ТIекхочийла долу линкаш

Цул сов, премьер-министро Медведевс тIедиллина Росгвардина Нохчийчуьрчу «Грознефтегаз» компанин объекташ ларъяр.

Оьрсийчоьнан Iедалан юридикан информацин интернет-портало зорбане даьккхина премьер-министран Медведев Дмитрийн буьйр. Иза ду Росгвардино ларъян езачу объектех лаьцна.

Цу документаца а догIуш, Оьрсийчоьнан гвардин эскархоша Iуналла дан дезачу объекташна юкъахь ю Оьрсийчоьнан Лаккхарчу а, Москох гIалин а, ГIирман Лаккхарчу а, Севастополан гIалин а суьдийн гIишлош.

Цул сов, Росгвардина тIехь ду Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратура а, Талламан комитет а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а дIатарйина гIишлош ларъяр а, ткъа иштта ГIирмера а, Севастополера а, Нохчийчуьра а харжамийн комиссеш шен Iуналле эцар а.

Цул сов, Медведевс тIедиллина Росгвардина Нохчийчуьрчу «Грознефтегаз» компанин объекташна Iуналла дар.

Оьрсийчохь Росгварди кхолларх лаьцна указ арахийцира президенто Путин Владимира 2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь. Цу ницкъаллин структуран коьрта декхар ду пачхьалкхан къепе а, бахархойн а, мехкан а кхерамазалла ларъяр. Цул сов Росгвардина тIедиллина ду шен авиацица хилла бохамаш таллар а, гвардин декъашхой пачхьалкхан цIарах ларбар а, шен могIаршкахь коррупцица къийсам дIабахьар а.

Росгвардино бинчу хаамца, 2016-чу шарахь цуьнан эскархоша вийна 125 тIемало, йохийна 300 тIемалоша шайна лачкъа кечйина а, герз латтон а меттиг.

Кху шеран Зазадоккху-баттахь Росгвардин 6 эскархо вийра, кхин кхоъ чевнаш хилла вара Нохчийчохь Невран-кIоштахь тIемалоша тIелатар дар бахьана долуш.

Ткъа Охан-баттахь Росгвардин эскархоша бронетехникица гоне лаьцна латтийра «Платон» системина дуьхьал акци дIахьош болу Дагестанера яккхийн машенашлелорхой.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG