ТIекхочийла долу линкаш

Австрин президенто шайгахьа дош алар тайна цу махкарчу бусалба зударшна


Австрия -- Президент президенто Ван Дер Беллен Александр.

Карарчу хенахь Австрехь адамаш уггаре а карзахдохуш йолу тема хилла дIахIоьттина зударийн духарех, къаьстина цара коьртахь лелочу йовлакхах ерг.

Тамашийна а дац цундела масех де хьалха Австрин президенто Ван Дер Беллен Александро масех де хьалха йовлакхаш лелор бахьана долуш гIелонаш ловчу бусалба зударшкахь гIо доккхуш вистхилар цу кепарчу аьтто-радикале хьежамаш болчу наха харцахь а даьккхина, цунах хIинца а йижина йоцу IалагIож яр.

Ван Дер Белленс шайн дин бахьана долуш харцо а, гIело а лан дезачу зударшца солидаре хилар деза вай аьллера. Иштта дара цуьнан дешнаш.

Ван Дер Беллен: „ХIара иштта дIадодахь - оцу шена гонахь каеттачу исламофобица дерг - цхьа де кхача мега, вай массо а зударшка а йовлакх тиллахьара аьлла дехар деш, шайн дин бахьана долуш иза лелочу зударшца солидаралла гайтархьамма“.

Ткъа меттигерчу бусалба динца а, мигранташца а цабезам болчу ницкъаша цо австрихойн зударшна йовлакхаш лелор тIедожон гIерташ хIума аьлла бохуш чIагIдо, хIора дийнахь аьлча санна шайна уллорчу хаамийн гIирсашка кортах йовлакх тиллинчу Австрин президентан дехкина сурташ зорбане дахарца иза аьшнаш а веш.

Бакъдолчехь, тIаьхьарчу цхьана шина шарчохь вуьшта хазанехасанна толеранте а, тайп-тайпана дин а, мотт а, култура а йолчу нахаца вуно тIекаре болчу австрихойн юкъараллехь бусалба дин лелочаьрца цабезам алсамболуш хиларна терго ян йиш ю.

Венехь еха Саралиева Залина а ю дуккха а шерашкахь бусалба духар лелочарех. Цо дийцарехь, арахь агресси гайта хIуьттуш берш дукха ца гина цунна, наггахь гома хьажар я цхьа кIоршаме вистхилар тидаме ца эцча.

Амма шайн сибаташ а ца гойтуш, интернетехула бусалбанаш емал беш а, дIакъовлабеллачу зударшна сий мел доцург дуьйцурш а вуно дукха бу. Цо а гойту юкъараллин цхьаболчу гонийн кхетамехь хуьлуш болу хийцамаш.

Саралиева Залина: „Ван Дер Белленс аьлларг хIун дара аьлча, кху Европехь цхьа Iадат ду, мацах жуьгтишна гIело ечу хенахь дуьйна схьа а, охьатаIийначу нахех гIо доккхуш. Иза дара цо аьлларг – гIело ечу бусалба зударшка гIо доккхуш вайн зударша а тахка дезар ду аьллера цо, цхьаболчара иза чIогIа харцахь даьккхина хьийзош-м ву иза».

Цу юкъана Австрерчу цхьамогIа бевзаш болчу исбаьхьалхоша а, интеллектуалхоша а гIодаьккхина президентехь Ван Дер Беллен Александрехь а, зударийн шайна луург духар лелон бакъонехь а.

Иштта масала цу махкахь уггаре а лоручех публицист а, зорбанча а йолчу Куденхове-Калерги Барбарас шен меттигерчу Стандард газетехь араяьллачу артиклехь ша а цхьана хенахь мигрантийн бер хилла хилар дага а лоцуш яздо, тIебаьхкинчаьрга Австрин низамаш лардайтар нийса ду, цаьрга пачхьалкхе а, демократи а, зударийн, божарийн цхьатерра бакъонаш хиларна сийдартар а нийса ду бохуш.

„Амма цаьрга йовлакхаш ма леладе бахар, я маьждигаш ма де бахар, я юкъараллин дакъа ма хила бахар нийса дац. ТIебаьхкинчаьрца хIинца йолчул а алсамо дуьхьал гIулч йоккхуш хила деза вай“, - яздина Куденхове-Калергис.

XS
SM
MD
LG