ТаIзар бухара ца йолуьйту Мусаева Зарема, полисхочо вийна шен белхан накъост. КIиранан жамIаш

Нохчийчуьра полици, архивера сурт

Нохчийн совдегар Джабраилов Iумар кхелхина, Мусаева Заремин хьокъехь керла сацам кхайкхийна, ша лаца гIоьртина шен белхан накъост вийна Нохчийчохь полисхочо.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio

Your browser doesn’t support HTML5

Алаудинов Аптина эххар а схьакарийна «Дажал»

Шен белхан накъостана герз тоьхна полисхочо

Устрада-гIалахь полисхо валарх лаьцна дIахьедина ночхийн оппозицин NIYSO боламо. Жигархошка кхаьчначу хаамца, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан кхечу белхахочо герз тоьхна цунна. ХIара дуьйцург кхин цхьанхьа а тIечIагIдина дац, меттигерчу Iедалхоша кхунах лаьцна аьлла дош а дац.

NIYSO боламан векалша чIагIдарца, зазадокху-беттан 3-чу дийнахь хилла ду и зулам. Гуьмсера 23 шо долу шайн белхан накъост Байсултанов Исмаил лаца гIоьртинера кхо полисхо, иза наркотикаш лелош ву аьлла, шеконаш а хилла. Парковкехь цуьнан машен чу лилхинера уьш, цуьнгара телефон схьа а йоьхуш.

"Уьш муьлш бу а, йа цара хIун леладо а ца хуучу Байсултановс, оцу хьелашкахь муьлххачу стага а дендерг динера. Шен деган хьехамца, ша Iалашван гIерташ, жимма наркотикех кхетта а волчу цо табелан герз а даьккхина, шена улло хиъначунна хьажийна тоьхна. Байсултанов Исмаил карарчу хенахь ша стенгахь ву цкъачунна хууш дац",- дIахьедина жигархоша.

Нохчийн NIYSO оппозицин боламо дIахьедира хьалхо кадыровхоша Iалхан-Йуьртара Арбашев Iусман лачкъийна вигарх, бохура бертаза Украинерчу тIамтIе вахийта дагахь лаьцна хиллера иза.

КХИН А ХЬАЖА: Нах лечкъор, шантаж йар, ахчанаш дахар: нохчий бертаза тIамтIе муха хьийсабо

Жигархоша кест-кеста хаамаш баржабо нах лечкъорах лаьцна, амма меттигерчу Iедалхоша царех лаьцна дош ца олу. Масала, 2025-чу шарахь бIе меттигера вахархо лаьцна хиллера, д1ахьедира жинархоша. Ткъа и терахь а дозанал арахьа бехачу нохчийн жигархошна билгалдаьлларг ду. Церан информацица, бара царлахь зударий, бераш, цхьацца лазаршца болу кхинболу бахархой а цхьана. Мел кIезиг а, полисхоша тIехь ницкъ бина масех стаг кхелхина, дукхахберш Украинерчу тIамехь хаабелира, йаздира боламо.

Бизнесхо Джабраилов Iумар кхелхина

Зазадокху-беттан 2-чохь хаам кхечира нохчийн совдегар, цхьана хенахь сенатор лаьттина, Оьрсийчоьнан политикан системехь а, советан Iедал долчу заманчуьра дахаран а уггар а бIаьрла хиллачу векалех волу Джабраилов Iумар валарх лаьцна.

Йуьхьанца дийца даьккхира, Джабраилов ша шена герз тоьхна велла бохуш, амма бакъду, цу версих ца тешаш берш а кIезиг бац. Масала, Джабраиловн йоIа дIахьедира, шен да вийна хила тарлуш ду, Эпштейнан гIуллакхца доьзна аьлла. Американ Цхьанатоьхначу Штатийн юстицин министралло зорбанашкахь даржийначу кехаташ тIехь хьахийна ду Джабраилов Эпштейнца цхьанакхетарх лаьцна, финансистан гIоьнчаца бизнесхочо дина йозанаш а нахаладаьхнера.

КХИН А ХЬАЖА: Куьйгашна чевнаш йина нохчийн совдегар Джабраилов дIакхачийна дарбанан цIийне

Джабраилов Iумар валарх лаьцна дуккха а кеп-кепара дог-ойла йолуш нах хиллехь а, дуккхаъчара дагалоьцу иза дикачу агIор, Оьрсийчохь хиллачу маршонан боцачу муьран билагло йара иза аьлла.

Джабраилов Ӏумара тӀаьххьара видео зорбане йаьккхира шен телеграм-каналехь, заздоккху-беттан 1-чу буса, цо комментари йира Американ Цхьанатоьхначу Штаташа ГӀажарийчоьнна тохарш дарх лаьцна. 67 шо дара бизнесхочун.

Маршо Радионо Джабраилов Iумаран дахарх а, цуьнан бизнесах а, политикехь цо дакъалацарх а лаьцна йазйина материал йеша аьтто бу шун тхан сайт тIехь.

Мусаевана дина таIзар

Нохчийчоьнан кхело Мусаева Заремина дуьхьал айдина хилла шолгӀа бехктакхаман гӀуллакх йуха а листинчул тIаьхьа, 3 шой, 10 буттий набахтехь йаккха хан тоьхна цунна. Хьалхо кхайкхийна хиллачу ханна тIера цхьа бутт охьабаьккхина кхелахоша. Цу хьокъехь сацам бина "Ӏазапна дуьхьал йолчу тобано". Мусаеван адвокаташ апелляци чу йала дагахь бу. Адвокато Савин Александра дийцира кхелан процессах лаьцна ишта:

- Кхелана ши де гергга хан ийшира цу бехктакхаман гIуллакхехула оццул дукха долу тоьшаллаш талла а, аса Iалашйечуьнга а, волайнхо ву аьлла билгалваьккхинчуьнга а, иттех теше а хеттарш дина, вовшашлахь дага а бийлина, Мусаева Заремина кхо шой итт буттий колонихь йаккха хан тоха. Оцу йукъанна Мусаевас бахарехь, цо бохучунна тIетов тхо, адвокаташ а, кхело шога талхийнера Мусаева Зарема Iалашйан цуьнан йолу бакъо, бехк буьллучу агIонна кхелахой а тIетайнийла гуш дара. Сан клиентана дуьхьало йира шен тоьшаллаш дан а, къамел дерзош аргументаш кечъян а аьтто ца белира. Цхьа сахьт бен ца делира агӀонна, тоьшаллашца шен позици йуьззина дӀайовзийта. Ткъа ахсахьт тоьира кхелахошна, Зарема бехке йу аьлла тIечIагIдан а, цунна йехха хан тоха а.

56 шо долу Мусаева Зарема нохчийн оппозицин вежарийн ЯнгулбаевгӀеран нана йу. Лаха Новгородехь шен доьзалца йехаш хилла иза 2022-чу шарахь кадыровхоша лачкъийна, Нохчийчу дIайигира. ХӀетахь дуьйна Нохчийчохь набахтехь латтош йу иза, могашаллица долу хьал ледара доллушехь.

Мусаева набахтехь латточу йукъанна цуьнан могушалла кхин тIе а телхина, цунах лаьцна дукхазза дIахьедора бакъонашларйархоша. "Мемориало" политикан тутмакх йу аьлла, къобалйина Мусаева.

Дуьххьара хан туьйхира цунна 2023-чу шарахь, цуьнан адвокаташа дIахьедора, бехкаш бух боцуш ду бохуш. Цунна тоьхна хан чекхйолуш, Мусаевана дуьхьал кхин цхьа гӀуллакх схьадиллира: ша дарбан цӀийне йуьгуш воьдучу федералан таIзар кхочушдаран хьукматан белхахочунна тоьхна цо аьлла.

Шена тӀаьххьара йистхила дош деллачу заманчохь Мусаева Заремас, шена дохку бехкаш тӀе ца лецира. Хьалха хиллачу массо а кхелашкахь а санна, ша цхьана а кепара зулам дина дац, мелхо а бала хьоьгург ша йу аьлла, билгалдаьккхира цо.

Украинехь тIемалошца ифтарехь хилла Зеленский

Киевера Исламан культурин цIийнехь ифтарехь хилира Украинан президент Зеленский Владимир. Марха даста гулбеллачу Украинехьа тIемаш бечу нохчийн дакъошкахь жигара хьийзачу тIемалошца цхьанакхетта иза. Зеленский йукъахь волуш динчу ифтарах лаьцна дуьйцу цуьнан сайта тIехь а, иштта Украинера бусалбанийн Ассоциацин аккаунтехь а.

Оцу барамехь Украинан президенто пачхьалкхан совгIаташ дIасадийкъира бусалба къаьмнех болчу тIемалошна, вистхилира царна хьалха, массо а къаьмнийн векалш цхьа барт а болуш, дуьхьал латтарна Украино доьналла гойту аьлла. Ишта марха достучу веанера гIирмахой-гIезалойн халкъан хьалханча Джемилев Мустафа а.

КХИН А ХЬАЖА: "Тхуна и тӀом Нохчийчуьра схьа дуьйна бу". Шейх Мансуран батальонан тӀемалоша дуьйцу Украинехьа къийсам латторах лаьцна

Президентана Зеленский Владимирна баркалла олуш, дуьненчохь дуьххьара Украинехь Имам Шемалан цIарах сквер схьайелларна совгIатна "Имам Шемал" цIе йолу книга йелира "Дагестанан къаьмнийн йоллу Украинан конгресс" организацин перзиденто Ахмедов Ахьмада.

Карарчу хенахь Украинехьа тIемаш беш Ичкерин агIончех-нохчех лаьтта масех батальон йу. Йу уьш - Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада вовшахтоьхна леррина Iалашонаш кхочушйен батальон (ОБОН), Шайх Мансуран цIарах батальон, Дудаев Джохаран цIарах батальон; "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а тоба а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.

Алаудинов гIажарошкахьа ву, Кадыров вист ца хуьлу

Оцу заманчохь Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан инарлана, "Ахмат" спецназан буьйранчана Алаудинов Аптина эххар а схьакарийна, Украинана дуьхьал тIом бе бохуш, ша кху деа шарахь кхайкхамаш бина шен "дажал". Цо дийцарехь, Трамп Доналд ву иза. Ишта мах хадийна Алаудиновс, Израило а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташа а чиллан-беттан 23-чохь дуьйна ГIажарийчоьнна дечу тохарийн. И тохарш бахьана долуш вийна пачхьалкхан лаккхара хьалханча ХIаменеи Iела.

"Ахматан" командиро дIахьедина, шен карахь хилча, ГIажарийчоьне дIалур дара ша "массо а тайпа герз", нагахь санна, шена пурба лахь, аятоллан рожехьа тIом бан цига дIагIур волуш вара ша аьлла.

КХИН А ХЬАЖА: Ша Iеламча хеташ волу "эскархойн буьйранча". МозгIарш дуьхьал бу Алаудиновна

"99,9 процент тешам боллуш тахана вайн олийла ду, дезачу жайнаш тIехь вуьйцуш волу Дажал- Трамп ву. Дажалан эскаран хила мел беза тIеман гIирсаш, церан эскаршкахь болуш бу. Цу эскарийн хьалханчан, Дажалан, хила дезаш долу дерриге а эскарш, цу Трампан куьйгакIел долуш ду. Цундела гучудолу, сийлахь нах хила хьийза турпалхой Эпштейнан файлаш йуккъера нах бу", - аьлла Алаудиновс.

Украинана буьззинчу барамехь тӀелатар дан долийчахьана Алаудиновс дӀакхайкхош бу коьртачу декъана шен динан хьехамаш – тайп-тайпанчу динехь болу массо а Оьрсийчуьра нах Малхбузенна дуьхьал тӀом бан цхьаьнакхета беза бохуш. Стохка и чӀагӀдар бакъдира "Ахмат" спецназан идеологи йуьйцуш йазйинчу тептарехь, оцу тIехула нохчийн инарлана а, Оьрсийчоьнан православин килсанна а йукъахь дов иккхира.

Оцу йукъанна ГӀажарийчоьнах лаьцна дуьйцуш, билгалдаккха догӀу, Израилан а, Американ а тохаршца доьзна шен позици дӀахаийтинчех Кадыровн Iедалерчу нахах Алаудинов цхьаъ бен вац.

Ша Нохчийчоьнан куьйгалхочо цхьа а комментари ца йира х1аваэхула динчу тохарех лаьцна, амма цо нахана хьалха декъалвира ГIезалойчоьнан куьйгалхо Минниханов Рустам а, Оьрсийчоьнан премьер-министр Мишустин Михаил а винчу денца. Иштта даздира ша мехкан куьйгалхочун даржехь волу 19 шо кхачар а.

YouTube

Spotify

Overcast

Amazon

Audio