ТIекхочийла долу линкаш

Германехь мухIажарийн юкъарIойлехь овхIанхочо Дагестанера бер дер бахьана долуш меттигерчу мигранташна Iуналла даран сервисашна а, полицина а гонахь йоккха IалагIож яьлла.

Цкъа хьалха 5 шо долу кIант закъалте а лаьцна, цул тIаьхьа полисхой схьакхаьчча иза вийна волу овхIанхо пхи шо сов хан набахтехь яьккхина, юкъараллина кхераме стаг хилар гучдаьлла.

Дийнахь а, буса а муьлхачу хенахь полисхойн тидамехь хила везаш стаг хилла иза, цу Iалашонца цуьнан когах йихкина тIера схьа ца яккхалун электронан буржал а хилла.

Амма цунна тIехь Iедало тидам бар ледар хилар гучуьдаьлла хIинца, и бохам цо бинчул тIаьхьа - ша нана лаза а еш, бер дуьйчу хенахь а хилла цуьнан когахь доллуш и буржал.

"Ша кхайкхина кхуза схьавалийна йолчу шен шичина бале ваьлла хилла иза"

Баварерчу цу мухIажарийн лагерехь кегийчу берашний, зударшний юккъехь и гарехь социала кхераме волу стаг витар а доккха гIалат ду, немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векало шинарийдийнахь Баварерчу телевизионехь динчу дIахьедарца.

Хиллачу зуламана гонахь бакъйолу скандал хIинца бен яржа йолалуш а яц аьлла тешна ву Баварехь Iаш волу журналист Золовкин Сергей, цу бохамах лаьцна шен журналистан таллам беш волу.

Золовкин: „Суна хетарехь, йоккха скандал ю IаьIаш, мухIажарийн цхьаццайолчу категорешна тIехь тоъалла терго ца хиларца йоьзна. И 41 шо долу овхIанхо кхеле озийна хилла, 5 шой, 10 буттий Мюнхенерчу набахтехь даьккхина хилла. Ша кхайкхина кхуза схьавалийна йолчу шен шичина бале ваьлла хилла иза. Иза йолчохь Iан а Iаш, бусалба зуда муха хила еза бохург Iамош хилла иза цунна.

Эххар а цуьнан петарх цIе тесна цо, иза бусалба зуда стаг ца лела аьлла. Ткъа тамашийнарг – оцу суьпа бусалба стаг ву ша бохуш хиллачо набахтера ша араваьлча, шена депортаци ца яйтархьама, ша хIинца кериста дин тIеэцна, ша аш ОвхIане дIахьажвахь, ша цигахь вуьйр ву аьлла дIахьедар динера.

Цу кепара цунна „Duldung“ олуш йолу статус еллера, цунна тIехь терго латторхьама буржал а дихкинера когах. Амма терго, хIинца шаьш немцойн хьукматхоша даре дарца, идеале ца хилла“.

Германехь хилларг декъа цIена Iедалхойн, мухIажаршна Iуналла дечу хьукматийн а ледарлонна хилла хIума ду бохуш дийцира Маршо Радионе Австрехь цхьана мухIажаршна гIодаран цхьаьнакхетараллехь болх беш йолчу социалан белхахочо Чокаева Тамарас.

"Цхьа а хьожуш ца хилла, царна хIун оьшу, мила кхераме ву я вац“

Чокаева: „Диакони а, Каритас а, кхинйерш а цхьаьнакхетараллаш мухIажарийн юкъараIойлашна терго латторхой санна меттигерчу урхаллаша лелйо, тхоьга оцу мухIажарийн хьашташ кхочуш муха до бохург лардайта. Евроберто тIедожийна ду цу меттигерчу урхаллашна, тхуна мах а луш, тхоьга и контрол яйтар.

Нагахь санна тхаьш терго ечу пансионе хIинца и овхIанхо санна нахана кхераме стаг кхачахь, оха уггаре а хьалха оццу меттигерчу урхалле орца даккха деза.

И стаг кхечанхьа ваккхийта а веза. Нагахь санна оха и хаам биншехь цара и стаг дехьа ца ваккхахь, тIаьхьалонашна жоп церан дала деза. Иштта Германехь а хила дезаш дара. Йоллучу Европана а тIеэцна низам ду иза.

Ткъа, схьагарехь, Германехь иза лардеш ца хилла. Гарехь, цхьа а воьдуш ца хилла и мухIажарш болчу кхерча. Цхьаммо а контрол еш ца хилла. Цхьа а хьожуш ца хилла, царна хIун оьшу, мила кхераме ву я вац“.

Журналиста Золовкин Сергейс а тIечIагIдо, хилларг меттигерчу Iедалийн а, полицин а ледарлонна хилла ду бохуш.

Золовкин :„Иза боккха эшам бу, доккха гIалат ду. Онда ситуаци ю иза.Иза, суна хетарехь, кхин а къестор ю Германерчу хьукматхойн лакхарчу тIегIанна тIехь“.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG