьллачул тIаьхьа Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан белхахоша дехар дира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Хаамийн гIирсашкахь шайна ечу Iиттарийн тергояр доьхура цара. Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейира "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьллера Миятовича.

Еара, Зазадокху-беттан 25-гIа

Поэт Арбинин Шемал лаьцна

Басаев Шемал
Басаев Шемал

Басаев Шемалан тобанан декъашхо хилла ву аьлла, нохчийн поэт Арбинин Герман (Шемал) лецира Москвахь, 2000-чу шарахь Псковрчу десантхошна тIелеттачарлахь дакъалаьцна ву, гергарчу заманчохь бехкаш кховдор долуш ду цуьнга, боху прессехь. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-векалто бина цунах лаьцна хаам, яздира "Интерфаксо".

Социалан машанашкахь алссам яьржина, евзаш ю Арбининан байташ. Цо бандиталла а лелийна, иза зуламхойн тобанехь лаьттина, полисхошна кIело а йина аьлла, шеконаш ю талламчийн. Карарчу хенахь дIахьош талламаш бу, 21 шо хьалха динчу тIелатарехь Арбинина хIун дакъа лаьцна, муьлхачу зуламашна бехке ву иза тIечIагIдархьама.

Дечкен-баттахь Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна тIелатар дира тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел болчу тIемалоша. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота хIаллакйира хIетахь.

ПIераска, Зазадокху-беттан 26-гIа

Залзаевна 30 эзар сом лур ду

Ura.ru гIирсан керлачу хаамна тIехула Нохчийчохь прокурор лаьттинчу Залзаев Мурата дехначу 15 миллион соьма тIера 30 эзар соьме охьабаьккхина компенсацин барам Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Дуьйцург ду, хаамийн агенталло экс-прокурор юкъахь волуш хиллачу некъан хьовзамах шен агIонашкахь дийца даккхар. Ura.Ru гIирсана тIедожийна 30 эзар сом компенсаци Залзаевна дIаяла. Иштта, кхело декхаре йина агенталла, Залзаев Мурадан бехках некъан бохам хиларх язйина информаци бакъ ца хиларх дIакхайкхон а.

"Нохчийчохь прокуратуран белхахочо кхо стаг хIаллаквина. Дийна боллушехь машен чохь баьгна нах" аьллачу цIарца хаам баржийра Ura.Ru ресурсо. Карарчу хенахь публикаци дIаяьккхина, цуьнга хьажа таро ю веб-архивехь. Нохчийчохь кIоштан кхело 15 миллион сом охьадилла декхарейира махкахь прокурор лаьттинчу Залзаев Муратна URA.RU агенталлин сайт. Агенталлин юристаша арз хьажийнера оцу хьокъехь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле.

2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъахьовзамах лаьцна бара URA.RU-н хаам. ХIетахь Хьалха-МартантIехь прокуроран гIовс волчу Залзаевн Toyota Camry а, "Лада Приора"а вовшахкхетарх лаьцна бара агенталло, Mash телеграм-канална а, Russia Today сайтанна а тIетевжаш арахецна хаам. "Лада" машенахь хилла ши стаг велира, машен иккхина, егира оцу хьовзамехь. ТIаьхьо талламо бехказваьккхира Залзаев. Кхеле ша динчу орзехь Залзаев Мурата бехкейора URA.RU агенталла, цуьнан хаам бахьанехь шен прокуратурерчу балхах воха дезна, аьлла.

Шотт, Зазадокху-беттан 27-гIа

Оьрсийчоьно схьавоьху Сайнароев

ГIалгIайн жигархо, Сунжера вахархо Сайнароев Салман схьавоьхуш шайн Оьрсийчуьрчу коллегаша даийтинчу кехатан хьокъехь талламаш болийна Украинерчу инарла прокуроран офисо.

"Сайнароев Салманна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхархьама, цунна экстрадици ярх дехар динчу Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран документаш луьстуш ду", - аьлла Украинан парламентан депутато Шараскин Андрейс.

Хьалхо миграцин хьукмате дехар динера Сайнароевс, шена мухIажиран статус йоьхуш. Пачхьалкхал а арахьа герзашца лелачу тобанхойн могIарехь лелла ву бохуш, бехкаш дохку цунна Оьрсийчоьно. 2016-чу шарера схьа дуьйна Украинехь вехаш ву Сайнароев. Шейх Мансуран тобанехь цо тIемаш бина Оьрсийчоьнан сепаратисташна дуьхьал Донбассехь. Украинан Iедалхоша Оьрсийчоьне дIавеллачу Тумгоев Тимурехьа юкъаралло йолийначу кампанехь жигаралла гайтина а ву Сайнароев.

2018-чу шеран Гезгамашин-баттахь Тумгоевна экстрадици йинчул тIаьхьа лецира Сайнароев деши духкучу туьканара хадархо вийна аьлла, гIаттийначу гIуллакхна тIехула. ТIаьхьо дIахийцира иза. Цуьнан адвокаташа чIагIдора, бух боцуш, цхьана Iалашонца долийнера и гIуллах, бохуш. Лочкъийла лоьхучарна кхерамзалле меттиг бац Украина аьлла, дIахьедира 2019-чу шарахь Харьковн бакъоларъяран тобанан проектийн куьйгалхочо Захаров Бориса. Къилбаседа Кавказера схьабевллачу бахархошна дуьхьал Украинан къайлахчу сервисаша бух боцу бехкзуламан гIуллакхаш доху аьлла, хьесапаш дойла ю бакъоларъярхойн.

КIиранде, Зазадокху-беттан 28-гIа

Къилбаседа Кавказехь 19 пациент велла уьнах

КIирандийнахь динчу зерашца, тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 19 пациент, вирус къаьстина кхин а тIе 399 стагца.
Оперативан штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь кхелхина COVID-19 вирусах 11 дархо, Ставрополан махкахь - виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, Дагестанехь - цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь уьнах кхелхина 8 495 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу цомгаш нах Краснодаран кIоштахь - 113 стаг.
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь вирус токхуш ву 242 428 вахархо. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву COVID-19 ун долуш 4 519 832 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG