ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижан прокурор: Азимовца уьйраш хилла ши зуда лаьцна Францин полицино


Франци. Нохчийчуьра схьаваьллачу стага Парижехь теракт йинчу меттигехь. 12.05.2018
Франци. Нохчийчуьра схьаваьллачу стага Парижехь теракт йинчу меттигехь. 12.05.2018

ДIадаханчу шоьтан дийнахь Парижехь хиллачух дийцинчу Reuters корреспонденто Берец Сергейс элира цу дийнахь полицино герз тоьхна вийна цхьа стаг а вуьйш, виъ лаза а веш тIелатар дина зуламхо. И терахьаш далийнарг вара Парижан прокурор Моленс Франсуа. Цо, тешашна тIе а тевжаш, билгалдаккхарехь тIаьхьо мила ву хиинчу Азимов Хьамзата мохь бетташ хилла "АллахIу Акбар!" бохуш. Цундела и гIуллакх толлуш бу терроризмца доьзна гIуллакхаш къастош болу суьдхой.

Дукха хан ялале Парижера тIелатар шена тIелецира "Исламан пачхьалкх" тобано. Азимовс зулам деш гинчу тешо Шарлуа Милана дийцира лазийначу зудчунна гIо дан гIерташ бара уллехь нисбелла нах бохуш.

"Цхьаъ цуьнан пулс юстуш вара, кхин цхьаъ вара, луларчу хьешан хIусамера киса а деана, чов дIайоьхкуш. Цу зудчо цхьаъ элира, амма со ца кхийтира цо аьллачух. ТIаккха суна герз тухуш хезира 100-150 метр уллехь. Цу агIор полисхо тIевеара тхуна. "Лазийна стаг вуй? Мичахь бу уьш?", - хаьттира цо. Ас гайтира лазийна зуда. Герз тоьхнарг мила вара шега хаьттича, полисхоша вийна тIелетар динарг" элира цо", - дийцира Шарлуас.

ХIинца хууш ду зуламхо мила хилла. Азимов Хьамзат вина Устрада-ГIалахь (Аргун). 4 шо долуш дIавигина дас-нанас шайца Франце.

Хууш ду АзимовгIар тIемалойн тобанна юкъахь хилла ца хилар а, политикийн декъабахана лелла боцийла.

2002-чу шарахь, Франце кхаьчча, доьзал дIатарбелла Ниццехь. Ши шо даьлча политикан мухIажирийн статус елла АзимовгIарна. Цу гIуллакхо магийна царна балха баха а, шайна хIусам нисъян а.

2010-чу шарахь юьзина бакъо йолу Францин бахархой бина царех. 2014-чу шарахь баха дехьабевлла Страсбурге.

Кхин а ши шо даьлча Парижерчу 18-чу кIошта баха дехьабевлла хилла АзимовгIар.

Нохчийчохь Iедало талламаш дIабаьхна Устрада-ГIаларчу АзимовгIеран гергарчаралахь, лебина уьш полице а бигина.

Францин президенто Макрон Эммануэла дIахьедар дина, шайн пачхьалкх кIелтIаьIар яц маршонан мостагIаш луург кхочуш деш аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Коллон Жерара лаккхара мах хадийрна полицино бинчу балхана.

Кху тIаьхьарчу 3 шарахь "Исламан пачхьалкх" тобанан цIарах масийтта терорран тIелатар дина Францехь. Цу тIелатаршкахь вийна 230 сов стаг. И бахьана долуш тахана а кхерамазалла ларъяр лаккхарчу тIегIантIехь латтош ю цу махкара ницкъаллин структураш.

Парижан прокуроро Моленс Франсуас шен зорбанан конференцехь тIечIагIдина Парижехь тIелатар динчул тIахьа шолгIачу дийнахь Страсбургехь лаьцна волчу Азимовн накъостан Анаев Iабдул-Хьакиман а Оьрсийчоьнан а, Францин а махкалла хилар.

1997-чу шарахь вина волу и жима стаг болх беш хилла Францин чоьхьрчу гIуллакхан министраллан куьйгакъеллахь йолчу пачхьалкхан эмиграцин а, интеграцин а хаттаршкахула йолчу урхаллан Страсбургерчу декъехь.

Анаевн хIусамехь талам бича карийна 7 мобилан телефон, амма цо хIора денна лелош йолу смартфон царна юкъахь ца хилла. Анаевс шен иза яйна боху. Моленса дийцарехь, иштта хIинца а карийна яц Азимвон телефон а.

Прокуроро дийцарехь, Францин полицино Парижана гергахь лаьцна Азимовца а, Анаевца а йоьзна йолу ши зуда. Церах цхьаъ ю Хамза Инесса. 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь иза Анаевга маре яхана хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG