ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь уггаре кIезиг зуламхой болу меттиг ю Нохчийчоь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро дIахьедар дина, кху тIаьхьарчу 5 шарахь махкахь зуламаш дар лахделла аьлла.

Цу хьукматан зорбанан сервсисо бинчу хаамца, 2012-чу шарахь 100 эзар вахархочунна юкъахь цхьацца зуламаш динарг 1609 стаг хиллехь, 2017-чу шарахь и терахь хилла 1402.

Оьрсийчохь 2017-чу шарахь уггаре дукха зуламаш дина Тыван бахархоша. Цигахь Iедалша жоьпе озийна хIора 100 эзар стагах - 3662. ШолгIачу меттехь бу Забайкалан мохк. Цигахь 100 эзар вахархочух зуламаш динчу нехан терахь ду 2501 стаг. КхоалгIачу меттехь ю Буряти – 2399.

Оьрсийчохь уггаре гIоле криминалан хьал долу регион ю Нохчийн Республика. Цигахь хIора 100 эзар стагах низам дохийначу нехан терахь ду 279. Жимма алсамо ду иза ГIалгIайчохь – 334. Криминал хьал гIоле хиларца кхоалгIачу меттехь ю Дагестан. Цигахь хIора 100 эзар стагах низам дохийна 480 вахархочо.

Цу кеппара лахара криминалан терахь хилла цу кхаа республикехь 5 шо хьалха а, хаам бо RT телеканало.

Цул сов, кхиазхоша зуламаш дар а лахделла Оьрсийчохь кху тIаьхьарчу 5 шарахь. 2012-чу шарахь зуламаш динчу кхиазхойн терахь дара 64200 стаг. Стохка и терахь хилла 45200.

Уггаре кIезиг кхиазхоша низам дохор нисделла ГIалгIайчохь - 14. Нохчийчохь и терахь ду -18. Ткъа Чукоткехь низам дохорна стохка жоьпе озийна ву 19 стаг.

Юга.ру сайто бинчу хаамца, 2017-чу шарахь Мангалан-баттахь уггаре кхерамазалла йолчу гIаланашна юкъахь хьалхара меттиг дIалецира Соьлж-ГIалано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG