Навальный Алексейгахьа Москвахь хIоттийначу митингехь ОМОН-н ницкъахойх леттачу нохчочун Джумаев Сайд-Мухьаммадан хьокъехь дина хилла таIзар хийцанза дитина Москва гIалин кхело.
Цунах лаьцна хаамбина "Новости" агенталло, кхелан пресс-гIуллакххошна тIетевжина.
Стохка Марсхьокху-баттахь Iедалан векалшна дуьхьал кхаа эпизодехь ницкъ баккхарна бехкевинчу Джумаевна Москварчу Тверскойн кхело набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийра.
- 2021-чу шеран Дечкен-баттахь Навальный Алексейгахь Москвахь хIоттийна митинг йирзинчул тIаьхьа видео гучуелира, Джумаевх тера жимстаг ОМОН-на белхахойх тийсалуш. Цуьнга бехк кховдийра бакъоларъяран органийн белхахошна дуьхьал ницкъбаккхарна. Дечкен-беттан 28-чохь Псковн кIоштахь лецира иза, хетарехь, Евросоюзца долу доза хадон гIертачу заманчохь.
- Митинг дIаяьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дош делира Оьрсийчоьнан Iедалхошца Джумаевн "хаттар листа", нагахь санна, иза оьрсийн оппозицигахьа вацахь.
- Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Дечкен-баттахь элира, Кадыровс "дерриг дира цуьнан кхоллам аттачу боккхуш", амма Джумаевс "кхин некъ хаьржина". Даудовна хетарехь, тIехь да воцуш кхиина Джумаев, вон Iамийна арено – аьлча а, Оьрсийчохь.