ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Солтаханов Бай-Iелин криминалан къуьнан статус хилар бакъ ца до адвокато


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу 37 шо долчу Солтаханов Бай-Iелин адвокато дIахьедина Новоссибирскерчу кхелехь, ша Iалашвийриг цкъа а хилла вац низамехь криминалан даржехь аьлла. Оьрсийчоьнан зуламан кодексан "Криминалан иерархехь лаккхара дарж тIеэцар" артиклца Солтахановна кхачайо 8 шарера 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан а, 5 миллион сом гIуда а.

Адвокатана Кальван Василийна хетарехь, зуламан гIуллакхехь тоьшаллаш дац, Солтахановс зуламхойн иерархехь лаккхара дарж дIалаьцна хиларх. Официалехь зуда а, доьзал а болуш ву Салтаханов, ткъа криминалехь хIоьттинчу ламастца, бIостане ду иза. Криминалан къуьно болх беш товш дац, ткъа Салтаханов фирме балха а хIоьттина, алапа оьцуш ву яздо sib.fm ресурсо.

Бай-Iелин хIусамнанас а бакъ ца до, криминалан авторитетан статусехь иза хилар, делахь а, бакъдо цо, криминалан гонашкахь биллгал цуьнга ларам хилла хилар.

Нохчийчуьра Солтаханов Бай-Iела лецира кху шеран Дечкен-баттахь Новосибирскехь. Талламна къаьстинера, стохка Дечкен-баттахь дуьйна криминалехь лахара статус йолу нах шен куьйгакIел берзо гIерташ, царна тIе цхьацца омранаш дохкуш, зуламе ламасташ даржош, криминалан девнаш дерзош, Новосибирскан кIоштахь тIеIаткъам беш лелар" иза.

2006-чу шарахь цхьамогIа талораш дарна таIзар дина ву Солтаханов иштта: шен накъосташца цхьана нах бехачу хIусамашна тIелетарш деш хилла цо, мел лаххара а 18 стаг хилла цуьнан тобанехь, шайлахь милицехь а, антитерроран центрехь а белхаш бина нах а болуш, яздора "Известия" газето.

Цуьнан адвокаташа чIагIдора, милицехь "стажер" вара иза, лакхарчу даржашкахь болчу нехан тIедахкарш кхочушдеш хиллера цо, ша зуламхойн тобанехь вуйла а ца хууш, ткъа тIелетарш дар - спецоперацеш ю моьттура бохуш.

Солтаханов Бай-Iела лаьцначул тIаьхьа, иза вола а ца луш висина, катоьхна цуьнан хоттаргашна ян езаш операци ю аьлла, яздора. Иза дарбан цIийне охьавилла дуьхьал бара хIетте а колонин белхахой. "ЧIагIйинчу режиман зоне" дехьаваьккхинера иза мелхо а.

Лаьцначун зудчо Солтаханова Миланас арз яздинера шен майрачунна меттигерчу полицин талламан декъан куьйгалхочо кхерамаш туьйсу, аьлла. Цо дийцарехь, набахтехь йоккхур йолу хан лахйойла лаахь, цуьнан майра бехк тIеэца декхаревора полисхочо. Иза ца дахь, берриг а доьзал чубуллур бу, бохуш, хьийзаво шен цIийнда, бохура зудчо. Солтаханова Милана тешна ю, шен цIийнда бехке вацарх. Цо бахарехь, лацале иза балха хIоьттина хилла официалехь, дагахь хилла шен бизнес схьаелла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG