ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов верна бехкебиначех цхьаьннан адвокат ведда Оьрсийчуьра


Иштта иза юкъараваьлла Немцовн гIуллакхах а.

Дагадоуьйту, иза адвокат вара политик вийначу тобанна юкъахь хилла аьлла хан тоьхначу Бахаев Хьамзатан.

Маршо Радиога социалан машанехула зIене велира адвокат. Ша муьлхачу пачхьалкхехь ву гIара а ца доккхуш, цо дийцира дозанал араваларан бахьанаш.

Садаханов: «Иза нисделла, сайн синна кхерам а хетта, Оьрсийчуьра цкъачунна дIаваха сан дезарца. Хьалхара кхел йоьдуш а йолуш, сайна кхерамаш тийсина дела, тIелатарш дина дела, Iедална тIевахча а пайда хуьлуш боцу дела, и кхерамаш совцур боцуш, цу юкъара со дIавахча гIоле хир ду аьлла дина ас».

Немцов Борис вер луьстучу хенахь, оцу процессан коьртачех лоручу цхьана декъашхочуннна шегара адвокатан гIо оьшучу хенахь, шена тIеIаткъамбан болийра муьлш бу ца хуучу ницкъаша, боху Садахановс. Ша арз дича, Iедале гIо дехча, иза хир доцийла хиича, ханна дIаваха дезна шен боху цо.

Садаханов: «Билггал мила ву иза лелош верг хууш хилча, Iедале дIахаийтина хIума дийр дара. Москох юккъехь хилла хIума ду иза, видеокамераш йолчу меттехь. Кхин дIа царна тIеэхар а, цаьрга бахар а эрна дуй хиира суна».

5 бутт хьалха яккхий хенаш а тухуш, йирзина Немцов Борис вер толлу кхел. Шен Iуналлехь волу Бахаев Хьамзатан бехк цахилар шортта тоьшаллаш доллушехь, цунна а хан тухуш чекхъяьккхира иза, дуьйцу адвоката Садаханов Заурбека.

Садаханов: «Бахаев Хьамзат ву ас бакъонаш ларйинарг. Кхечарах хIума ала бакъо яц сан. Амма харцонаш дукха хилла оцу кхелехь. Хьамзат зуламан декъахь цахиларан шортта тоьшаллаш доллушехь, 6 беран да волчу оцу стагана 11 шо хан тоьхна».

Садахановн шеко яц Немцов вер листина кхел нийсонца йирзина цахиларх. Ахча делла вийна боху иза, амма стенгара даьлла ахча, хьаьнга делла я хьан делла къастийна дац. И кхел а дуьненна шаьш и зулам гучудаьккхина аьлла гайтархьама йолийна яра аьлла хета шена боху цо.

Садаханов: «Iедало боху I5 миллион а делла, вейтина ву Немцов. И 15 миллион делларг мила ву а, я иза хьан делла а, я иза делла а, ца делла а къастийна дац. Суна хетарехь, и нах чу а боьхкина, дуьненна хьалха политик Немцов веран зулам листина оха, аьлла, дIакхайкхорхьама йолийна моттаргIа ю аьлла хета суна. Билггал иза вейтинчарна а, вен аьллачарна а и кхел тIе ца кхиъна аьлла хета суна».

Оршоьтадийнахь 59 шо кхочур дара Немцов Борисан. Тахана а, вийна воллушехь, оцу политикан цIе язъяр дихкина ду Iедало. Ур-атталла иза вийначу тIай тIехь зезагийн курс а ца юьллуьйту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG