Абхазерчу курорташка садаIа баха дагахь интернетехула йораха тураш эцна хилла Оьрсийчуьрчу бIеннаш бахархоша. Амма гучудаьлларг ду уьш юхкурш курхалчаш хилар.
Цу нахана дагаена схема дукха атта ю. Интернетехь "Абахазехь садаIар" аьлла йоза информаци лохучу порталана чу яздича уггаре хьалха гучуйовлуш хилла аферистийн сайташ. Лаккхара дикаллица йина йолу уьш кечйина хилла дуккха хаза даьхна сурташца, садаIаран меттигийн дикаллаш а юьйцуш.
СадаIа баха дагахь болчу цу наха тураш хоржуш онлайн кепехь ахча дIалуш хилла царах. Амма мах дIабеллачул тIаьхьа цаьрца зIене волуш цхьа а ца хилла. ТIехула тIе санаторешкахь а ца хилла садаIа богIучу нахах лаьцна хууш хIумма а. Иштта шаьш Iехийна хиларх лаьцна полице латкъамаш бинчу нехан терахь иттанашкахь ду.
Цу кепара инциденташ дуьххьара хуьлуш яц Оьрсийчохь. Юкъа-кара зуламхой ахча даккха гIерта, Абхазе баха лууш болу нах Оьрсийчохь дуккха а буй хууш.
"Абахазин турузман кхеташонан" куьйгалхочунна Калягина Аннина хетарехь, зуламхойн Iехо аьтто болу нах цхьайолу санатореш а, хьешан хIусамаш а тахана а дIадаханчу бIешарахь санна болх беш хиларна. Кхузаманахьлера интернетан технологех пайда оьцучу садоIучу меттигаша бIаьрг тухуш хуьлу, шайн цIарх пайда а оьцуш, цхьанге а бозбунчалла ца леладайта, боху цо.
"Псоу" хьешан хIусаман харц сайт уггаре а лакхахь лаьтташ ю, интернетехь Абхазехь садоIу меттиг лохуш. Цундела садаIа баха дагахь болчу нахана уггаре а хьалха карош ерг ю иза. Калягинас дийцарехь, цу пансионатан администрацино масийттоза латкъам бина хилла интернетерчу лехаман порталашка иза харц сайт хиларх лаьцна. Амма цунах гIуллакх ца хилла.
Цхьайолу туризман харц фирманаш схьайиллина ю Оьрсийчохь, ахчанан чоьташ а цу пачхьалкхарчу банкашкахь а йоьлуш. Цу кепара, цара нах Iехош даьккхина ахча а ца даьлла Оьрсийуьра ара.
ХIоьттина хьал массо а агIор дийцаре динчул тIаьхьа Абхазерчу туризман индустрин белхахоша сацам бина Iехийначу нахана гIо дан. Цкъачунна и болх хIинцца бен болийна бац. Цундела кхеташ дац и гIо муха хир ду, ерриг харж шайна тIелоцуш я дакъалоцуш.
Цкъачунна Абхазерчу "Апсуа-тур" фирмо дIахьедар дина, эшам хилла Оьрсийчуьра цхьа доьзал Мангал-баттахь меттигерчу хьешан хIусамехь тIеэца кийча ду шаьш аьлла.