ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темерхановн тIаьххьарчу денойх лаьцна дийцина Омскерчу колонин лоьраша


Темерахнов Юсуп дIавуллуш. Архивера сурт.
Темерахнов Юсуп дIавуллуш. Архивера сурт.

Нохчийчохь вуно ирча зуламдина Буданов вийна аьлла чувоьллинчу Темерханов Юсупа дукхах йолу хан текхна медицинан изоляторехь а, набахтин дарбанан хIусамехь а. Цо тIелоцуш ца хилла ша бехке хилар.

Темерхановс олуш хилла иза "шен зулам" дац олий. Цунах лаьцна дийцина нохчочо хан токхучу колонин а, дарбанан хIусаман а белхахоша, яздо Кавказский узело, Ngs55.ru керланийн порталана тIе а тевжаш. Цу акртиклан цIе ю "Достоевский и Къуран а дешара: Темерханов Юсупан Омскерчу набахтехь хилла дахар а, валар а"

"Иза чIагIдинчу хьелашкахь тоькхуш вара шена тоьхна хан, раж йохорна дукха таIазар кхайкхийна хиларна. И бахьана долуш кхечу чубоьхкинчу тутмакхашна юкъа кхочуш вацара иза. Масийттоза гергарнаш баьхкира иза волчу, сих-сиха вагIара деваша", - даладо Ngs55.ru сайта тIехь арахецначу артиклехь психологин лабараторин хьаькамо, чоьхьарчу гIуллакхан эскаран майоро Ахметов Вячеслава дуьйцург.

Ахметовс дийцарехь, Темерханов вуно эсал вара, девне ца вийлара колонехь болх бечу нахаца а, кхечу чубоьхкинчарца а, делахь а тутмакхан кехаташна тIехь яздина ду цо 66-зз раж йохийна хиларх лаьцна.

"Цо йохайора къепе, амма цо дийриг дIоггара вон хIума дацара, зуламе дацара. Цунна коьртачу декъана таIзар дора бехк баккхарца, - дийцина майоро.

Темерханов яккхийн проблемаш ловш хилла могушаллица йоьзна. "Даима а аьлча санна лоьрашкара накъосталла хилара цунна, ткъа могушалла гуттар галъялча иза ОБ-11 (чубоьхкинчу нахана дарба лело кIоштан хIусам) дIакхачавора", - боху Ахметовс.

Дин лелош хиллехь а, ламаз дан деза бохуш, раж йохош хIуманаш лела ца дора Темерхановс, бохуш дийцина Омскан кIоштан дарбанан хIусаман хьаькаман когаметто Шестопалов Андрейс.

"Иза вуно дог айъаделла вара, зуда яло дагахь вара. Боккха доьзал кхолла сатесна вара иза, 6 доьзалхо а волуш", - дийцина Шестопаловс.

Цо чIагIдарехь, ша бехке хилар тIе ца дитара Темерхановс, иза шен зулам дац бохуш.

Темерхановна дарба лелийначу дарбанан хIусаман декъан куьйгалхочо Емец Дмитрийс дийцина журналисташка, лоьраша аьлларг дерриг а кхочуш дан гIерташ вара иза аьлла. "То вала лууш вара иза, дикачу агIор динамика а яра цуьнан. Хилларг дара массерна дагахь доцург", - элира лоьро.

Ngs55.ru порталана интервью еллачу лоьраша бинчу хаамца, Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахьТемерханов книжка йоьшуш Iуьллуш хилла лазартнехь. ЦIеххьана во хилла цунна. Лор хьаьжна. Анализаш ялийтина. Цул тIаьхьа лоьраша, консилиуме а гулбелла, Кабанов цIарахчу Омск гIаларчу дарбанан хIусаме хьажийна тутмакх.

"Юсуп даиман а кхетамчохь хилла, то валаре сатесна хилла. Лоьраша а, набахтин белхахоша а дийцарехь, вала дагахь ца хилла Темерханов", - билгалдоккху артиклехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG