ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровс мэр хΙоттийна Кадыров



Соьлжа-ГΙалин депутатийн кхеташоно тΙечΙагΙвина мехкан коьрта шахьаран мэран даржехь Кадыров Ислам. Хьалхо мехкан администрацин куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу даржера вохийра шен герггара накъост хилла Хучиев Муслим, цо лаьттан дакъош а духкуш, са эцар бехке а диллина. Кадыров Ислам Хучиевн гΙоьнча вара, тΙаьххьара цуьнгахь хилла дарж ду бахамаллин а, лаьттанийн а министр.

ЦхьамогΙа хаамийн гΙирсаша чΙагΙдарехь, Кадыров Рамзанан гергара стаг ву керла хΙоттийна мэр.
XS
SM
MD
LG