Ши де ду а Шуьйта кIоштахь бердах вахана вайна, дуьненна а вевза спортхо Вараев Iадлан карош воцу.
Нохчийчохь гергарчу хенахь, схьайоьллур йолуш ю акха жIалеш а, цицигаш а, кхидолу дийнаташ а чохь латто хIусам.
Кавказан къаьмнийн истори толлу мохк хилла дIахоьттина дуккха хан ю Гуьржийчоь.
Нохчийчура шолагIа тIом дIабирзина аьлла Кремло дIахьедина дуккха а шераш девллехь а, герзаца лела нах алсам цабевллехь кхин лахцабелла республикехь. Дийнахь а, буса а лелаш бу уьш, хаьнтIа тапчанаш а, коча масатоьпаш а оьхкина адамаш кхерош. Юькъа-кара цу нахера довла цу герзаца доьзна зуламаш. Цунах лаьцна ю хIара Султанов Ахьмада кечйина материал.
Аренца лелачу нохчаш юьтучу лорах лаьцна спектакл хазахетарца тIеэцна нохчийн хьовсархоша.
Нохчаша даиман а деза лаьрра ду берийн дуьне а, доьзалийн паргIато а. Хууш дара де йоккхур йолу цIе бераша дIахьура хилар. Иштта, берийн гIалат а, дена-нанна бехке дуьллу юкъараллехь уьш кхоччуш кхетош-кхиийна дац олий.
Хазахетар хуьлу даймахкал арахьа бехачу нохчашкара диканиг даьлла хезча.Оьрсийчуьрчу Орел-ГIаларчу дешархошлахь дIахьочу похIмаллин къийсадаларшкахь тоьлла дешархо къастийна нохчо Абдулкаримов Адам.
ПIаьнказа-ЧIожера иллиалархочуьнан Борчашвили Султанан дагчохь Даймахке безам даиман а латтабо нохчийн ширчу мукъамаша.
Гуьржийчоь хьахийча уггаре а хьалха дага догIург ду цигахь бахархойн дахар цамоьттучу кепара хийцаделла хилар. Махкахь демократи хилар гойту хиламаш хуьлу цигахь кест-кеста. Иштта кху деношкахь Тбилисерчу пачхьалкхан университетан студенташа дуьхьалонан акцеш а йина, ректор вуохийна оцу даржера.
ДIадаханчу мукъа деношкахь Москох йистехь транспортан кхозлагIачу гонна арахьа «Сафиса» олучу ресторанехь дIабаьхьира Гуцериев Михаилан кIантана зуда ялорца боьзна синкъерам.
Гуьржийн режиссеро Урушадзе Зазас яьккхина «Мандаринаш» кинофильм Италехь кинотеатршкахь гайта йолийна. Кинематографин уггаре а лаккхара меттигаш яьхначу оцу фильмехь гойту мостагIий хиллачарах доттагIий муха хуьлу.
19-чу бIешерашкахь ваьхначу нохчийн орамаш болчу суртдиллархочун Захаров Петран дахарх, кхоллараллах хаарш кIеззиг ду вайнехан историкийн, Iилманчийн.
“Iазапна дуьхьалояран комитетан” куьйгалхочунна Каляпин Игорна кхаарий суьйранна тIелатар дина Соьлж-ГIалахь туьтмIаьжгаш йоьхкинчу зуламхоша. Лазийна, йина чевнаш яцахь а, дуккхаъчу наха цалайна иза сийсазвар.
Къилбаседа Кавказерачу мехкашкара кегий нах динан радикалан тобанех ца беттабалийта дан дезачух лаьцна рапорт зорбане даьккхина кхаарийндийнахь «Дуьненаюккъерачу кризисан тобано».
ДIадаханчу кIиранах ГIалгIайчохь журналисташна динчу тIелатарна а, Чумаков Хьамзатна дуьхьал динчу эккхийтарна а бехке Кадыров Рамзанан агIончаш бу аьлла хета цхьаболучарна, вукхара ФСБ бехкейо, кхечарна ГIалгIайчоьнан Iедал ду аьлла хета бехке.
Къилбаседа Кавказехь болх бечу «Къизаллашна дуьхьал комитетан» белхахошна а, цаьрца хиллачу журналисташна а тIелетта зуламхой. Масийтта стаг лазийна ву. Кремлехь иза дитина хулиганалдла санна. Амма и зулам талла бохуш Москох пикеташ дIахьош бу журналисташ а, юкъараллин жигархой а.
ГIалгIайчоьнан урам бу Тбилисехь
Оьрсийчоьнан Талламан комитето дIакъевлина, Нохчийчохь тIемаш лаьттачу шерашкахь, Ханты-Манси автономан махкара баьхкинчу лаккхарчу эпсарша маьрша бахархой доьза байъарна айдина хилла бехктакхаман дов.
«Мцыры» уггаре а нохчашна евзаш а, езаш йолу поэма ю Лермонтов Михаилан кхоллараллехь аьлча харц хир дац. Цундела Гуьржийчохь нисвелча, муьлхха а вайн къомах волу стаг соцу цу поэмин турпалхо ваьхначу Кура а, Арагва а ши хи вовшахкхетачу меттехь йолчу килсехь. Кху деношкахь цигахь хилира Султанов Ахьмад. Цо кечйина хIара материал.
9 шо хьалха бехк-гуьнахь доцуш ГIалгIайн махкахь жима стаг вер цаталларна Оьрсийчоь бехке а йина рогIера гIуда тоьхна Европерачу кхело.
Хьажа кхин дIа а