ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамехь воьжначу нохчийн эскархочун каш карийна ХIирийчохь


Лакхара сержант хилла иза. Иза доккха дарж хилла цу хенахь.

ХIирийн махкахь немцошца хиллачу тIамехь кхелхина нохчийн эсскархо дIавоьллина меттиг карийна меттигерачу лехархошна. Иза ву 1916 шарахь вина Бектимиров Межит Ахметханович. Лакхара сержант. И хаам Маршо Радиога бира Мазлак-гIаларчу лехархочо Даулетов Махьмадис. Цуьнан дакъа муьлхачу хьелашкахь карийна дийцира цо телефонехула.

Даулетов: «Повлодольское олучу станицехь карийна иза, латта охкуш. Цигахь а Советан эскархо карийра цхьаъ. Оха таллам бира иза мичара хилла къастош. Къаьстира иза 9-чу гвардийн бригадера хиллийла. Оха тIаккха кехаташ теллича, цу юккъахь цхьа нохчо а волуш хилира. Иза ву Бектимиров Межит Ахметханович.

Цуьнца кхиъ 20 стаг ву цу чохь. Оха кхин дIа а теллира мича даьхьна церан декъий аьлла. Къаьстира уьш Сухотское олучу эвлахь дIабоьхкина хилар. Цигарчу хIолламан тIехь цуьнан цIе а ю. Иза ваьхна Соьлж-ГIалахь я Толяранская 69 я Толиранская урамехь. Иза 1916 шарера ву. Эскаре тIекхайкхина Соьлж-ГIалара 9-чу гвардийн бригаде. Иза эскаран декъан баьчча хилла - лакхара сержант. Иштта хаам бу-кх».

75 шо хьалха хиллачу тIеман ларш толлучу ХIирийн махкара лехархошна сих-сиха карайо, лар йоцуш байна салтий дIабоьхкина меттигаш. Цара массерга а хаам бо цунах лаьцна. Мазлакан кIоштахь нохчо дIавоьллина меттиг карийначул тIаьхьа кхин цхьа хаам кхаьчна цаьрга Ростов кIоштара шайн белхан накъосташкара. Цигахь а карийна кхин цхьа нохчо.

Даулетов: «Ростов кIоштара тхоьга кхин цхьа хаам бина. Цигахь а нохчийн эскархочун дакъа карийна аьлла. Арбиев Ахьмад Арбиевич ву иза. Иза а 1916 шарера ву. Эскаре тIекхайкхина Куршлойн кIоштарчу тIеман коммисариатера. Велла Волгоградера Зеленоградский кIоштара Экспериментальный эвлахь.

Оха хаамаш вовшен дIасало. Иштта кхаьчна тхоьга оцу Арбиевх болу хаам. Ас массийта баттахь Соьлж-ГIала хаамаш бина цунах. Кхин гIуллакх ца хилла сан.

Мазлакан кIоштахь карийна нохчийн эскархо кхечу салташца дIавоьллина ву. Иза ахка дагахь дара шаьш боху лехархочо Даулетов Махьмадис. Амма шайна ца хаьа боху цо Нохчийчохь иза дагавогIуш а, я бисина а гергара нах буйла.

Даулетов: «Кхузахь кхин а шортта нах бу цхьана дIабоьхкина. Тхо ахка а дагахь дара Павлодольское олучу эвлара и меттиг. Амма цхьаберш маьI-маьIIерчу меттигашка дIабоьхкина бу. Цхьаберш Раздольное олучу меттехь бу. Кхиберш Сухотское олучу эвлахь бу, эскар юхадолучу хенахь хилла ду иза. Уьш билггал нохчий бу.

Со со а цецвелира муха кхаьчна-те нохчо 9-чу гвардийн бригаде аьлла. Цул сов, лакхара сержант а хилла иза. Иза доккха дарж хилла цу хенахь. Тхуна дика хетар дара цьунан гергара нахах цхьаъ кхуза веача. Оцу метте а дахана, цигахь зезагаш дехкина а хIума дича, дика хир дара.

Нохчийчоьнан эскаран комиссариате телефонца зIене а ваьлла хаьттира ас, шуьга кхаьчний Мазлакера и хаам аьлла. Цигахь даре ца дира иза. Иза шайна билггал бакъ хилар хаахь, цунна догIучу барамехь иза ваз а веш, сий а деш, цуьнан даIаьхкаш цIахь дIа а юхкуш гIуллакх ду элира цигарчу векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG