ТIекхочийла долу линкаш

Кху тIаьхьарчу шина кIиранах Дагестанерчу Казбекан кIоштахь хиллачо шена тIе тидам бахийтинера хаамийн гIирсийн а, юкъараллан а. Мацца хилла а хир долуш хIума дара иза, боху наха. Аьккхийн, суьлийн кегирхой вовшахлеттачул тIаьхьа, церан агIо полицино лацаро гIовттийра цигахь беха нохчий. Кегирхошна юкъахь хуьлучу могIарерчу девнах шуьйра дуьхьалонан акци хилира.

1944 шарара дуьйна шайн латта тIехь дай хила ца буьтучу аьккхаша юха а айдира шайн бала. Юха а дийхира шайн латта юхадерзор. Массийта дийнахь лаьттира хьал цIий Iана мегаш.

ПIерасана сарахь цига вахара Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад. Цо дагестанхойн Iедалхой човхийна бохуш дийца долийра, амма иза бакъ ца до оцу акцин декъашхочо Асхабов Султанбека.

Асхабов: «Лорд» веъча, со цу чохь хилла вац. Амма цу чохь хиллачара диийцина соьга. Цо хаьттина Дагестанерчу Кхерамазаллан кхеташонан куьйгалхочуьнга а, Казбекан кIоштан куьйгалхочуьнга а, полицин куьйгалхочуьнга а, хIара латта нохчийн дуй хаий шуна, аьлла. Хаьа аьлла жоп делла цара. Цо уьш чехийний, кхерамаш дисний бохуш эладиттанаш ду дуьйцуш. Низамо ма бохху къамел дина-кх цаьрга Мохьмада. ХIара иштта дIадодахь мегар доцийла а, низамаш лара дезаш дуйла а хаийтина-кх цо».

Тахана хьал дижина лоруш ду. Амма аьккхашна товчу агIор дирзина дац иза. Шаьш цкъа а тIеоьцур дац нохчийн латтанаш суьлийн ду бохург аьлла, кхин дIа а дийцира меттигерчу юкъаралхочо Асхабов Султанбека.

Асхабов: «Тахана а дижина лара мегар дац хIара. Цхьана а къомах вониг ала мегар дац. Тхан коьрта къовсам бу Казбекан кIоштарачу суьйлийшца. Царна ца лаьа цIенош а, латтанаш а дIахеца. Тхо а ду боху цара шу санна дохийна кхуза схьадахкийна. ТIаккха оха олу цаьрга шу хьарамца дехаш ма ду нехан латтан тIехь».

Казбекан кIоштара хьал гIарадоккхуш, аьккхашна накъосталла динарш бу Нохчийчуьра юкъаралхой а. Бакъонашларъярхочо Мальсагова Асета а, кхечара а бехк ца буьллу могIарерчу нахана. Iедало динчу зуламан тIаьхье ю хIинца Дагестанера чолхе дирзина и гIуллакх. Иза чIогIа кхераме а ду, цундела Аухан кIошт меттахIотто езаш ю аьлла хета цунна.

Мальсагова: «Iедалх девлла гIалаташ нахана бIе а, эзарнаш а шерашкахь дахло. Нохчийн хIусамаш чу суьйлий а ховшийна бала кхоьллина советан Iедало. ХIинца Iедало и бала дIа ца баккхахь, цунах чолхалла хир ю даима. Аьккхаша хIумма а ца боху. Шайн латта схьадерзаде боху-кх цара».

1944 шарахь акьккхи беха Аухан кIошт къам дохийначул тIаьхьа шина декъе: Казбекан а, Новолакан а кIошташка екънера. Цхьана декъехь суьйлий, вукха декъехь гIазгIумкий ховшийнера Советан Iедало. 1957 шарахь нохчийн цIабаьхкича церан хIусамаш а, латтанаш а нахехь дисира. 1990-чу шерашкахь пачхьалкхехь тIеэцна низам тахана а кхочуш деш дац Дагестанехь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG