ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазара нохчий реза бац ницкъаллин структурийн белхахоша Дуисехь а, Омалохь а лелийначунна.

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:51 0:00
Линкана тIе

Кхо стаг лаьцна, цхьаъ чевнаш йина дарбанан цIийнехь ву. И жамI ду ПIаьнгаз-чIожехь гуьржийн полицин леррина ницкъаша шинарин Iуьйранна дIаяьхьначу операцин. Церан бехк бо полицино, дукха хан йоцуш Тбилисехь шена гуо бича, иккхинчу Чатаев Ахьмадца зIе хилла бохуш.

Лазийначунна коьртах кхетта герз. Цуьнан могашаллин хьал чIогIа чолхе ду. Иза ца виса а мега боху лоьраша.

ПIаьнгаз-чIожехь дIаяьхьначу оцу операцех дийцира меттигерчу журналиста Бордзгор Сулхана: "Цара бохуш дерг, Чатаевна гIо дина бохург ду. Леррина цунна гIо дина бохуш".

ХIинца ПIаьнгаз-чIожехь хьал тийна ду. Амма и тийналла тешаме яц аьлла хета Бордзгор Сулханна. Цо дийцарехь, хIинцале кистойн цхьацца кегий наха кхайкхамаш беш бу, дуьхьалдовла деза шайна тIехь йинчу харцонна бохуш: "И лерина операци йоьдучу хенахь чу-аравала аьтто болуш ца хилла боху цара. Амма нах цара дуьйцучух тешаш бац.

Шаьш кхеро гIерташ санна хета царна. Уьш бехке хила а мега боху наха, амма вижина Iуьллучу хенахь, коьртах герз тохар, шу шаьш долчу Iад ца Iахь, оха дойъур ду шу бохуш санна тIеэцна наха. ЧIогIа оьгIазбахана бу кегий нах. Дуьхьалдовла деза цунна, бохуш. ЧIогIа вон хьал хIоьттина цигахь".

Гуьржийн цхьацца хаамийн сайташа дIахьедарш дина, бух а ца буьйцуш, Чатаевн а, цунна тIаьхьахIиттинчу кхечу нехан а Iалашонехь хилла Гуьржийчохь а, Туркойн махкахь а кхечу пачхьалкхийн векалаташ лелхийта. Оцу кIура юккъе юха а ПIаьнгаз-чIож озон гIертачух тера ду, Оьрсийчоьно цигахь террорхой Iамош базаш ю бохуш дийцарна.

Шена чIогIа тера хета и гIуллакх цуьнах, аьлла кхин дIа а дийцира журналиста Бордзгора: "Юха а и хIума айдан гIерташ бу. Цкъа а Гуьржийчохь терроризм лаьттина яц, уьш кхера а ца кхоьру бохуш дижина гIуллакх дара. Юха а и гIуллакх долийна цара, Гуьржийчохь терракташ ян бохкура уьш аьлла".

Хиллачун хьокъехь гуьржийн Iедалша шаьш кхин а хаамаш бийр бу аьлла. Иштта, цуьнах шайна хетарг ала кечлуш ю Гуьржийчуьра ПIаьнгаз-чIожехь бехачу нохчийн юкъаралла.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG