ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь оьрсийн книгийн базара Макрон ца вар новкъадеъна оьрсашна


Франци - Президентана Макрон Эммануэлна Парижехь дIахьочу книгийн базарахь книга елира Оьрсийчохь лаьцначу Украинерчу кинорежиссеро Сенцов Олега язйина йолу.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:46 0:00
Линкана тIе

Оьрсийчуьра яздархойн книгаш йовзуьйтуш а, юхкуш а денош ду Парижехь хIокху беттан 16-чохь дуьйна 4 дийнахь. 38 яздархо веъна Оьрсийчуьра шайн книгаш йовзийта Парижерчу книгийн базара.

Еккъа цхьа шайн кхоллараллех, книгех дийцина Iен а, цхьана Парижехь дийцина Iен а дагахь бац оьрсийн яздархой:

Иван Тургенев вина 200 шо кхачар а, Максим Горький вина 150 шо кхачар а ду цара шайн Францерчу цхьанакхетаршкахь дийца лерина.

Иштта цара вуьйцур ву Сталинан режимах лаьцна яздина волу, Европехь диссидент хилла волу гIарваьлла яздархо Александр Солженицын а.

Европан телевизионехь Британино Скрипалан гIуллакх бахьана долуш Оьрсийчоь йийца яьккхинчу муьрехь нисделла Франце оьрсийн яздархой бахкар а, цара европахошна Оьрсийчоьнан бевзаш болу классикаш, культура йийцар а.

ХIинцале а, масех гIалахь францхошца цхьанакхетарш дIадаьхьна оьрсийн яздархоша, Парижехь санна, Бордохь а, Турехь а.

Церан Iалашо ю кхин а дуккха а гIаланашкахь иштта цхьанакхетарш дIадахьа. Уьш кхача лууш йолчу гIаланех ю Страсбург а, Нанси а, Марсель а, иштта Парижан гIаръяьлла йолу университет Сорбон а.

Тайп-тайпанчу къамнийн культураш а, литература а йовзаран Iалашонца сих-сиха вовшехбеттабалар, кофе малар санна, карадирзинчу Парижана иштта хIума дуьххьара а, я цеце а дац, оьрсийн хьостанаша цунах лаьцна доккхачу дозаллица а, пафосан басаршца къагийна дийцахь а.

Парижехь оцу цхьанакхетарехь вистхиллачу Францера Оьрсийчоьнан векало Мешков Алексейс элира:

"Оха чIогIа дозалла до Оьрсийчоь тахана кхузахь сий долу хьаша хиларх. Иза иштта хила догIуш а дара. Суна ца го кхин оьрсийн а францхойн а санна цхьанайогIуш культураш.

Тхо кхета тахана чолхе хьал хIоьттина хан хиларх. Цундела оха массарга а кхойкху тхайн исторех йолу литература йовзуьйтуче. Вайн (оьрсийн а, францхойн а) доттагIалла лан ца луш долу мехкаш даима а хилла ду..."

Кхеташ ду, "таханлера чолхе хьал" бохуш, Оьрсийчоьнан векало дуьйцуш дерг Британино шайга Скрипалан гIуллакхах бехк кховдор дуйла.

Амма Францера оьрсийн векало массарга кхайкхинехь а, оьрсийн книгаш юхкуче Францин президент Эммануэль Макрон ца вахара.

Иза резабоцуш билгалдаьккхира оьрсийн журналисташа. Британин Iедалша "Скрипалан гIуллакхах лаьцна биттина тIуьйлиг" бахьна долуш ца веъна Макрон оьрсийн книгийн базара, бохуш дийцира цара.

XS
SM
MD
LG