ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ас мохь хьекхара, чIогIа лазавора со"


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчуьрча Republic зорбанан гIирсо бинчу талламца, Нохчийчохь наркотикаш лелочу нахана дуьхьал кампани дIахьош, полисхоша харц бехктакхаман гIуллакх кхуллуш а хилла, наркотикаш лелийна хиларна бехк тIелаца бохуш лецначу нахана тIехь къизаллаш лелош а хилла.

Иштта 2017-чу шеран цхьана Марсхьокху-баттахь полисхоша Нохчийчохь лаьцнера 70 гергга стаг, яздо Republic-о. Царна юкъахь вара Эвтрара Межидов Мохьмад-Iела. Ша прокуратуре хьажийначу латкъамехь цо дуьйцу, шена Шелан кIоштарчу полисхоша, ток етташ, ницкъ барх лаьцна.

Межидовс дийцарехь, зулам дар тIелаца бохуш, цунна йиттина эчигпластик биргIа. "Сатоха ницкъ боцуш мохь хьекхара ас, чIогIа лазавора со. Ткъа полисхоша олура, мукъарло даллалц ницкх бийр бу шаьш олий", - яздина цо ша прокуратуре хьажийначу кехатехь.

Межидовца цхьаьна полисхоша лаьцна хилла цуьнан воккхах волу ваша – Мохьмад-Сиддикъ. Цунна, гIоьмаш а тоьхна, дегIах скотч а хьарчийна, ницкъ бина Iедалхоша, цу стага наркотикаш лелорна бехк тIелаццалц.

Эххаре а суьдхочо Межидов Мохьмад-Iела бехке вина 16 грамм къомалх йина наркотик йохкарна. Ткъа цуьнан вешина бехке диллина шеца 128 грамм наркотик лелор.

Таллам дIахьош ши ваша кхерош хилла полисхоша, шаьш "теракт" ярна а, тIемалойн тобанан декъашхо хилла аьлла а бехке вийр ву бохуш.

Адвокаташа дийцарехь, вежаршна МежидовгIаьрна дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх цхьа а бух боцуш, харцонца вовшахтоьхна ду, ткъа и шиъ лацар хьокъехь долу кехаташ ду къизаллаш лелийначул тIаьхьа кечдина.

Наркотикаш лелорца доьзна Нохчийчохь суьдхоша бинчу 67 сацамна анализ йина Republic-о. Даима а къомал карош хилла полисхошна, кехаташ хатта стаг сацийча. Цуьнца цхьана хIоразза а лецна нах къера хуьлуш хилла, шаьш зулам дина хиларна. Ткъа церан гIуллакхаш луьстуш хилла суьдаша ша-тайпачу кепехь.

Нохчийчуьрчу ницкъаллийн структурашна герга волчу Republic-ан къамелхочо билгалдаккхарехь, дукхачу хьолехь адамашка зулам дарна мукърло дойтуш хилла видео камерана хьалха, ткъа иза дан реза ца хилларг къиза хьийсош хилла.

Republic-о яздарехь, стохка ГIура-бутт чекхболуш Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллехь гучудаьлла 507-зза бехктакхаман низам дохийна хилар. Республикехь наркотикашна дуьхьал операцеш дIахьош тешаш хиллачу наха дийцарехь, полисхоша ярташкахула рейдаш дIахьош хилла, иттаннаш адамаш дIа а лоцуш.

Цу нахе мукIарло дойтуш хилла талламхоша магийна йоцу препораташ лелийна хиларх лаьцна, ткъа иштта нуьцкъала дуьйцуьйтуш хилла наркотикаш латтош болчу нахах лаьцна.

ГIерз а карахь, Iедалшна дуьхьал лаьттачу нахаца, Iедалша террорхой олу царах, дIахьош болу къийсам дIабаьккхина, Нохчийчуьрчу куьйгалло уггаре боккха шен тIе тидам тIебахийтинарг ю республикехь шуьйра яьржина йолу наркомани. Цундела делахь а, коьртачу декъана наркотикаш кисанахь карайо полисхошна, Iедалшна цхьа стаг набахте хьажо оьшуш хилча а.

Иштта кхушара Дечкен-баттахь Нохчийчохь лецна дуьненна а евзаш йолчу "Мемориал" бакъонашларъярхойн центран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб. Иза бехке вина наркотикаш латторна. Цу кеппара бехк а биллина масийтта шо колонехь даккхийтира Нохчийчуьрчу суьдхоша, Iедалца дага а ца волуш, нохчийн къоманна департаци йина 70 шо кхачарна хьажийна Соьлж-ГIалахь конференци дIаяьхьна волу Кутаев Руслане.

Карарчу хенахь, наркотикаш лелийна аьлла, Нохчийчуьрчу набахтехь хан токхуш ву "Кавказский узелан" корреспондент Гериев Жалавди.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG